Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан терроризмаца къийсам латтор дера а, хийцам боцуш а хила деза аьлла хеташ ву.
Россехь 2005-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш долчу Терроризмаца къийсам латторехь цхьабартхиларан дийнахь, Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь терроризмах лаьцна кост яздинера. Шен йозанехь цо билгалдоккху «терроризм» боху дош тIаьхьарчу ткъа шарахь уггаре а дукха хезачу дешнех хилар.
«Дуьненахь эзарнашкахь адамийн дахар дIадаьхьна теракташа. БIеннаш, эзарнаш адамаш хIаллакдан, цIий Iано гIертачу мостагIчуьнца ловзарш лело мегар дац. Цуьнца доцца а, дера а къамел дан деза, йогIу кхел ян а еза», – яздо Р.Кадыровс.
Дуьненаюкъарчу терроризман зулам уггаре а хьалха шена тIехь хааделлачарах нохчийн халкъ ду. Оцу зуламна дуьхьало ярехь, къийсам латторехь коьрта дакъа ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цунна гуонаха хиллачу накъостийн а.
«Ахьмад-Хьаьжас 25 шо сов хьалха дуьххьара дIакхайкхийра террористаш жоьжахатин жIаьлеш хилар а, нийса ойла мел еш волу стаг царна дуьхьал гIатта везаш хилар а. Цо массарна а гойтуш, емалбора вахабизман хIу хьакхаделла болчара беш болу харц кхайкхамаш, хьехамаш. Цхьа Ахьмад-Хьаьжа бен ца велира террористийн баьчча а, малхбузерчу лерринчу службийн векал а волу Хаттаб Нохчийчуьра а, Россера а араваккха ала. Цо а, кхиболчу террористаша а Нохчийчоьнна деш долу зуламаш довзийта, даккхий гIуллакхаш дора Ахьмад-Хьаьжас, цхьаьнакхетарш вовшахтухура. Шен дахар ца кхоийра цо, нохчийн халкъ кIелхьардаккхархьама. Цуьнца цхьаьна эзарнаш накъостий бара, халкъан дуьхьа арабевлла», – яздина республикин Куьйгалхочо.
Иштта, вайн мехкан куьйгалло терроризмаца къийсам латторехь доккха дакъалоцуш хилар а билгалдоккху цо.
«Россин куьйгалла, мехкан Президент Путин Владимир куьйгаллехь а волуш, терроризм шен буйнахь хIаллакъян, иза ца яржийта, шен зуламе куьйгаш вайн Даймахкана тIе цуьнга ца кхачадайта гIерташ, чIогIа къахьоьгуш ду. Халахеташ делахь а, оцу къийсамехь эшамаш а хуьлу. 2016-чу шеран бекарг (март) баттахь Шемахь, террористийн тылехь волуш, герзаш шена тIе а тохийтина, турпалаллица кхелхина Прохоренко Александр. Кхелхинчул тIаьхьа Россин Турпалхочун цIе елла цунна. Терроризмаца къийсам латторехь цхьабартхиларан денна тIе а доьгIна, Нохчийн Республикин Парламентана уллохула боьдуш болчу урамна А.Прохоренкон цIе тиллина оха. Тхо даггара тешна ду, халкъо шен турпалхой дагахь латто безаш хиларх», – дерзадо Кадыров Рамзана шен кост.
А.ХАТУЕВА
№102, шинара, товбецан (сентябрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо