Уггаре а хьалха орцахбовлу лоьраш

Цхьайолу ярташ лаьмнашца хилар бахьана долуш, бахархошна, доьзалехь цхьаъ могаш воцуш хилча, иза больнице вигарна тIехь цхьацца халонаш нисло. Иштта меттиг нисъелча, уггаре а хьалха церан цамгар мелла а аттачу  йоккхурш фельдшерш бу. Могаш воцчунна фельдшера дуьххьара динчу дарбане хьаьжжина хуьлу кхидIа долу дарба а.Уггаре а хьалха фельдшерш орцахбовлу

Дахарехь тIехIоьттинчу халачу киртигехь массарел а хьалха шена гIо дан орцахваьллачух бIаьрг бузу адаман, и адам гергара а хета. Мел хан-зама яларх а, и гича хаза а хета. Ткъа и хазахетар а хуьлу шатайпа. Ишттачарна баркалла цIеначу даггара олуш ду. Ишттачаьрца нисбан лаьа-кх лоьраш а.

Царах цхьаъ ву Соьлжа-ГIаларчу сихагIодаран станцин лор Амадов Рамзан. ЦIера Грозненски кIоштарчу Керла-Юьртара ву иза. Школехь доьшучу хенахь дуьйна а вара Рамзан медицинин говзалле шовкъ йолуш. Медицинехь  болх бан лаарал чIогIа цунна луург адамашна ша бахьанехь диканиг хилийта лаар дара. Иза иштта хила а хилира…

Медицинин дешар карадерзо Рамзанан лаам буй хиъначу нанна цунах хаза кхаъ хилира. Иза тIетайра шен кIентан лаамна. Школа чекх а яьккхина, 2006-чу шарахь иза деша вахара Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультете. Даго къобал а йина, хаьржинера кIанта и говзалла. Цигахь дешна ваьллачул тIаьхьа, 2014-чу шарахь Рамзан Соьлжа-ГIаларчу сихагIодаран станце балха вахара.

«Хьан белхан дуьххьарлера де дагадогIий хьуна?», – аьлла шега хаттар дича, цо иштта дийцира:

«Иза хала де дара… Коьрта долчунна, со гIелвинарг болх бацара, ас сагатдаро кIелвитинера со цу дийнахь. Зеделларг долчу лоьраца дIасавохуьйтура со цу дийнахь. Делахь а, цхьамма тхоьга орца а даьккхина, тхо дахана дIакхаьчча, оцу могаш воцчунна дан оьшург дан сайн хаарш цатоарна а, ницкъ цакхачарна а кхоьруш чIогIа сагатдора ас. Сан коьртехь цхьа ойла хьийзара – сайх тешийначу адамана сиха гIодар. Со кхетара, сайна тIехь дерг доккха жоьпалла хиларх. Университетехь теори Iамор ша дара, уггаре а коьртаниг практика хиллера. Юьхьанца, шеконаш йолчу хьолехь, зеделларг долчу лоьре дан дезарг хоттура ас. Сагатдаре хьаьжча, дика чекхделира ала мегар ду белхан хьалхара де».

Адамашна хуьлуш йолу цамгарш тайп-тайпана ю, цхьаерш атта ловш хуьлу, кхиерш – хала. Стаг больнице дIавигалур воцчу вуочу хьолехь хила а тарло. Къаьсттина ишттачу меттигашкахь сихагIодаран бригадин белхахоша бечу белхан мах хадийна вер а вац. Церан болх Делера ял хир йолуш а, адамашкара баркалла хир долуш бу, хьанал бу. Делахь-хIета, Рамзана хаьржинарг а бу-кх хьанал некъ. Цо дийцарехь, цуьнан балхахь уггаре а коьртаниг хIора а адамца бийца мотт карор а, иза мел резавоцуш, дера хилча  а, собаре хилар а ду. Вуьшта аьлча, дика амал хилар ду. И вай юьйцу амал Рамзанехь йолуш ю.

ЛОРСАНОВА Зарета

Суьрта тIехь: Амадов Рамзан

№101, шот, товбецан (сентябрь) беттан 3-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: