Нохчийчохь дика ламаст хилла дIахIоьттина хIора шеран хьаьттан (август) беттан 23-чу дийнахь нохчийн халкъан сийлахь воI Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) даздаран хьолехь билгалдаккхар, оцу дийнахь тайп-тайпана даздарш дIадахьар. Шен халкъана доза доцуш муьтIахь а, цунна чу са диллина а вара иза. Ахьмад-Хьаьжа дага а лоцуш, оцу сийлахьчу стеган хьокъехь йолу шен ойла а йовзуьйтуш, хIинцалера Нохчийн Республика когахIотторехь, цIинъярехь цо лелийна доккха маьIна а довзуьйтуш, тхан хаттаршна жоьпаш делира Нохчийн Республикин экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министра Магомадов Iабдула:
– Хууш ма-хиллара, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа республикин куьйгалле хIоьттира уггаре а халачу, чолхечу, кхерамечу муьрехь. ХIетахь дIабоьдуш тIом бара, еш «зачисткаш» яра, тIепаза довш адамаш дара. Ткъа Нохчийчоь саьлнашкахь Iуьллуш яра… Iабдулла, дийцахьа оцу шерашкахь хиллачу кегарийна, къизаллина дуьхьалвала, и сацо Кадыров Ахьмад-Хьаьжина ницкъ белларг хIун дара?
– Кадыров Ахьмад-Хьаьжина массо хIуманал а деза дара халкъан хьашташ. Цуьнан къамелера хIора а дош даггара олуш дара, цундела нехан дегнашка дIакхочура иза, церан дагах кхетара. Цхьаьннан а тидамза ца дуьсура цуьнан къамел. Балехь даллочу шен халкъах, аьтта охьайиллинчу Нохчийчоьнах болчу лазамах догуш дара цуьнан дог. Иза ца гойла дацара. Со тешна ву, билггал цуьнан и амал, и лазам бахьана долуш цунна тIехь ойла сецира Россин Президентан В.Путинан. ТIаккха хIоттийра цо иза Нохчийн Республикин ханна йолчу Администрацин куьйгалхочун дарже а. Цу хьокъехь долу Указ араделира 2000-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь. Мехкан Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжех чIогIа тешна хилар дара иза. Шега болу тешам цо лар а бира.
Нохчийн Республикехь дIабоьдуш хиллачу тIеман жигаралла 2000-чу шарахь лахъелира. Амма оцу хенахь Россин Федерацин бакъонийн хьаьрми юкъайогIуш яцара Нохчийн Республика. Халкъ Iаламат халачу хьолехь а дара, цхьа а бакъо йоцуш а дара. Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хьалха лаьттара вуно яккхий халонаш а, тIех чолхе декхарш а. Делахь а царна хьалха бIокъажош вацара иза. Харжам бина ваьллера къоман баьчча. Цо ша а олуш ма-хиллара, халкъан дуьхьа шен са махина юкъадиллина вара Ахьмад-Хьаьжа, хIуъа хилла латтарх юхавер волуш вацара. ХIунда аьлча, цуьнан коьрта Iалашо яра шех тешна долу, шен кхоллам шех тешийна болу халкъ кIелхьардаккхар, Нохчийчуьра тIом чекхбаккхар, халкъ машаран некъа тIе даккхар.
– Ахь ма-аллара, 2000-чу шарахь Нохчийн Республика Россин Федерацин бакъонийн хьаьрми юкъахь яцара. Дийцахьа, республикина бакъонийн статус юхаерзорехьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьалхарчу рогIехь муьлха гIулчаш ехира?
– Нохчийн Республикин керлачу исторехь уггаре а хала мур бара иза. Республикин гIаланаш, ярташ саьлнашкахь Iохкуш яра. Йохийна дIаяьккхинера ерриге а инфраструктура. Хетарехь, цхьа а доьзал бацара керта бохам кхачаза. Эзарнаш адамаш тIепаза дайнера. Пачхьалкхан Iедалан цхьа а орган яцара болх беш. Цундела, цкъа хьалха Iедалан законехь йолу органаш яра вовшахтоха езаш. Ас юьххьехь ма-аллара, Путин Владимир Владимировича Нохчийн Республикин ханна йолчу Администрацин куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIотторца дIадоладелира керла Iедал вовшахтохар. Халкъан а, республикин а кхолламах долу жоьпалла ондда а, майрра а шен караийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Шена тIеийцира лалур бац аьлла хеташ болу беза мохь. Иза лайна ца Iаш, ша билгалйинчу Iалашоне а кхечира Ахьмад-Хьаьжа.
Цхьа гIулч яккхар а маьрша дацара цунна. Массо меттехь кIелонаш яра. Иза вогIу ларвой, некъа тIехь минаш, бомбанаш лоьлхуьйтура. Амма иза кхеро, ша юьхьарлаьцначу некъа тIера дIахьовзо ницкъ бацара дуьненахь! Маьрша керла Нохчийчоь когахIотторан очакхечу некъан юьххьехь цуьнан агIо лоцуш берш, гIолоцуш берш мостагIел дуккха а кIезиг бара. Делахь а, вайна дагадогIуш ма-хиллара, хан-зама яларца цуьнан агIо лоцуш берш тIеттIа алсамбовлуш бара. ХIунда аьлча, адамаш тийшира иза даггара лелаш хиларх, цо дуьйцуш дерг цIена бакъдерг хиларх.
Ша дарже ма хIоттийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дIаболийра республикин Правительство вовшахтохаран болх. Корматаллин белхахой лехаро дика тIаьхье елира. Хьаххийначуьра аьлча, мехкан Президента Путин Владимира куьйгалла а деш, историн маьIна долу кхеташо 2000-чу шарахь Мазлакехь дIаяьхьира. Оцу хенахь иза Нохчийчохь дIаяхьа аьтто а бацара, кхераме а дара. Цигахь тIеийцира республикин Правительство вовшахтохаран хьокъехь болу сацам. Цу тайппана хилира Нохчийчохь Iедалан дуьххьарлерчу официальни органо шен болх дIаболор. Иза 2000-чу шеран юккъехь хилира.
– Абубакаран Iабдулла, оцу киртигехь хьох тешийнарг хIун болх бара?
– Ас дозалла до Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командехь, вайн халкъ, республика дерригдуьненан зуламах, Iазапах кIелхьардаьккхина волчу, Нохчийчохь цIий Iенор сацийна волчу, республика машаран а, цIиндаларан а новкъа яьккхина волчу Толамхочун командехь болх бан сайн ирс хилла хиларх. Шена вуно доккха жоьпалла тIе а эцна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа керла Нохчийчоь еш вара! Цуьнан куьйгаллица болх бар, цуьнан хьекъалечу хьехамашка ладогIар, адамашца цуьнан хилла юкъаметтигаш гар – и дерриге а суна дахарехь дика дарс хилла дIахIоьттина. Ахьмад-Хьаьжигара дуккха а хIума Iемина суна. ХIетахь ас гулдинчу зеделлачо даима а гIо до суна.
2000-чу шеран хьаьттан (август) баттахь со Нохчийн Республикин СНГ-н мехкашкахь а, Москва гIалахь а йолчу векалаллин экономикин отделан хьаькаман дарже балха кхайкхира. 2001-чу шеран оханан (апрель) баттера лахьанан (ноябрь) батте кхаччалц ас болх бира Россин Федерацин Президент волчохь долчу Нохчийн Республикин векалаллин экономикин отделан хьаькам волуш. Оццу лахьанан баттахь со Нохчийн Республикин ягорган а, энергетикин а министерствон бахаман дирекцин куьйгалле хIоьттира. 2002-чу шеран хьаьттан (август) баттахь сох тешийра «Чеченгазпром» ФГУП-н генеральни директоран экономикин гIуллакхашкахула волчу заместителан дарж. 2003-чу шеран оханан баттахь Нохчийн Республикин экономика кхиоран а, махлелоран а министр хIоттийра.
– Вайна хууш ма-хиллара, Россин Федерацин бакъонийн хьаьрма республика юхаерзоран чаккхенан мур хилла дIа ца хIоьттира Iедалан органаш вовшахтохар. Цул тIаьхьа бан безаш берг хIун болх бара?
– ХIаъ. Ахь нийса боху. Машарехьа болийна некъ чIагIбан безара. Цунна документ оьшура. Иза оьшура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьалхахIиттийна вуно даккхий декхарш кхиамца кхочушдаре кхачарна. Цо ша а олуш ма-хиллара: «Республикина шен паспорт оьшура». Иштта паспорт Конституци хила дезаш дара. Иза тIеэца езаш хилар юкъадаьккхинарг Ахьмад-Хьаьжа вара. Цуьнан тешаме бIанакъостий оцу гIуллакхна вовшахкхийтира. Конституцин проект кечъяран, бахархошна юкъахь агитаци яран, кхеторан болх жигара дIаболийра. Вовшахтуьйхира Консультативни совет а, Конституционни комисси а. Царна юкъабахара Iилманан интеллигенцин векалш, юкъараллин гIуллакххой.
Иза, ас дукхазза а аьлла ма-хиллара, чIогIа чолхе, кхераме хан яра. ДIабоьдуш тIом бара. Вахар-вар маьрша дацара. Референдум дIаяхьарна дуьхьал бара эзарнаш экстремисташ а санна, федеральни Iедалан цхьайолчу органийн векалш а. Амма оцу ерриге а дуьхьалонашка хьаьжна ца Iаш, Ахьмад-Хьаьжин ницкъ кхечира референдум дIаяхьа езаш хиларх мехкан Президент тешо, халкъо шен гIолоцуш хилар дIахаийта. 2003-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь дIаяьхьначу референдумехь жигара дакъа а лаьцна, халкъо кхаж тесира керла Конституци тIеэцарехьа.
Оцу харжамашна тIехь тидам латтош бара кхечу пачхьалкхашкара дуккха а тергамхой. Цара билгалдаьккхира харжамийн каппашка дуккха а харжамхой баьхкина хилар. Историн маьIна долу и гIулч яккхаро таро елира Нохчийчоь законаш дацаран а, кIуркIаманин а кIуьра юккъера схьаяккха, бакъонийн статус йолуш иза хилийта. Цул а мехала дара референдум халкъан барт хиларна тоьшалла хилла дIахIоттар. Цу тайппана, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьикмат а, генна хьалха хиндерг гуш хилар а бахьана долуш, кхочушдира республика машаран некъа тIе яккхаран уггаре а коьрта декхарш. Цул тIаьхьа кхочушдан дезаш дерш республикин экономика кхиоран декхарш дара.
– 2003-чу шеран оханан (апрель) баттахь Нохчийн Республикин экономика кхиоран а, махлелоран а министерствона куьйгалле хIоьттина волчу хьох тешийна дара экономикин гIуллакхаш… Дийцахьа оцу шерашкахь муьлха программаш кхочушйира, таханлерчу денна уггаре а бIаьрла социально-экономикин кхиамаш муьлхачу дакъошкахь бу?
– Iедалан бакъонца йолу органаш вовшахтохаро бакъо лора республикехь федеральни яккхий программаш кхочушъян. Иштта, Нохчийчохь дуьххьарлера меттахIитторан белхаш дIабуьйлабелира 2000-чу шарахь, Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а болх бан доладалийтарна кхачоярехь хьалхарчу рогIехь кхочушдан дезачу гIуллакхийн комплекс кхочушъян йолорца. Цул тIаьхьа кхочушъян йолийра, «2001-чу шарахь Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а меттахIоттор», «Нохчийн Республикин экономика а, социальни дакъа а (2002-чу а, цул тIаьхьарчу а шерашкахь) меттахIоттор», «2008–2012-чуй шерашкахь Нохчийн Республика социально-экономикин кхиор» федеральни-Iалашонан программаш. Цуьнца цхьаьна кхочушдира оцу программашна юкъадогIуш доцу гIуллакхаш а. Уьш кхиамца кхочушдар бахьанехь республикехь бIеннаш объекташ йира, меттахIиттийра гIаланаш, ярташ. Шайн куц хийцина дIахIиттира уьш.
Дагадаийта лаьа 2015-чу а, 2016-чу а шерашкахь Нохчийн Республика тIекIал шозза Россин Федерацин инвестицийн хьелаш дика долчу субъектийн къоман рейтинган лидерш йолчу регионашна юкъаяхана хилар. Стратегин талламийн Агентствос 2015-чу шарахь дIабаьхьначу талламан рейтинган жамIашца Нохчийн Республико Россин 76 регионна юкъахь 17-гIа меттиг яьккхира, ткъа Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъекташна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира. 2016-чу шарахь мехкан 85 субъектана юкъахь 14-гIа меттиг яьккхина Нохчийчоьно. И жамIаш дIадовзийтира Санкт-Петербургехь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу экономикин форумехь. Хьаххийначуьра аьлча, оцу форумехь 2004-чу шарахь дуьйна дакъалоцуш ю Нохчийн Республика. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас машарна ондда бух биллина хиларан а, цо дIакхайкхийна хиллачу цIиндаларан политикин а, иза кхиамца кхочушъеш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан хьуьнаран а беркате тIаьхье ю и берриге а кхиамаш.
Цхьана интервьюхь дерригенах а лаьцна дийцалур дац. Амма цхьа бакъдерг билгал ца доккхийла яц. Къиза тIом чекхбаьлла 16 шо а кхачале Нохчийн Республика а, цуьнан пачхье Соьлжа-ГIала а вайн мехкан юьхь хилла дIахIоьттина! Кхин хIумма а дийца а оьший. Вай цхьана маьIIаргонна вайн пачхье йоцуш ма дуьсура. Хетарехь, дукхахболчарна ца хаьа я дицделла 2000-чу шарахь Нохчийчоьнан пачхье кхечу метте дехьа яккха еза бохуш дуьйцуш хилла хилар. Массара а цхьабосса чIагIдора, Соьлжа-ГIала меттахIотталур яц, нагахь меттахIотталуш хилча а, иза меттахIотторна иттаннаш шераш оьшур ду бохуш. Иза кхечанхьа дехьа яккхарна сацам боллуш дуьхьал велира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Иза, бакъонца, сийлахь стаг вара. Республикехь мел хиллачу хийцамийн юьххьехь лаьттинарг иза ву. Цуьнан даима а сий-ларам бар вайна тIехь ду!
– ХIаъ. Хьо бакъ ву. Дерриге а иштта дара. Нохчийн Республика мехкан тоьллачу субъектех цхьаъ йина дIахIоттор «нохчийн экономикин Iаламат» лору дукхахболчара. Абубакаран Iабдулла, дийцахьа, хьуна хетарехь, оцу кхиаме кхача аьтто муха баьлла?
– Нохчийчохь контртеррористически операци чекхъяьллачул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIакхайкхийра, Iедалан ерриге а органийн коьрта декхар республикехь синтем хилийтарна а, экономике зазадаккхийтарна а кхачояр ду аьлла. Ала дашна, 1999-чу шарахь республикехь юкъаялийна хилла йолу контртеррористически операци дIаяхьаран раж 2009-чу шеран оханан (апрель) беттан 16-чу дийнахь дIаяккхар Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан коьрта толам лору ас. И раж дIаяьккхинчул тIаьхьий бен дIа ма ца дехира республика кхиорна новкъарлонаш еш хилла долу дозатохарш. Цара новкъарлонаш йора инвестицеш Нохчийчоьнан экономика кхиорна юкъаяло. Масала, деккъа цхьана 2015-чу шарахь Нохчийчохь бюджетера йоцчу инвестицийн чоьтах кхочушйира, шайн юкъара мах 9,606 миллиард сом мах болу, 138 инвестицийн проект. Белхан 3 017 меттиг кхоьллира. 2016-чу шеран хьалхарчу эхашарахь бюджетера йоцчу инвестицийн чоьтах, шайн юкъара мах 5 269,79 миллион сом болу, 52 инвестицийн проект кхочушйина. Кхоьллина белхан 1015 меттиг. Кхочушъян йолош ю кхин а 181 инвестицийн проект. Церан юкъара мах 277 642, 83 миллион сом бу. Уьш кхочушйинчул тIаьхьа кхин а 13 592 белхан меттиг хир ю.
Ахь аьлла ма-хиллара, «Нохчийн экономикин Iаламат», иза Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан куьйгаллица бинчу боккхачу белхан тIаьхье ю, жамI ду. Хийцам хьакха ца луш ца дисина дахаран цхьа а дакъа. И хийцамаш бахьана долуш хазъелла дIахIиттина вайн гIаланаш, ярташ, урамаш, музейш, театраш, школаш, берийн бошмаш… Дерриге а дагардина вер а вац. Масала, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедилларца газ ялийна лекхачу лаьмнашкахь Iохкуш йолчу ярташка. Советийн Iедал долчу хенахь вуно халачу хьелашкахь баьхна цигара бахархой. Субъектан Куьйгалхочо шен халкъан хьокъехь гIайгIабеш хилахь, ас дош ло шуна, Нохчийчохь санна кхиамаш кхечанхьа а хир бу.
– Абубакаран Iабдулла, Нохчийн Республикин кхане муха хила луур дара хьуна?
– Даима маьрша, токхе! Кхин цкъа а бохам, тIом, къизалла ма хуьлийла кхузахь. Вайн махкахь машар, синтем, ирс, зовкхе дахар хилийтаран дуьхьа шайн синош дIаделла нохчийн халкъан тоьллачу кIенташа, халкъан а, Нохчийчоьнан а дуьхьа декъалхилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). Путин Владимира ма-аллара, «Иза дIавахана тоьлла а волуш», шел тIаьхьа яха маьрша Нохчийчоь а юьтуш. Вайна а, вайн тIаьхьенашна а тIехь ду машар а, маршо а ларъяр, кхиамаш алсамбахар.
– Абубакаран Iабдулла, баркалла чулацаме къамел дарна. Дала аьтто бойла хьан балхахь а, билгалйина проекташ кхочушъярехь а, Iалашоне кхачарехь а.
– Баркалла.
ИБАЕВА Малика
№101, шот, товбецан (сентябрь) беттан 3-гIа де, 2016 шо