Лахьанан беттан (ноябрь) 24-чуй, гIуран беттан (декабрь) 6-чуй деношкахь дIахьур ю Дебютан проектийн къоначу авторийн а, кхочушдархойн а «Искусствон Ассамблей» – исбаьхьаллин кхоллараллехула Россин Кубок» цIе йолу ерригроссин фестиваль. Иза дIахьур ю Россин Федерацин культурин министерствос гIо а лоцуш.
Фестивалехь дакъалоцур ду шаьш болчу авторша, Россин ерриге а субъекташкарчу исбаьхьаллин коллективаша, 20 сов пачхьалкхерчу векалша.
Цунна юкъайогIу дакъалацархошна а, хьехархошна а, дай-наношна а леринчу мастер-классех а, лекторех а лаьтташ йолу дешаран йоккха программа.
Фестиваль дIаяхьаран масех Iалашо ю: гайтаман а, сценически а исбаьхьаллин ламаст кхиор, исбаьхьаллин а, мукъа хан пайдехь дIаяхьаран а гIуллакхна леринчу проектийн къоначу авторийн аудитори шоръяр, иштта дIа кхин а.
Цуьнан конкурсан программа кхаа декъе екъна ю: «Гайтаман исбаьхьалла», «Йоза», «Сценически исбаьхьалла».
«Гайтаман исбаьхьалла» бархI декъе екъалуш ю: 1) живопись, 2) графика, 3) суьрташ, 4) скульптура, 5) авторийн тайнигаш, 6) куьйга-говзаллин исбаьхьалла, 7) кIадин исбаьхьалла, 8) терахьийн исбаьхьалла.
«Йоза» шина декъе екъалуш ю: 1) ешархойн конкурс, 2) литературин (поэзин, прозин) конкурс.
«Сценически исбаьхьалла» а ю шина декъе екъалуш: 1) хореографин (халкъан, бальни хелхар) конкурс, 2) вокалан (эстрадин, халкъан) конкурс.
Фестивалехь дакъалаца луучаьргара заявкаш схьаоьцур ю лахьанан беттан 15-гIа де тIекхаччалц. Билгалдаккха догIу, заявкаш масех кепара дIаяхьийта аьтто хилар: почтехула – 119049, Москва, ГIирмин Вал ур., 8/2 цIа, №352-5 кабинет; e-mail-ехула – info@russiancup.net; Skype-ехула – «Euroartweek» абонент.
Оьшур долу кехаташ: дакъалацархочун анкета, гайта леринчу белхийн этикетка, электронни кепе даьхна белхаш.
Дерриге а кехаташ оьрсийн маттахь кечдина хила дезаш ду.
Толамхой билгалбохур бу Россин исбаьхьаллин академин Москван академически исбаьхьаллин лицейн музейно-гайтаман комплексехь гIуран беттан 6-чу дийнахь.
Фестивалан сайт http://russiancup.net, номер 8(925)433-88-21, факс 8(495)640-77-22 ю.
№101, шот, товбецан (сентябрь) беттан 3-гIа де, 2016 шо