Нохчийн къоман яхь, юьхь, лазам, дозалла хилла лаьттинчу адамех цхьаъ ву пондарча Димин Iумар. 1939-чу шарахь Москвахь чекхъяьллачу халкъан мукъамийн гIирсийн говзанчийн ерригсоюзни хьалхарчу конкурсан лауреат хилла иза. Оцу конкурсехь Димин Iумара Кавказан мукъамаш дукха говза кхочушдарна Сталин Иосифа шен пхьаьрсара схьадаьккхина совгIатана сахьт деллера вайн махкахочунна. Кхин цхьа хазахетар а хилира Димин Iумаран дахарехь оцу муьрехь. 1939-чу шеран хьаьттан (август) беттан 24-чу дийнахь Iумаран хIусамнанас Асета кIант вира пондарчина. Цунна Сайд-Эми цIе тиллира Iумаран доттагIаша. Цуьнан цхьа ирс хиллера – хаддаза мукъамашна юкъахь хьалакхиар. ПохIмечу адамийн доьзалехь дуьнен чу валар а лара мегар дара цхьана агIора ирсан дакъа: Сайд-Эмин нана Асет яра Соьлжа-ГIаларчу радиокомитетехь йиш локхуш, солистка. Ткъа да – радиокомитетехь болх барал сов, говза пондарча хиларе терра, Нохч-ГIалгIайн къоман театрехь, оцу муьрехь кхоьллинчу Нохч-ГIалгIайн хелхаран а, эшарийн а ансамблехь солистан-пондарчин белхаш беш вара, керла мукъамаш дохуш вара. Дийца даьккхинчуьра аьлча, берриге а 40 сов мукъам бу Димин Iумара баьккхинарг. Уьш, вайна ма хаъара, нохчийн къоман мукъамийн хотIехь, дахаре безам чIагIбеш, Дала хьуо нохчи кхолларх дозалла дойтуш, ладогIархойн ойла тIома йоккхуш, мел боккха бала дIатеттина, самалхадоккхуш бу. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь дуьйна ерриге а Къилбаседа Кавказехь вевзаш пондарча вара Димин Iумар. Бакъду, ХХ-чу бIешеран 40-гIа шераш дерриге а советийн халкъашна санна, шийла даьхкира нохчийн къомана, цуьнца цхьаьна халкъана дукхавезачу пондарчина Димин Iумарна. Цкъа делахь, 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь ямартлонца немцойн фашисташа СССР-на тIелатар дина, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабелира. Кхиболу артисташ санна, ЦIечу Эскаран бIаьхошна луш йолчу концерташкахь дакъалаца дийзира нохчийн артистийн а. Оцу тобанна юкъара волийла дацара Димин Iумаран. Мел дукха концерташ нохчийн артисташа тIеман арахь ЦIечу Эскаран бIаьхошна хьалха хIиттийнехь а, къизаллица цIевзина еанчу 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнан шийлачу Iуьйранна, дерриге а нохчийн халкъ махках доккхуш, дай баьхна, сил дукхаеза Нохчийчоь йитина, хийрачу махка дIаваха новкъавала дийзира Димин Iумаран а шен доьзалца цхьаьна. Пхи шо кхаьчна вара Сайд-Эми оцу муьрехь. Амма хIетахь гина, лайна халонаш дика дагайогIура цунна. Наха санна, мацалла, шело, гIело, харцо лан дийзира кхеран а. Делахь а, Сайд-Эмин экамечу даг чохь дисинарш дас, церга балда лаьцна, дина къаьхьа къурдаш, ненан хаддаза елхар дара. Оцу хенахь кIантана кхета Iаламат хала дара ден-ненан даг чохь хиллачух. Делахь а, заманан йохалла и дегаIийжаме сурт дагара ца долуш, даима шеца-м кхебира цо. Кхечу адамаша юучух-молучух, тIедухучух-когадухучух кадиттинехь, шаьш новкъадохуш, Димин Iумара катоьхна схьаэцнарг пондар бара. Кест-кеста цуьнца балхабора цо ша арабаьккхинчу шийлачу некъан бала. 400 гергга халкъан мукъам дагахь хаьара цунна. Хетарехь, уьш берриге а Казахстане дIаккхаччалц болчу бехачу новкъахь пондарчас хаза а хазийтира шен декъазчу некъан накъосташна. Сайд-Эми а вара Димин Iумаран говзачу куьйгаша комаьрша Iанаоьхуьйтучу исбаьхьачу мукъамийн йийсарехь. Цунна гора, дай баьхначу лаьттана цIерпошт гена мел йолу а, дас лоькхучу пондаро къанойн бIаьргаш тIундеш, дегнашкара гIайгIа алсамйоккхуш. Амма цуьнца цхьаьна Делан диканах дог ца дуьллуьйтура, цкъа мацца Даймахка юхадоьрзург хиларх дегайовхо чIагIйора цуьнан эшарша. Дас говза лоькхучу пондаре ладоьгIуш жимачу кIантана хаалора башхачу мукъамийн тIеIаткъаман ницкъ. ТIаккха цунна лаьара и пондар лакха Iама, адамийн дог эца, къизачу харцоно шелйина махкахойн ойланаш эсалчу мукъамца хьостуш, йохъеш, тIома яха. Оцу муьрехь жима хиллехь а, Сайд-Эми тешна вара цкъа мацца, и говзалла ша караерзориг хиларх а, адамийн синош зевнечу мукъамашца йийсаре лоьцуш ша вехарг хиларх а.
Ткъех дийнахь хийрачу махка дIатийкхира цIерпошт. Эххар а, гIиргIизойн махка кхечира. Фрунзен областерчу Калининан цIарах йолчу кIоштан цхьана йисттехь Iуьллучу Карабалты юьртахь дIатарбира Димин Iумаран доьзал. Кавказехь къоман дозалла хиллачу пондарчин похIма а, цуьнан башха говзалла а цхьамма а тидаме ца ийцира юьхьанца. Сталинан хьадалчаша «Даймехкан мостагIий» цIе тилларо бакъонех цхьабосса хедийна бара берриге а нохчий. Амма дуьне цецдаккхал доьналла долчу пондарчас яхь дIа ца елира, ур-атталла шен хIусамнанна, доьзална цкъа а ша воьхна ца гайтира. Уггаре а деэшначу меттехь пондар схьаоьций, хелхаран йиш локхуш Iедал дара Димин Iумаран. Цуьнан пондаран зевнечу озо схьагулбинчу лулахойх цхьаъ хелхарна хьалаэккхара, вота тоха стаг а каравора. Хелхарна нохчий даима а тIера бара. Хийрачу махкахь а ца диталора цаьрга и гIиллакх. Шовкъечу хелхаро гIайгIа эккхайора, сингаттам дIаайбеш санна хетара, буьрсачу халонашна къар ца бала ницкъ лора. Дукха хан ялале гIиргIизошна юкъахь дIасадаьржира нохчашна юкъахь говза пондарча хиларх долу хабар. ТIаккха цара иза шайн ловзаршка, тойнашка вуьгура. Дукха хан ялале Димин Iумара гIиргIизойн, казахийн мукъамаш Iамийра. Доцца аьлча, доьзална напха латто гечо карийра цунна.
Карабалтыхь вахара Сайд-Эми хьалхарчу классе деша. Школа чекхъяьккхина валале цунна нохчийн пондар Iемира, цунах тоам ца беш, фортепьяно, Iад хьоькху пондар а Iамийра. Вайнахана цIаберза бакъо еллачу 1957-чу шарахь юккъера школа чекхъяьккхина волуш вара иза. Музыкальни училище деша ваха луучу жимачу стагана, ша винчу гIалахь и гIулч яккха аьтто хилар, сов тIех мерза кхаъ бара. Генарчу ойланашка вийлар доцуш, цо цунах пайдаийцира. 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн республикин музыкальни училище деша вахара кIант. Композиторан говзалла яра цо караерзо дагахь шена билгалъяьккхинарг. Кхуьнан хаарийн тIегIа теллинчул тIаьхьа мукъамийн профессора, СССР-н искусствийн хьакъволчу гIуллакххочо Шарогородский Леонида шен классе дIаийцира жима стаг.
Шарогородский Леонид Матвеевич дуьненна вевзаш, гIараваьлла воккха композитор вара. Дуьнен чу валар 1901-чу шарахь Киевехь хиллера цуьнан. Юккъера школа, консерватори цигахь чекхъяьккхинера. ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь Iаш а, вайнехан мукъамаш Iаламат дукхадезаш а вара. Георгий Христофорович Мепурновца цхьаьна вайнехан къоман халкъан мукъамийн гIирсийн оркестр вовшахтухуш къахьегна вара. Мукъамийн хьаьрмахь Iаламат воккха говзанча вара. Вайнах цIерабаьхча Сталинан политикина резавоцуш, ларамаза багара масех дош даьлла хиллера цуьнан. И «ледарло» бахьанехь дукха хьизийна, НКВД-н ларми чохь хан яьккхина хиллера пекъаро. Вайнахана цIаберза бакъо яларо дог ир-кара хIоттийна, ойланаш тIома евлла хьийзаш хиллера, цхьаболчарна товш бацахь а, шен самукъадаларан дегаайам. Иштта, воккхаверца дIаоьцу цо шен классе нохчийн жима стаг. Муьлххачу хьехархочунна санна, хазахета Леонид Матвеевична Сайд-Эми дешарна тIера волуш а, похIмин цинцаш жимачу стагехь хаалуш а. Училищехь Iамийна Iаш вацара хьехархо шена дукхавеза студент. Советийн заманахь Соьлжа-ГIалахь ЦIечу Фронтовикийн урамехь (хIинца Лорсановн цIарах урам) №15 йолуш цхьа хаза пхи гIат долу цIа дара, искусствехь къахьоьгу адамаш чохь Iаш. Царах бара: Хамидов Iабдулла, Эсамбаев Махьмуд, Батукаев ХIарон, иштта дуккха а кхиберш. Шарогородский Леонид а вара оцу чохь петар йолуш. Димаев Сайд-Эмина даима а йиллина хуьлура оцу петаран неIарш. Иза кест-кеста хуьлура шен хьехархо волчохь. ТIаьхьуо, ша Москварчу лаккхарчу дешаран кхерчахь доьшуш волуш а, хьажа-хIотта Соьлжа-ГIала кхаьчначу минотехь, да-нана долчу кхачале, цкъа хьалха хьехархо волчу хIусаме вогIура Сайд-Эми. 1963-чу шарахь велира Димаев Соьлжа-ГIалара мукъамийн училище чекхъяьккхина. Оцу шарахь вахара кIант Москварчу йижарийн ГнесингIеран цIарах йолчу мукъамийн институте деша. Соьлжа-ГIалара хьехархо мел дика хиллехь а, Москварчу лаккхарчу дешаран кхерчан таронашка ца кхочура кхузара хьелаш. Цунах сиха кхийтира боккхачу лаамца дешарна тIевоьлла жима стаг. Профессор Эйгес Олег Константинович вара хIинца кхеран курсан куратор. Дика хьехархо а, композитор а вара иза. Димаев Сайд-Эми цунахчул а воккхавевора Хачатурян Арам Ильич институтан тхов кIел вовза шен ирс хиларх. Оцу муьрехь дуьненна гIараваьлла вевзаш композитор вара кавказхо, мукъамийн эла ларалуш волу Хачатурян Арам. Цуьнан цхьа а лекци, мастер-класс тIех ца туьлуьйтура Сайд-Эмис. Доккха зеделларг долчу композитора музыкин къайленаш йовза хьаьгначу студентийн синкIоргене кхачош дора къамел. «Муьлхха а говзалла лаккхарчу тIегIане яккха, цкъа делахь, корматалла езаш хила веза, тIаккха де-буьйса ца лоьруш, цунна ваца кийча хила веза», – олура цо, шега ладоьгIучу студенташка. Вацар-м хьеха хIунда дора, дерриге а шен дахар дIадала кийча вара Сайд-Эми безаш хаьржинчу балхана. Къахьегаре диллича, цунна хьалха доккха масал дара шен да. Нохч-ГIалгIайн халкъан артист Димаев Iумар хаддаза къахьоьгуш вара, кхоллараллехь яьхиначу ирхенех цкъа а тоам беш вацара, даима керлачу лакхенашка гечо лоьхуш вара. 1968-чу шарахь велира Сайд-Эми мукъамийн-хьехархойн институт чекхъяьккхина. Диплом дохьуш цIавирзина къона говзанча, ша дешначу Соьлжа-ГIаларчу мукъамийн училище балха дIаоьцу. Композитор, музыковед – ши говзалла яра цуьнан диплома тIехь билгалъяьккхина. Шина шарахь болх бо Сайд-Эмис музыкальни училищехь. Цуьнца цхьаьна кхоллараллин болх а дIаболабо цо, керла мукъамаш бохуш. Дуьххьара къоначу композитора мукъам баьккхина илли «Кемсийн аре» цIе йолуш дара. Иза кест-кеста радиоэфирехь хезаш а, ладогIархоша дезаш тIеэцна а дара. Цул тIаьхьа мел дукха мукъамаш бехира цо керлачу иллешна, эшаршна. КIезиг яцара Нохч-ГIалгIайн республикин филармонерчу артистийн репертуарехь Димаев Сайд-Эмис мукъамаш баьхна романсаш а. Къилбаседа Кавказерчу симфонин оркестраша боккхачу кхиамца кхочушъеш ю цуьнан концертни мукъамийн пьесаш, фортепьянона лерина йолу прелюдеш, вариацеш. Кавказан ерриге а республикашкахь езаш тIеоьцуш ю Сайд-Эмис язйина «Къинхетаме йиша» цIе йолу музыкальни поэма.
1970-чу шарахь Димаев Сайд-Эми Нохч-ГIалгIайн республикин пачхьалкхан филармонин исбаьхьаллин куьйгалхо хIоттийра. Хала дукъ дара къоначу говзанчас шена тIелоцуш дерг. Амма шен халкъ а, мохк а безаш хьалакхиъначу композиторна мелла а хийцамаш бан лаьара къоман эстрадехь. Хийцамаш аьлча-м нийса ца хила там бу иза. Ледара хьал дара нохчийн эстрадехь. Цхьаъ, шиъ велахь, кхин артист вацара вайнахана керла йолчу оцу кепехь илли дIаолуш. Нохчех цхьа Буркаев Мовлад вара, гIалгIайх Барахоев Мустафа вара наггахь эфирехь хезаш. Иза данне а дац Нохчийчохь иллиалархой бацара бохург. Церан къелла Нохчийчохь цкъа а ца хилла. ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь вайн махкахь массарна дукхабезаш иллиалархой бара: Дагаев Валид, Шаипов СаьIид, Магомедов Султан, Ганаев Олхазар, Эльмурзаев Бека, Бушуев Мохьмад, иштта дуккха кхиберш а. Амма уьш нохчийн къоман халкъан мукъамийн гурашкахь илли олуш бара. Ткъа эстрада, хьалхара зIийдиг таса сакIамделла, цхьа эгIаза ка-мIараш етташ яра. Цундела Димаев Сайд-Эмих даьлла беркат хета Соьлжа-ГIалахь Нохчийчохь керла тобанаш юкъайовлар. Массарал хьалха кхоьллинарг вайнехан халкъан иллийн тоба яра, зевне аьзнаш долу кегийрхой схьагулбина. Иза къеггина тоьшалла ду шен къоман культура, цуьнан барта кхолларалла Димаев Сайд-Эмина дукхаезаш хиларан. Тобанан цIе а яра «Илли». Репертуараца, духарца, мукъамийн гIирсашца баккъал а нохчийн ансамбль яра иза. Цул тIаьхьа гучуелира «Самукъане сахьт» цIе йолу, Нохч-ГIалгIайн халкъан артиста Эдисултанов ШитIас вовшахтоьхна тоба. «Шовда», «Зама», «Ичкерия», иштта кхидIа а дуккха а яра вайн тобанаш. Ткъа иллиалархой,эшаршлакхархой мел дукха бевзира вайна оцу хенахь: Усманов Iимран, Дудаев Зелимха, Токаев Сулейман, Абдулкеримов Илес, Ульбиев Хизар, Даудов Рамзан, Азиева Маьлх-Аьзни, Дадашева Тамара, Ташаева Марем, иштта дуккха кхиберш а. Димаев Сайд-Эмис гIо-накъосталла деш, цуьнан беркатечу Iуналлехь кхоллараллин новкъа бевлла бу тахана къоман дозалла хилла дIахIиттина и артисташ. 1980-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан телерадиокомитетехь йолчу оркестран куьйгалле хIоттаво иза. Даима, бер санна, воккхавево Сайд-Эми Нохчийчохь гучудолучу хIора похIмечу адамах. Нохчалла яра цуьнца, массаьрца гIиллакхе, собаре, догцIена вара. Вайнехан культура кхио лааро алссам нохчийн мехкарий а, кегий нах а культурин хьаьттахь болх беш хила лааро Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училищехь беш болу хьехархочун болх цкъа а дIа ца тасийтина цуьнга. Димаев Сайд-Эмина чIогIа лиъна шегахь шортта долу хаарш тIекхуьучу чкъурана дIадала, халкъана, махкана тIекхуьу чкъор пайдехь хилийта. 1986–1991-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн республикин культурин министран заместителан болх бина цо. Амма цкъа а хьаькам вара аьлла паргIат ваьлла, кабинета чохь Iийна вац иза. Даима лехамехь хилла. РагI хIоттийна, ерриге а ярташкахула чекхвелира иза, похIме бераш лоьхуш. Школашкахь, интернаташкахь кест-кеста цхьаьнакхетарш дора композитора, хьуьнаре бераш довза лууш. Деккъа мукъамашца гергарло лоьхурш а дацара цо билгалдоху бераш. Цунна мегара сурт дилла хуург а, илли ала хуург а, хелха вала хуург а. И тайпа бераш карийча Iаламат самукъадолура цуьнан, цаьрца гергарло тосура, уьш кхиъна довллалц шен тидамехь латтадора, деша кхечу гIаланашка дIадахийта гIо-накъосталла дора.
Димаев Сайд-Эмина ша декхарийлахь хетара къоман культура кхиорна гIаролехь латта. Цо цкъа а ца къастадора шен а, нехан а бер. Нохчийн доьзалехь кхуьуш хилчахьана «вайн бераш» олура цо массарах. Шен бер доцуш цхьалха висина, гергарчу синан безамах хьаьгна лелош дацара иза. Вайна ма-хаъара, цуьнан кхо ваша, йиша, оьзда хIусамнана яра. Иштта, тамашийна стаг вар-кх иза. Шен деган комаьршаллица дерриге дуьне маракъовла кийча волуш, дикачу дас Iамийна хиларе терра, цуьнан юьхь ларъеш, дахарехула чекхвала лууш. Димаев Сайд-Эми къинхьегамхо вара. Мел лакхарчу даржехь хилча а, керла мукъам ца боккхуш чекхдаьлла де эрна дайна хеташ вара. Къаьсттина кхоллараллин гергарло дара композиторан къоман театраца. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь хIиттийначу дукха спектаклашна мукъамаш язбина цо. 1973-чу шарахь Москвахь дешна яьллачу къоначу актерийн тобано Соьлжа-ГIала цIайирзича, драматурган Шекспир Вильяман «Отелло» трагеди яра шайн дипломни спектакль хIотто схьаэцнарг. Цунна мукъам язбира Димаев Сайд-Эмис. Цул тIаьхьа Хамидов Iабдуллас язйинчу «Лийрбоцурш» турпаллалин пьеси тIехь, изза цIе йолу спектакль режиссера Хакишев Руслана хIоттош, цунна мукъам а язбира композитора. Базоркин Идрисан «БIешерийн боданера» романа тIехь режиссера Солцаев Мималта спектакль хIоттош, мукъам язбар дийхира Сайд-Эмига. Хазахетарца и дехар а кхочушдира цо. Уьш боцурш а мел дукха мукъамаш баьхна цо. Царна юкъахь ю камерно-симфонин говзарш, фортепьянона лерина говзарш, хорана лерина говзарш. Кхинцхьа а хIума дина ца хилча а, нохчийн къоман культурин исторехь юьсур яра композиторан сийлахь цIе, цо бина дуьненан мехха болу цхьа болх бахьанехь. Дикачу ден дика кIант ша хиларе терра, Димаев Сайд-Эмис ноташка берзийра шен дас Димин Iумара кехат пондарца балош (дIалокхуш) хилла мукъамаш. «Сто шедевров из рук Умара Димаева» цIе тиллина зорбане яьккхира цо халкъана, махкана Iаламат мехала йолу и говзар. Вайна массарна махбоцу беркат хилла дIахIоьттина Димин Iумаран сирла кхолларалла евзачарна, езачарна, тIаьхьа тIедогIучу чкъурашна мерза кхаъ бу и тайпа говзар хилар. Нохчийн къомана тIе уггаре а хала мур хIоьттинчу хенахь волавелира Сайд-Эми оцу говзарна тIехь болх бан. Буьрса кхихкинчу шина тIеман юкъ яра иза. Юучуьнца, молучуьнца хIинца санна паргIатонаш яцара, болх бан бегIийла хIусам яцара. Делахь а, шена хуьлучу халонашна къурд бина, и мехала болх чекхбаккха хьуьнар, доьналла хилира композиторехь. «И болх чекх ца боккхуш, дена дуьхьалваха бакъо яц сан», – олура цо вежаршка Iелига, Iамарбеке, шен йоIе Алитига. ТIеман кегарехь дагахь доцург гуш меттиг кест-кеста нисъяларна, ларамаза шена цхьаъ хилахь а царна тIе дуьллура и болх чекхбаккхар а, къоман мукъамшца долу гергарло цкъа а гIелцадалийтар а. Дас безамца декийна мукъамаш ноташка дерзо ларийра Сайд-Эми, Iожалло сихо йинехь а. 2005-чу шеран бекарг (март) беттан 29-чу дийнахь кхин цкъа а ца тохадала сецира композиторан экаме дог. Хьалха-МартантIехь шен дена уллохь дIавоьллина Димаев Сайд-Эми. Шайн воккхах волчу вешин весет ца дохош, дай баьхначу лаьтта тIехь чу баха цIа дацахь а, догIанах хьулбала тховкIело яцахь а, нохчийн къоман мукъамашца долу гергарло гIел ца долуьйтуш, хьанал къахьоьгуш бу вежарий ДимаевгIар: Iела, Iамарбек. Мукъамийн керлачу говзаршца кест-кеста вайн самукъадоккху цара. Нохчийн къоман культурина доккха беркат даьлла царах.
Димаев Сайд-Эмин доьзалх дерг аьлча, шиъ доьзалхо вара цуьнан. Алита – йоккхах йолу йоI яра, кIант Iарби вара. Дукха жимачохь дуьйна и ши бер а мукъамийн къайленаш Iамаяйта музыкальни школехь доьшуьйтуш дара. Алитас Соьлжа-ГIалара музыкальни училище кхиамца чекхъяьккхира, цул тIаьхьа, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхъяьккхина, немцойн мотт, ингалсан мотт хьеха йиш йолчу хьехархочун диплом схьаийцира. Соьлжа-ГIалахь дешарх ца тоьаш, Алитас-м Москварчу лингвисташ кечбечу университетехь дийшира. Делахь а, болх бан-м, шен да санна, культурин хьаьттахь сецира иза. Тахана Соьлжа-ГIаларчу музыкальни школехь хьоьхуш ю иза, цкъа мацах шен дас санна, нохчийн берашна фортепьяно Iамош.
Музыкальни школа кхиамца чекхъяьккхина Сайд-Эмин кIант Iарби Москварчу театран говзанчаш кечбечу академи деша вахара, продюсерийн говзалла караерзо. Дикка хан ю иза лакхара дешар дешна ваьлла, кхиамца Москвахь болх беш волу а. Москван кхоллараллин дахарехь жигара дакъалоцуш ву Iарби, белхан накъосташа лоруш а, сий деш а ву. Цкъа а шегара осала хIума ца долуьйтуш, гIиллакхе, оьзда чекхволуш ву. Цуьнан дена, дедена эхь дара Iарби иштта ца хилча. Яхь йолуш адамаш дара уьш, нохчийн къоман дуьхьа даьхна, хьанал къахьегна. Вай хIорамма а шайх дозалла дан хьакъдолуш хьуьнаре адамаш дара уьш. Нохчийн халкъан зевнечу мукъамийн исбаьхьа дуьне вайна довзийтина, цунах марзо эцийтина, Iабийна, дегнаш хьистина, къоман сирлачу кханенах тешийна, дахаре безам чIагIбина. Цундела вайна уьш биц ца ло. Церан аматаш махкахойн дегнашкахь даха дисина массо а ханна.
А.ГАЗИЕВА
№101, шот, товбецан (сентябрь) беттан 3-гIа де, 2016 шо