Нохчийн Республикехь Хаарийн денна лерина дIадаьхьначу даздаршкахь дакъалецира 260 эзар сов дешархочо. Царах дуьххьара школе веанарг 29 485 дешархо вара.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Гуьмсерчу №5 йолчу школин керла корпус схьайоьллучохь билгал ма-даккхара, 2006-чу шарахь хьалхарчу классийн дешархой 13 эзар гергга бара.
Товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь шайн болх болийнарг юкъарадешаран 504 учреждени ю. Царах керланиг – 19. Ерриге а школаш заьIапхошна лерина перилаш, пандусаш йолуш ю. 103 школехь инклюзивни дешарна (могашалла ледара йолчу берашна а кхачаме долу дешар) хьелаш кхоьллина.
ХIокху шарахь схьайиллина йолу 19 школа Федеральни Iалашонан «Россин Къилбе» программин гурашкахь йина ю. Бераш дуьнен чу довлар шо-шаре алсамдолучу вайн регионна вуно мехала гIуллакх ду хIора шарахь керла школаш а, берийн бошмаш а схьаеллар. Дагадаийта деза, 2016-чу шеран оханан (апрель) беттан 18-чу дийнахь Россин Федерацин Правительствон Председатела Медведев Дмитрийс куьг яздинчу сацамца нийса а догIуш, керла школаш ярна 901 миллион сом билгалдаьккхинера Нохчийн Республикина.
2016-гIа шо чекхдалале 2400 дешархочунна лерина 4 школа схьаелла лерина бу гIишлошъярхой а, республикин куьйгалхой а. Россин Федерацин пачхьалкхан «Къилбаседа -Кавказан федеральни округ кхиор» программин гурашкахь еш ю и школаш. Иштта, Россин Федерацин пачхьалкхан «Дешар кхиор» программин гурашкахь еш 1224 дешархочунна лерина цхьа школа а ю.
А.ХАСБУЛАТОВА
№101, шот, товбецан (сентябрь) беттан 3-гIа де, 2016 шо