Соьлжа-ГIаларчу долахь йолчу юьхьанцарчу дешаран «Седа» школехь Хаарийн денна лерина даздарш вовшахтоьхнера.
Зезагашца а, лоппагашца а кечйинчу школина хьалхарчу майданахь концертни программа хIоттийнера, дакъалоцуш оцу школера дешархой а болуш. Цул сов, берийн «Даймохк» ансамбль а яра кхайкхина. Цара самукъадаьккхира берийн а, церан дай-нанойн а.
Концертни программа ерзийначул тIаьхьа, хьалхарчу уроке дахара бераш. 2–4-чуй классашкара бераш самукъадаьлла дара, уьдуш чудахара уьш шайн классашка. Ткъа, хьалхарчу классашка далийначу берашна шайн нанойн куьйгаш дIахеца ца лаьара. Царна керла дара дерриге а. ЦIийделла бIаьргаш хьекхадора кегийчу бераша. Ткъа хьехархо, уьш шех болийта гIерташ, дIасахьийзара.
– Берашна хилла ца Iаш, тхуна а ду хIара дезде, – бохура оцу школин директора С.Висаитовас. – Оха школерчу хIора а беран терго йо. Дешаран «Вентана Граф» программа ю школехь пайдаоьцуш, цуьнца берашна сиха а, нийса а ойла ян Iема. Тхайх тешийначу берийн хаарш кхачаме хилийта гIерташ къахьоьгуш ду тхо.
Школехь ингалсан мотт а Iамабо, хIинцалера технологешца кечйина кабинеташ а, ловзаран, хореографин чоьнаш а ю, иштта, физически культурина а боккха тидам тIебохуьйту школехь.
Хь.ДАУДОВА
Суьрта тIехь: Соьлжа-ГIалара юьхьанцарчу дешаран «Седа» школин дешархой
№101, шот, товбецан (сентябрь) беттан 3-гIа де, 2016 шо