«Сан эрна куралла – сан гIуда хилла»

ТIехьа-Мартан кIоштарчу Керла-Шарара Халикова Асетан «Дахаран жайна» книга йоьшуш Iийна со хIокху масех дийнахь. Цкъа хьалха сихха дIакъевлира: «Зудчо-м хIун яздийр дара? Безамах лаьцна цхьа байттамал хир ду-кх. Ткъа иза гайта беза, бийца а ца гIерташ. Зудчо-хIетте а».

Жимма хан яьлча юха а схьайиллира. Схьайиллинчу агIонна тIехь:

«Ахь дагца ладегIахь хьайн са  а дистхуьлуш хезар ду хьуна,

 Вайн дуьне-м кепекан меха дац, хаа ду хьуна,

Хьо вохка я эца адамашлахь цхьа охIла вац хьуна,

Хьан дахар – хьан кха ду, цуьнан да хьо цхьаъ ву хьуна…

Байт хийла дега ойла яйта езаш «паргIат» яра, къоман гIиллакх а хилла дIахIотта гIертачу бакъдолчух лаьцна. ХIунда аьлча, къен стаг вац гIийла а, декъаза а – шен дахаран да воцург ву. Юьстах юьллучохь дацара книга. Еша волавелча дуккха а карийра чулацаме, шатайпа ойланаш. Масала, хIара:

     «Шийла  мохк битина

  ДIаоьхчу гIаргIулех

  Кхета со гIиртина,

  Богу мохк битина

  ДIаоьхчу нохчех

  Со кхетталц»

Я хIара:

«СагIийна дIаяла сайл миска воцуш,

И ягош тIедуха кхин духар доцуш,

Жимъелла, тишъелла, зарзъелла хилла

Сан эрна куралла – сан гIуда хилла».

Жима зуда ю Халикова Асет, ткъе итт шарал тIех  яьлла. ХIетте, уггаре а халачух йолу меттан говзалла дика карайирзина цунна хIинцале. Уггаре а хьалха ойла заманца, махкахь а, дуьнен чохь а кхолладеллачу хьолаца йогIуш ю цуьнан. Нохчийн йоьIан ойла. ТIаккха дош литтина, шен меттехь хуьлу. Иштта и дош а цуьнан шен долуш.

Вайн махкахь тIом болучу шарахь жима бер дара Асет. Тахана ша нана ю, делахь а, диц ца ло кеманийн а, танкийн а ирчачу гIовгIанах кIелхьарйолуш ша, ненах а хьаьрчина, хIинций-хIинций  бохуш, машенахь дIаэхар, дIабаьлла ши тIом даима дагахь лаьтта, карзахечу ойланаша  дIабалар кхоччуш къобал а ца деш. БIешерашкахь Iалашдина гIиллакхаш ду хIинца хIаллакдийриш, коммунисташна дага а ца еана шалхалла яржош.

Дела вац бохуш лаьттинчу Советийн Iедална метта, ву а бохуш цуо мел дихкинарг лелош дерг дIахIоьттина. Уггаре дIаьвше дерг: кIиллой бара вайнахана юкъахь (шаверг къонах  хуьлийла дац) кIиллолла дацара.

Халикована ца тов, лан хала ду керлачу дахаро машарх деш лаьттарг ган а, къобалдан а. Къаьсттина, паргIатдаьллачу соьмо адамашна юкъа юьллуш йолу хьагI-гамо, вайнаха цкъа а лайна йоцу харцонаш. Цунна хаьа и лаа доцийла, дан дезачух кхета:

«Къийсам бу адамийн дахар

Диканах тешаш догдахар

… Хьан сино кхиийна серло

Дагца ахь даима лелор…»

   Коьртачух кхета. Ткъа даго шенаг дуьйцу:

«Маршо шайн ахчанах юхкучу наха

И эца сом доцуш

Хьарамчу рицкъанах лардина дахар,

Хийлазза мох хьаькхна киснахь,

Ас кура лелийра сайн миска  бахам,

Яхь йохккал майра ца хила».

ДIаволавеллачуьра кхин а масех могIа балор бу ас «Дахаран жайни» тIера, тIаккха хIара материал язъяран Iалашо а йовзуьйтур ю:

«Хьан сица йоьлху со, Нохчийчоь, йоьлху хьан къина.

Хьан кIентий, гIазотан байракхаш лестош

Цу тIеман чевнаша гIелдина шайн маьрша куьйгаш

Дуьненна тIехула хелхарехь хьовзош,

Хьан куьйгаш лозу сан. Нохчийчоь, лозу хьан куьйгаш».

«И могIанаш яздина ца хиллехьара, хьо поэт хетар яцара, суна», – айса цуьнга баьхна дагадогIу.

Оцу могIанийн хьокъехь кхин хIумма а ца олуш, деккъа цхьа айдаран хьаьрк хIоттон лаьа суна   хIинца «Нохчийчоь суна езна-лезна!» – баьхна Абдулаев Леча а вешар вара, аьлла хета, царах.

Цхьа кица ду вайнехан. «Стага хьайна куралла яхь, хьуо а вуйла хаийта стаг. Зуда ца яшахь – воцийла а хаа», – боху цо. Къонахий, майра нах зударшна хьалха кIезиг, юьхьIаьржа ца хила гIиртина даима, цара йохье баьхна. Зударий боцучохь къонахий а ца кхуьу. Ткъа хIинца, айса йовзуьйтур ю аьллачу хIокху къамелан Iалашонах лаьцна. Уггаре а хьалха, бахьана «Дахаран жайна» делахь а, Халикова поэтесса яц ас йийцинарг. Халикова – зуда ю, дош дагца луьттуш йистхила хууш йолу. ПохIма Дала делла стаг я зуда девзича самукъадолу.

Кхеташ ду, беккъа мотт караберзабарх гIуллакх хуьлуш цахилар. Бакъдерг бен ца мегаш хила веза журналист а, яздархо а. Халикова Асет хьекъал долуш ю. ХIокху могIанаша а гойту иза:

«Къеста вай… марзо а эцале къеста,

Аренга акхтаргаш вайн къина лесташ…

Къеста вай, гIан хуьлий вай деъна дахар,

Хено ша кагбича кхолламан маха…

Сийлаллехь къагале баьгна суй санна,

Къеста вай, къийсинарг ца кхочуш цханна…»

Ш.БЕТМУРЗАЕВ

№102, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: