Рио-де-Жанейрохь дIадаьхьначу «Рио – 2016» Олимпийски ловзаршкахь Нохчийчоьнан цIарах Россин вовшахтоьхначу командехь а, кхечу пачхьалкхийн цIарах а дакъалаьцначу нохчийн спортсменашна лерина доккха той дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу даздарийн «Сафия» цIийнехь хIокху деношкахь.
Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, дуьненахь а бевзаш болчу нохчийн спортсменаша а, бахархоша а. Царах дукхахболчара Олимпийски ловзаршкахь дакъалаьцначу нохчийн спортсменийн сий-ларам бар дIагайта а, уьш декъалбархьама а, Нохчийчоьнан а, Россин а пачхьалкхан байракхаш кара а лаьцна, шайх лаьтташ йолу «дийна» коридор йинера.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира Россин вовшахтоьхначу командина дуьхьал долийна хилла долу «допинган» дов озабезаман амал йолуш хилар. Цул сов, цунна хетарехь, Россин вовшахтоьхначу командин спортсменашна психологин агIор тIех боккха Iаткъам а бина.
«Россин командина чIогIа хала дара Риохь. Амма спортсменаша толаме болчу шайн лаамийн ницкъ а, спортан доьналла а гайтира. Оцу ловзарийн мидалш яхархьама, цигахь дакъалаьцначу вайн мехкан берриге а спортсменаша а ондда къахьийгира. Тахана вайн вешан спортсменех даккхийден бакъо ю. Россин спортана дуьхьал йолийна «допинган» кампани йоллушехь, вайн спортсменаша шайгара хьуьнарш а гойтуш, 56 мидал а, командашна юкъахь йоьалгIа меттиг а яьккхина», – элира Р.Кадыровс.
Иштта цо билгалдаккхарехь, республикин бахархой чIогIа сатесна бара, Россин вовшахтоьхначу командехь Нохчийчоьнан цIарах дакъалоцуш хиллачу И.-Б.Альбиевс а, А.Болтукаевс а, И.Магомедовс а, I.Абдурашидовс а мидалш яхаре.
«Вайн спортсменаш, махкахь а тоьллачу спортсменийн могIаре а бевлла, Олимпиаде бахара. Цунна кечамаш беш, кхара массара а дукха къа а хьийгира. Мел халахеташ делахь а, цхьамма а мидал ца яьккхина. Амма мидалш ца яьхнехь а, турпалхой бу хIорш. Спортехь толамаш а, цаьрца цхьаьна эшамаш а хуьлу. Ас сайн цIарах даггара баркалла боху вайн спортсменашна. Кхара Россин а, Нохчийчоьнан а, нохчийн халкъан а цIерш хьакъ доллуш ларйина. Со тешна ву, тIейогIучу хенахь вайн спортсменаша дуккха а толамаш бохург хиларх», – билгалдаьккхира цо.
Шен къамел дерзош, республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс И.-Б.Альбиевна а, А.Болтукаевна а, И.Магомедовна а, I.Абдурашидовна а «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалш елира. Иштта и мидалш «Рио – 2016» Олимпийски ловзаршкахь Румынин цIарах дакъалаьцначу А.Саритовна а, А.Малиговна а, А.Аухадовна а елира.
Билгалдаккха догIу Румынин цIарах дакъалаьцна волу А.Саритов Нохчийн Республикин вахархо а, нохчи а хилар. Цо оцу ловзаршкахь йоьза мидал яьккхира. Ткъа А.Малигов а, А.Аухадов а Россин езачу атлетикин вовшахтоьхначу командин ши декъашхо вара. Россин командина дисквалификаци яр бахьана долуш, «Рио – 2016» ловзаршкахь дакъалоцийла ца хилла цу шиннан.
И.ИСЛАМОВ
№102, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо