Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 65 шо кхачарна лерина Ерригроссин Iилманан-практикин «Кавказехь машар кхолларан гIуллакхаш: урокаш а, перспективаш а» конференци (IV-гIа Кадыровн ешарш) дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитель Ахмадов ШахIид, Республикин дешаран, Iилманан министр Байханов ИсмаьIал, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президент Гапуров ШахIруди, кхоллараллин, Iилманан интеллигенцин а, юкъараллин организацийн а векалш, кхиберш.
РогIерчу «Кадыровн ешарийн» болх дIаболош, Ш.Ахмадовс билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин йоццачу хенахь нохчийн юкъаралла цхьаьнатоха а, республикехь дехаш долчу дерриге халкъийн а, динийн а векалийн цхьабартбан а аьтто баьлла хилар.
«Билггал А.-Хь.Кадыров вара Нохчийн Республикин таханлерчу токхонан бух биллинарг. Ткъа цо долийна долу гIуллакх дIакхоьхьушверг хIинцалера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан ву», – тIечIагIдира Ахмадов ШахIида.
Гапуров ШахIрудис дийцарехь, А.-Хь.Кадыров Кавказехь а, ерриге Россехь а машар кхолларехь уггаре баккхийчарах теоретик а, практик а хилла.
«Цуьнан гIуллакхаш бахьанехь XXI-чу бIешеран юьххьехь нохчийн юкъаралла екъаелла хилар а, адамаш вовшашна дуьхьалхIиттар а дIадаккха таро хилира. Оцу балхо дика тIеIаткъам бира ерриге Къилбаседа Кавказехь а, Россин Къилбехь а долу политикин хьал тодаларна а. ТIаьхьарчу 30 шарахь Герггарчу Малхбален а, Африкин а мехкашкахь болу граждански къийсамаш гуш бу вайна. Оцу мехкашкахь долу чоьхьара девнаш дIадаха аьтто ца болу, хIунда аьлча, Ахьмад-Хьаьжа санна волу стаг вац цигахь. Нохчийн халкъан исторехь гIарабевлла хиллачу турпалхойн амалш яра цуьнца. Уггаре а хьалха, Таймин Бийболат санна, майра, доьналле стаг хилла ца Iаш, Нохчийн Республика шен хьакъ йоллу меттиг дIа а лоцуш, Россица цхьаьна хила езарх тешна волу дипломат а, политик а вара», – билгалдаьккхира Ш.Гапуровс.
Нохчийн Республикин экономикин а, культурин а кхиар Ахьмад-Хьаьжин цIарца доьзна хилар билгалдоккхуш къамел дира Байханов ИсмаьIала.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн истори, синъоьздангалла, культура йовзарна мах хадалур а боцу дакъа юкъадиллина. Тешаме кIант санна, халкъан иэсехь вуьсур ву иза», – тIечIагIдира цо.
Официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, секцийн кхеташонашка екъна дIаяьхьира конференци. Цигахь 50 доклад йовзийтира. Дакъалацархоша билгалдоккхура Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийн Республикин а, Россин а исторехь шен меттиг дIалаьцна а, сирла лар йитина а хилар.
А.ХАСБУЛАТОВА
№104, шот, товбецан (сентябрь) беттан 10-гIа де, 2016 шо