Нохчийн зударех–журналистех цхьаъ

мое 948«Хиндерг хаздан лууш къахьоьгуш политикаш бу, дIадаьлларг хаздан лууш къахьоьгуш историкаш бу, карара зама хазъян лууш къахьоьгуш журналисташ бу!», – аьлла дуьненна гIараваьлла вевзачу словенин яздархочо Петан Жаркос. Шена зеделлачунна тIетевжина аьлла хир ду и дешнаш автора, цунна бехкбиллар доцуш, суна билгалдаккха луур дара,  массо хан  хазъяр а, адамийн догъэцар а Iалашо лаьцна цIеначу даггара, хаддаза къахьоьгуш бу нохчийн журналисташ. Къаьсттина шайн йозанашкахь и беркате Iалашо а, къоман эхь-бехк а, гIиллакх-оьздангалла а лардина вайн мехкан шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь  цкъа мацах белхаш бинчу Саракаева Марема, Батукаева Асета, Шамилева Хьавас, Музаева Алпатус, иштта кхечара а. КIезиг бац тахана церан лорах схьабогIу, къоман журналистикехь хьанал къахьоьгу зударий а. Царах ю: Эльмурзаева Роза, Исраилова Яха, Эльдерханова Зайнап, Абалаева Малика, Сулумова Дети, Петирова ПетIамат,  иштта дуккха кхиберш а. Царах цхьаъ ю «Грозный» телеканалан коьрта редактор Хакимова Лолита. Цуьнан эгIазчу белшаш тIехь онда мохь бу. Амма журналист йоьхна, дан дезарг ца хууш, карзахе  гина яц цкъа а, цхьанна а. Чолхечу дахаран коьрта самукъа лоьру цо шена дукхабеза болх. Цхьана дийнахь кхаьчна яц иза таханлерчу зовкхе. Цхьацца гIулч йоккхуш, хьаналчу къинхьегамца говзалла шаръеш, кест-кеста журналистийн дахарехь нислуш йолу халонаш эшош, халкъан сирлачу кханенах  дегайовхо кхобуш, чекхйийлина иза шогачу зерех. Цо цкъа а дог ца диллина Делан диканах. Къизаллица цIевзина йогIучу шийлачу суьйренашца хастам хиларе АллахI-Деле  доIанехь маьлхан Iуьйренаш йоьхуш, халкъан а, мехкан а тиша хьал тодаларе сатуьйсуш, хьанал къахьегна Нохчийн Республикин хьакъйолчу журналиста Хакимова Лолитас. Нийса хир дацара цуьнан некъаш шера, атта хилла аьлча. Цуьнан кхиар а, гIеметтахIоттар а ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь хилла. Ткъа и шераш нохчийн халкъана мел буьрса даьхкина, вайна массарна а хууш ду.IMG_9793

1975-чу шеран оханан (апрель) беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу вахархочун Хакимов Сайд-Ахьмадан доьзалехь дуьнен чу  яьлла Лолита. Хаза зама яра иза. Цхьанна а дагахь дацара ховха зазахецна лаьтта советийн Iедал духур ду  аьлла. 1982-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №58 йолчу юккъерчу школин хьалхарчу классе деша йоьдуш а, цхьана кепара кхоларш яцара Нохчийчоьнан екхначу стиглахь. Генарчу анайистехь коммунизман бIарлагIаш яра къоначеран дог-ойла ир-кара хIиттош, ойла тIомайохуш, дахаре безам чIагIбеш. Школехь жигара дешархо яра Лолита, дог резадина дакъалоцура цо школин а, Соьлжа-ГIалин а юкъараллин дахарехь. Муьлхха а  кхиъна йогIу йоI санна, иза тешна яра  шен дахаран некъ ирсо варкъ дуьллуш хазбина, шарбина лаамийн йийсар бина дIахIуттург хиларх. Амма, ХХ-чу бIешеран 90-гIа шераш дукхах болчу вайн махкахойн лаамаш, ойланаш кегъеш даьхкира. Шайн ямартлонан къизаллех буьйцинчу машина юкъаозийра цара Хакимова Лолита. 1992-чу шарахь дара йоI юккъера школа чекхъяьккхина яьлча. Чолхе зама яра иза. Зудаберана чу-ара дала маьрша доцуш.  Iедал зуламхойн карадаханера. Бохамаш алсамбевллера. Герз эвхьазадаьккхинера.  Халкъан гIиллакхийн гурашкахь доьзал латточу муьлххачу дена-нанна санна, Лолитийнчарна а лиира йоI нехан цIентIе яха.  Церан лаам тIера ца йолуш йоI шен кхерч кхолла гIоьртира. Цуьнан шиъ доьзалхо хилира: кIант, йоI. Бакъду, мел чIогIа ойла йина дас-нанас йоI маре дIахьажийча а, безам боцчохь ирсан гIала ца йоттаелла-кх цхьаьнга а. Дукха хан ялале ден цIа юхайирзира Лолита а. Амма цуьнгахь собар, доьналла хилира шен гIайгIа-бала ша Iовша. Иза цхьанна а йоьлхуш ца гира, ден-ненан садууш ца лийлира. Лолита деша яхара Нохчийн Республикин пачхьалкхан университете. Цигахь экономикин факультет чекхъяьккхина яьлча, Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн колледжехь дийшира. IMG_9783Оцу юккъехула Нохчийн Республикин коьртачу шахьарахь кхин цхьа телевидени схьайоьллуш ю аьлла шена хезча, цига балха хIотта сихо йира. 2003-чу шарахь «Грозный» телеканалаца цхьаьна яьхна Лолитас журналистикехь дуьххьарлера гIулчаш. «Политика и экономика» цIе йолчу редакцехь «политикин обозреватель» дарж дара цуьнга кховдийнарг. Цуьнца кхиамца иза лара а йира. Бакъду,  корматаллин кхиорехь баьхначу кхиамех тоам бина цкъа а сецна яц  иза. Балхана юкъара ца йолуш, Ростоверчу институте деша яхара къона журналист, шен говзалла кхитIе лакхаяккха, «лингвистика и журналистика» факультет билгал а яьккхина. 2008-чу шарахь и дешаран кхерч а кхиамца чекхбаьккхина йолу Хакимова Лолита. Керла болх тешабо цунах. Исбаьхьаллин передачийн коьрта редактор хIоттайо иза «Грозный» телеканалехь. ТIеман Iазапах яьлла Нохчийчоь машаран хорша ерзар самукъадаларца тIелецира нохчийн журналисташа. Уьш хьаьгна бара маьршачу дахарх, сирлачу кхиамех, дикачу адамех лаьцна дийца. Къаьсттина, и  бехке доцу йоккхаер хаалора Хакимова Лолитас кечъечу репортажашкахь, ток-шоушкахь, муьлххачу а даздаршна лерина йолчу передачашкахь. Цуьнан хаза юьхь,  датон нур Iеночу баттах тарлой, ирсах лепаш гора, йоI эфире яьллачу миноташкахь. Цуьнан йоккхаер тIаккха телехьовсархошка дIакхочура, церан самалхадоккхуш, дахаре безам чIагIбеш, хилла, гина вуонаш дицдеш. Буьрсачу тIамо Iадийначу халкъан сатедар, сапаргIатдаккхар, церан бохамаша Iовжийначу дегнашкахь дегайовхонан суй латон Iалашо лаьцна болх беш яра Хакимова Лолита,  оцу халачу заманахь. Цундела иза массарна дукхаезара, эфире яларе сатосура, хаза гIан гича санна, цунах Iехалора. Тахана къоман куьзга хилла дIахIоьттинчу «Грозный» телеканалан коьртачу редакторан болх беш ю  Хакимова Лолита. Халкъана, махкана евзаш журналист ю иза. Шен балхаца дика ларош, схьайогIуш ю. Юьхь-сибат хаза, товш, духар оьзда долуш, белхан накъостийн а, бевза-безачеран а шех бIаьрг бузийтина ю.  Иза дика кхета нохчийн зудчун декхарех. Кхетарал сов, даггара цо кхочуш а до уьш. Цхьана а  кепара куралла, сонталла яц цуьнца, даима гIиллакхе, кIеда-мерза ю. Ларамаза ша йолчу нисвелларг а елалой-екхалой, бIе шарахь варе сатуьйсуш  Iийча санна, дуьхьал йолу, мерзачу  Iаьнарца тIеоьцу, юха а ша йолчу кхача дог доуьйтуш. Вайн ворххIе дайша лийринчу оьздачу гIиллакхца цхьаьна  нуьцкъала амал а, синъондалла а ю Хакимова Лолитин. Цара цхьа тамехь  вовшахийна хьаладузуш хета похIмечу журналистан а, бакъйолчу нохчийн зудчун а безаме васт.

А.ГАЗИЕВА

№102, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: