М.Мамакаевн цIарахчу «Дашо аьрзунан» 5 шо кхачарна лерина цхьаьнакхетар хилира кху деношкахь.
Кхузахь гулбеллера Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Э.Мамакаев, юридически Iилманийн доктор, профессор I.Мусаев, нохчийн халкъан яздархой: М.Ахмадов, М.Бексултанов, I.Яричев, А.Исмаилов, Л.Ясаев, А.Абдуллаев, и, дI.кх. а.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Москва-гIалин Яздархойн союзан председатель В.Г.Бояринов а, оцу организацин секретарь, «Московский литератор» газетан коьрта редактор И.Ю.Голубничий а.
Цхьаьнакхетар дIахьочу I.Мусаевс билгалдаьккхира, 5 шо хьалха Мамакаевн ц1арах «Дашо аьрзу» орден юьллуш доккха г1о лаьцначарех Москва-г1алин Яздархойн союз хилар а, х1инца оцу гоьваьллачу яздархочун литературни т1аьхье йовзийта, цунна лерина литературни денош д1адахьа дезаран г1уллакх дийцаре дан, вовшех дагадовла гулделла хилар а.
– Мамакаев Мохьмадна лерина «литературни денош» я «литературни ешарш» д1аяхьар вайн къоман литературин дезде хирг хиларх тешна ву со, – билгалдаьккхира I.Мусаевс. Москвахь вовшахтоьхначу нохчийн литературин г1олацаран фондан балхах дерг а довзийтира цо.
Гулбеллачеран цхьабарт хуьлуш «Дашо аьрзу» орден магочу кхеташонан куьйгалхо хаьржира яздархо Ахмадов Муса. Цул сов, кхузахь д1акхайкхийра Мамакаев Мохьмадан ц1арах конкурс а.
Карарчу шеран декабрь беттан 15-чу дийне кхаччалц Мамакаев Мохьмадан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна зорбане яьлла тоьлла материал оцу конкурсе д1аяла мегарг хиларх а, цуьнан дакъалацархой – студенташ, хьехархой, яздархой, журналисташ, кхиберш хила таро ю. Т1едог1учу 2015-чу шеран май баттахь «Мамакаевн деношкахь» жам1аш дийр ду оцу конкурсан.
В.Г.Бояриновс элира: – 3,5 эзар сов яздархочух лаьттачу Москва-г1алин Яздархойн созан ц1арах маршалла ду шуьга, – элира цо. – Сан дахар бераллехь дуьйна а доьзна ду нохчийн халкъаца. Сайн юьртахь Семипалатински областерчу Новопокровкехь дуьххьара бевзина суна махках баьхна нохчий. Со Новопокровкехь вина дела, суна иза Даймохк бу, амма сан дай а хилла Украинера иштта махках баьхна. Со кхиъна ваьлча, сан воккха доттаг1 вара цхьа башха стаг Арсанукаев Шайхи. Доцца аьлча, вай тахана дуьххьара девзаш дац. Со тешна ву, вай долийна х1ара г1уллакх беркате хирг хиларх.
Гулбеллачара дийцаре дира т1едог1учу шеран май баттахь Мамакаев Мохьмадан сийнна д1ахьон долу г1уллакхаш.
Т.САРАЛИЕВА