Церан Iалашо – ГаланчIожан кIошт меттахIоттор

Арахь дара 2012-гIа шо. ХIинццалц дIаихначу денойх къаьсташ хила, гуш бахьана а доцуш, деара рогIера де а. Амма оцу дийнан Iуьйрено, аьлча а, оцу Iуьйренца кхаьчначу хаамо, нохчийн халкъан хIора а векалан санна, суна а синтем бира. Оцу дийнахь билгалделира, Нохчийн Республикин Парламенто ГаланчIожан а, ЧIебарлойн а кIошташ меттахIитторан хьокъехь долу закон тIеэцна хилар. Цунах инзаре-боккха кхаъ хиллера вайн нахана. Амма, дукха хьолахь, хуьлуш ма-хиллара, мелла а хан яьлча, дикка лахделира оцу законан хьокъехь долу къамелаш а, дийцаре дарш а. Суна а иштта «коьртера» делира иза.

HRRr9Sb7bLI

Амма карарчу 2016-чу шеран хьаьттан баттахь юха а дийцаре дан долийра и гIуллакх. Маьрша бахархой шайлахь иза дуьйцуш Iашшехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министран заместитела Алаутдинов Аптис куьйгалла а деш, некъ «баьккхира» ГаланчIожан кIошта. Цул тIаьхьа цига вахара республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а.

«Нохчийн халкъан дуккха а тайпанийн меттамотт лаьттинчохь ду вай. Вайн халкъ Казахстанера а, Юккъерчу Азера а цIадирзинчул тIаьхьа дуьйна, таханлера де тIекхаччалц, кхузахь Iен бакъо яцара вайн. Ткъа хIинца, таханлерчу дийнахь дуьйна, кхузахь Iен бакъо хиларал сов, вай кхузахь дай хилар дIахаийта а, дIакхайкхо а бакъо а, бакъо хиларал сов, декхар а ду вайн. Со тешна ву кхузахь орамаш долчу тайпанаша шайн бIаьвнаш меттахIитториг хиларх а, хIокху лаьттан доладийриг хиларх а», – яздира Р.Кадыровс ша ГаланчIожан кIошта ваханчу муьрехь.

Цул тIаьхьа, кхин хье а ца луш, ГаланчIожахь уггаре а хьалха меттахIоттийра Бенойн тайпанан бIов. Иза схьаелларна леринчу даздаршкахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс а, цуьнан бIанакъосташа а, культурин министерствон векалша а.

Оццу муьрехь республикин юкъараллин-политикин «Даймохк» газетан редакце цхьа тоба еара. Тобанан ши декъашхо республикехь а дика вевзаш вара: «Хайбах. Следствие продолжается» книгин автор Гаев Саламат а, Iеламстаг Эсмурзаев Анзор а. Ткъа вуьйш, хIинццалц махкахь цIеяххана бевзаш ца хиллехь а, тахана вайна бовза а, беза а хьакъ болуш бу: Умалатов Муслим, Бисултанов Iаьрби, Мурдалов Муслим, Байсапов Хьусейн, Ирасханов Шайх.

Оцу наха, бусалба динан бехкамаш дIабевллачул тIаьхьа, ГаланчIожан кIошт меттахIотторах шайн дахаран къилба дина. «ГаланчIожан кIошт меттахIоттор дIадолоран тоба» цIарца бевзаш бу уьш тахана.

– 2012-чу шарахь, оцу гIуллакхан бала а кхаьчна, цхьаьнакхетта ду тхо. И гIуллакх республикин хьалхарчу Президентаца Кадыров Ахьмад-Хьаьжица а, республикин Парламентан спикер лаьттина волчу Абдурахманов Дукхувахица а дийцина дара (Дала гечдойла цу шинне а). 2003-чу шарахь дIаболийначу белхан жамI ду тахана ГаланчIожан кIошт меттахIоттор Iедалан тIегIане далар, – дуьйцу оцу тобанан куьйгалхочо Бисултанов Iаьрбис.

Цо билгалдаккхарехь, шен хенахь республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дош деллера, 2003-чу шарахь халкъан харжаме юьллур йолчу Нохчийн Республикин Конституци тIехь ГаланчIожан а, ЧIебарлойн а кIошташ хилар билгалдоккхур ду аьлла. Цо шен дош кхочуш а дира. Оцу шарахь нохчийн халкъо республикин керла Конституци тIеийцира. Цу тIехь, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ма-аллара, Нохчийн Республикина юкъахь ГаланчIожан а, ЧIебарлойн а кIошташ хилар чIагIдина дара. Делахь а, Делан кхел хьалхаялар а, дуьненахь шен дахаран мур чекхбалар а бахьана долуш, оцу декъехь кхин хIума дан ца ларийра иза.

2007-гIа шо кхаччалц, кхин терго а йоцуш, латта дисира и гIуллакх. Ткъа оцу шарахь, республикин Конституцина хийцамаш баран хьокъехь референдум чекхъяьллачул тIаьхьа гучуделира, ГаланчIожан а, ЧIебарлойн а кIошташ «яйна» хилар: республикина юкъайогIучу кIоштийн могIарехь хьахийна яцара и ший а кIошт.

Цул тIаьхьа, пхеа шарахь, вовшашка иза хоуьйтуш а доцуш, хIора а нохчичо син-бала лайра. Цундела бара иза, 2012-чу шарахь кхаьчна болу хаам, инзаре-боккха кхаъ санна беза.

Амма тахана кIошт меттахIотторах пайда бац, цигахь Iийр долуш адам дацахь а. Ткъа цхьанхьа даха доьлла долу адам, и меттиг дIа а тесна, кхечу меттехь даха атта хуур дац. Делахь а, Бисултанов Iаьрбис чIагIдо, оцу кIоштахь баха лууш а, баха хьалагIур болуш а эзар- нашкахь нах хилар.

– Нохчийн Республикин экомика, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон векалийн а кхолладеллера иштта хаттар. Цунна жоп лахаран Iалашонца ас куьйгалла дечу хIокху тобано дукха болх бина. И болх бар бахьана долуш, оцу кIоштахь ваха лууш а, ваха хьалагIур волуш а 5 эзар ца кхоччуш стаг ву. Иза оха ши-кхо шо хьалха гулдина терахь ду. Ткъа тахана, ца кхоьрруш ала мегар ду, церан терахь кхин а лакхадаьлла аьлла, – боху Бисултанов Iаьрбис.

Цхьана а кепара инфраструктура а йоцуш, дерзинчу лаьмнашка, цигахь мацах дай Iийнера я шайн тайпанийн орамаш ду аьлла, цига гуттаренна а хьалабаханчу (нагахь санна уьш гIахь) наха хIун лелор ду теша бохучу хаттарна дала а кийчча жоп ду Iаьрбин а, Саламатан а.

– Даьхни а, накхарш а лелорна тоьлла меттиг ю иза вайн махкахь. Цул сов, 80 шарахь гергга хьа а ца деш лаьттина латта а ду цигахь. Оцу латтано дуккха а шерашкахь кхобур бу цигахь баха лаам болу нах. Коьртаниг – жимма къахьега церан лаам хилар. И лаам белахь, оцу кIоштахь дерзина лаьмнаш дара аьлла, стаг мацалла лийр вац, – бохура I.Бисултановс.

С.Гаевс дийцарехь, нохчийн халкъ махках даккхале, оцу кIоштахь исс юкъаралла хилла: Маьлхий, Кай, Мерзой, Галай, Аьккхий, Ялхорой, Нашхой, Пешхой, ТIерлой. Цара дIалоцуш хиллачу 85 эзар гектар латтанах 1 800 гектар дуьйш-дерзош лелийна. Цул сов, цхьа миллион ца кхоччуш уьстагI а, иттаннаш эзарнаш бежана а, эзарнашкахь говраш а лелийна.

– Цигахь ялта ден-дерзо а, цуьнца цхьаьна даьхний лело а вай доьлча, республикина жижигах 50 процентана а, ялтех масех процентана а кхачам бан таро йолуш кIошт ю иза. Цул сов, латта а ду цигара дика. Къаьсттина дика картол кхуьу. Иза мел кхуьу аьлча, хIума яа охьахиъначу шина стага вуззалц иза яарх а, буха юьсуш а хуьлу, – дуьйцу цо.

Иштта, этнотуризм кхион а (уггаре а хьалха нохчашна юкъахь) бух болуш лору С.Гаевс ГаланчIожан кIошт. Иза а, I.Бисултанов а тешаш ву, нохчийн халкъан дуккха а тайпанаш схьадевлла йолу меттиг, цигахь туризм яржоро эвхьаза йоккхур яц аьлла.

– Вай вешан дайн а, вешан историн а, культурин а ларам бан доьналла долуш делахь, я ваьш а, я туристашка а эвхьаза йоккхуьйтур яц и еза меттиг, – боху цхьабосса цу шиммо а.

Амма оцу кIоштана гуонаха дерриге а иштта самукъадоккхуш дац: карарчу хенахь, оцу кIоштан билггал дозанаш билгалдаьхна а, Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а юкъара доза къастийна а цахиларе терра, тIехь да воцчу махкана санна, хьаннаш хьекхарца, гIалгIайн агIор денна а «тIелетарш» ду кIоштана деш.

Бисултанов Iаьрбина хетарехь, оцу гIуллакхан тергоярхьама, ГаланчIожан кIоштана урхалла дан билгалбаьхна нах беза. Вай тешаш ду, и гIуллакх карарчу хенахь цхьана хорша доьрзург хиларх.

Ткъа хIара яздар, «ГаланчIожан кIошт юхаметтахIоттор дIадолоран тобанан» декъашхо а, Iеламстаг а волчу А.Эсмурзаевн дешнашца дерзо луур дара: «ХIокху наха бийриг мехала а, беркате а болх хилар сайна гича веана со кхарна юкъа. Вайн халкъана, хIинца оха, Делан пурбанца, арабаьккхинчу некъан тIаьхьенаш кестта евзарг хиларх догйовхо ю сан».

И.ИСЛАМОВ

№104, шот, товбецан (сентябрь) беттан 10-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: