Нохчийчоьнан халкъаш – бертахь доьзал

Тахана, товбецан (сентябрь) беттан 6-чу дийнахь, Нохчийчоьнан халкъаша даккхийдерца, самукъадаларца, кханенан ирсах тешарца даздеш ду Республикин бахархойн бартхиларан, цхьааллин, маслаIатан де. ХIинца шуьйттазлагIа билгалдоккхуш ду вай и мехала де. Вайна дагадогIуш ма-хиллара, и деза де шен Указаца 2002-чу шарахь юкъадаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас.счми

Халкъашна юкъара уьйр-марзо дIаяьлла, доттагIаллаш херделла, барт боьхна, нахана юкъахь чIираш, девнаш алсамдевлла, Нохчийчохь цIий Iенаш, вуно чIогIа кхераме а, чолхе а мур бара иза. Цуьнца цхьаьна къиза тIом бара дуьненаюкъарчу терроризман гIеранашна а, вахабиташна а дуьхьал дIахьош. Оцу хьолах хьалхадовларан нийса некъ лоьхуш дукха ойланаш йира, набаран суй ца беш, буьйсанаш яйъира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Цунна иза кара а бира. Республикехь дIабоьду тIом сацо, уггаре а хьалха, кхузахь дехачу халкъийн барт бан безара, нохчийн халкъ цхьаьнатоха дезара. Оцу ойланехь чIагIвеллачу цо халкъийн гуламаш, Iеламнехан кхеташонаш вовшахтуьйхира. Цигахь Нохчийчохь дехачу халкъийн векалшка, къаьсттина нохчийн халкъе кхайкхам бира вовшашна хилла весаш, цатемаш, эшамаш бицбар доьхуш, махкахь дIабоьдуш болу тIом сацоран, машар хилийтаран дуьхьа вовшашна гечдар, къинтIера довлар, вовшашна юкъахь маслаIат дар.

Иштта кхайкхамаш бира, вахабитийн идеологих, харцхьехамех Iеха а белла, герзашца йолчу тобанех дIа а кхетта, федеральни эскаршна дуьхьал тIемаш беш, хIаллакьхуьлуш болчу кегийрхоша. Герзаш охьа а дахкий, маьршачу некъа тIе довлар доьхура Ахьмад-Хьаьжас цаьрга.

Цуьнан кхайкхамашна къаьсттина мехала маьIна делира лакхахь хьахийна Указ арадаккхаро. Цо гойтура иза цIеначу даггара Нохчийчохь барт, машар, маслаIат хила лууш хилар. Ахьмад-Хьаьжин хIора дош, хIора гIулч оцу Iалашоне кхачарна лерина яра. Шен сий, ша хIора дийнахь дечу даккхийчу гIуллакхашца лакхадоккхуш вара иза. Шен дахар а, шен са а халкъана а, Даймахкана а дIаделла вара иза. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхеро кхерам а, шен Iалашонах дIахьовзо ницкъ а бацара дуьненахь. Цо иза гайта а гайтира.

Цо дерриге а дира Нохчийчуьра халкъаш цхьаьнатохархьама, церан барт бархьама, уьш ир-кара хIотторхьама, цаьргахь кханене тешам кхоллархьама. Халкъаш, иза шайн тхьамда а  лерина, цуьнан дашах тешна, цунна тIаьхьа хIиттира. Цунна бIаьрла тоьшалла дара 2003-чу шеран бекарг (март) баттахь республикехь дерриге а халкъан референдум дIаяхьар а, цул тIаьхьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжа Нохчийн Республикин Президент харжар а.

Республикерчу халкъийн барт хилира, хIинца церан массеран а цхьа Iалашо яра – машар, маслаIат хиларе кхачор. Амма, маржа-яI, оцу сийлахьчу некъа тIехь, толаман дийнахь, йоккхачу ямартлонца цхьаьна кIиллоша тешнабехк бар бахьанехь вайна юкъара дIавахара Ахьмад-Хьаьжа (Дала гIазот къобалдойла цуьнан). ДIавахара даима вайн, вайн тIаьхьенийн иэсехь ваха виса.

Эрна ца хилла Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хьегна къа а, бала а. Цуьнан весеташ, лаамаш, сатийсамаш кхочушбеш схьавогIуш ву цуьнан хила хьакъ волу кIант, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цунна муьтIахь долу нохчийн халкъ а, республикера кхидолчу халкъийн векалш а. Иза билггал иштта хиларан къеггина масал дац тIаккха тIеман шерашкахь йохийна, саьлнашка ерзийна хилла гIаланаш, ярташ, урамаш, бошмаш, ков-керташ меттахIиттийна, хазйина, къагийна дIахIиттийна хилар, дахар маьрша, синтеме, токхе хилар.

Цуьнца цхьаьна, Кадыров Рамзан хьалха а волуш, йина бIеннаш исбаьхьа гIишлош: дукха гIаьтнаш долу цIенош, больницаш, школаш, театраш, спортан комплексаш, цхьамогIа кхиерш. Кхуьуш ю промышленность, юьртан бахам, социальни дакъа, культура. Массо а кIоштахь бахархошна баха а, садаIа а бегIийла хьелаш ду. Вайн цхьа а юрт яц маьждиг а, хьуьжар а йоцуш. Маьрша ду динлелор.

ХIора шарахь алсамйовлуш ю белхан меттигаш. Республикин Куьйгалхочо къаьсттина тидам тIебохуьйту къаьмнийн юкъаметтигаш аьхна, мерза хилийтарна, церан вовшашца йолу зIенаш чIагIъяйтарна. Нохчийчохь бIеннаш шераш хьалха дуьйна цхьаьна бехаш бу дуккха а къаьмнийн векалш. Кадыров Рамзана дIахьош йолу къоман политика бахьанехь дикка чIагIъелла церан вовшашца йолу уьйраш. Цара цхьаьна дакъалоцу вайн регионехь дIахьош долчу дерриге а даздаршкахь. Р.Кадыровн дIадолорца вовшах а тоьхна болх беш ю къоман-культурин исс туш, къоман-культурин шиъ автономи. Царна юкъахь ю ногIийн, гIалагIазкхийн, гIумкийн, жIайхойн, гIезалойн культурин туьшаш. Царна массо а агIор гIо-накъосталла до Iедало. Аьтто бу къаьмнийн векалшна шайн мотт, культура, ламасташ Iалашдайта, кхиадайта.

Оцу декъехь болх бо Кадыров Рамзана арадаьккхинчу «Къоман политикин концепцин» хьокъехь долчу Указаца нийса а догIуш. Хьаххийначуьра аьлча, ша Нохчийчоьнан Куьйгалхочун дарже хIоьттича цо уггаре а хьалха арахецначу Указах цхьаъ ду иза. Цул тIаьхьа тIеэцначу «Къоман политикин пачхьалкхан концепцих» куьйгалла а оьцуш, Нохчийчоьнан къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос кхочушдо халкъийн юкъаметтигаш чIагIъярна, церан вовшашца долу доттагIалла чIагIдарна тIехьовсийна долу дуккха а гIуллакхаш. Цу юкъахь ду вайн регионехь дехачу дерриге а халкъийн культурин денош дIадахьар. Оцу деношкахь церан аьтто хуьлу шайн халкъийн башха культура гайта, шайн гIиллакхех, ламастех, Iадатех, кхечунах лаьцна дийца.

Цу тайппана политика дIахьош хиларна тахана Нохчийчохь бертахь, цхьа доьзал хилла бехаш а, къахьоьгуш а бу нохчий, оьрсий, гIалгIай, гIумки, гIезалой, ногIий, жуьгтий, эрмалой, жIайхой, дуккха а кхечу халкъийн векалш. Цара массара а жигара дакъалоцу регионан социально-экономикин, юкъараллин-политикин, культурин-спортан дахарехь. Дерриге а халкъийн векалша хьокъала йоллу хазна юкъаюьллу Нохчийчоь кхиорна, къаьмнашна юкъахь машар, барт, аьхна юкъаметтигаш хилийтарна, делахь-хIета Россин дуккха а къаьмнех лаьтта юкъаралла цхьаьнатохарна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца тIеэцна йолу «Къоман политикин пачхьалкхан концепци» доккха маьIна, кIорггера чулацам болуш мехала документ ду. Цо къеггина билгалдоху халкъийн юкъаметтигаш кIеда-мерза хилийтарехь пачхьалкхан Iедалан органаша дан догIуш долу гIуллакхаш. Документехь хьесапе эцна Нохчийчохь дехачу халкъийн векалийн историко-культурин башхаллаш, кхиоран а, когахIотторан а чолхаллаш, карарчу хенахь халкъийн юкъаметтигашкахь долу хьал. Цундела, цу тIе а тийжаш, дIахьош болу болх кхиаме а, дика жамIаш луш а, беркате а бу.

Билгалдаккха деза халкъийн юкъаметтигаш тоярехь динчу дуккха а гIуллакхех тоам а ца беш, оцу декъехь беш болчу белхан кепаш тIеттIа шоръеш хилар. Масала, тIаьхьарчу шерашкахь вайн республикехь дIахьо кхузахь дехачу халкъийн векалийн гуламаш. Цигахь дакъалаца богIу Къилбаседа Кавказехь, Москвахь, Санкт-Петербургехь, мехкан кхечу регионашкахь дехачу халкъийн векалш. Гуламийн коьрта Iалашо ю Нохчийчохь вина, кхиъна мел верг регионца бала мел берг цхьаьнатохар, царна массарна а Нохчийчоь вайн юкъара цIа хилар дIахаийтар.

2006-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь хилира Нохчийчоьнан халкъийн Ассамблейн хьалхара гулам. Ма-дарра аьлча, Нохчийн Республикин керлачу исторехь халкъийн дуьххьарлера гулам бара иза. Цигахь дакъалецира вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ткъа иштта дозанал арахьарчу вайн сий-ларамечу махкахоша а, тайп-тайпанчу регионашкарчу хьешаша а. Оцу гуламан дакъалацархоша дерриге а дуьнене дIахьедира Нохчийн Республикера дуккха а къаьмнийн векалех лаьтташ долу халкъ цхьаъ хилар а, цуьнан ондда барт хилар а, и халкъ вовшах къасталург цахилар а, оцу халкъан векалшна юкъахь дохалур доцуш вошалла хилар а. Иза баккъал а иштта хилар гайтина цул тIаьхьа дIаяьллачу хено.

Таханлера Нохчийчоь юьззина бакъонаш йолу Россин Федерацин субъект ю. Шен халкъана маьрша, ирсе, токхе дахар дIахIоттош ю иза. Республика къевлина яц цхьана а къомах, муьлхха а дин лелош волчу стагана. Муьлххачу а стеган аьтто бу кхузахь маьрша Iан, ваха-ван. Цунна бIаьрла тоьшалла ду керла дина, тодина дIахIиттийна маьждигаш, Соьлжа-ГIали юккъехь йолу килс, дуккха а кхидерг. Машар, барт, вошалла дезаш вогIучуьнга массо а хенахь «Маьрша вогIийла», – баьхна нохчийн халкъо, тахана а боху. Оцу ойланца веаначунна шеме, дуьненан ялсамани ю Нана-Нохчийчоь.

Халкъийн юкъаметтигаш кхин а аьхна хилийтаран Iалашонца кхузахь кест-кеста вовшахтуху тайп-тайпана цхьаьнакхетарш, къийсадаларш, хьовсарш, гуламаш, и.ш дI.кх. Культурин а, искусствон а векалша доттагIаллин зIийдигаш кхиайо Россин регионашкахь а, дозанал арахьа а. Оцо кхана дика стом а, тIаьхье а лур ю.

Тахана юха а вайн республикерчу дерриге а халкъийн векалша билгалдоккху бахархойн бартхиларан, цхьааллин, маслаIатан де. Ерриге а школашкахь дIахьош ду машаран дарсаш. Ткъа кегийрхойн а, юкъараллин а организацеша, пачхьалкхан учрежденеша а, предприятеша а даздаран гIуллакхаш дIахьо. Цигахь дакъалоцуш бу эзарнаш, эзарнаш бахархой, къаьсттина кегийрхой. Екхаелла, елаелла ю адамийн яххьаш. Цаьргахь вовшашка болу ларам а, безам а хаало.

Нохчийчоь, маьрша а, токхе а хуьлда хьан кхане!

 

С.ДАДАЕВ

№102, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: