ЧIаьнтахь ахьаран хьожа йогIура…

IMG_4486

ГIаланашна тIехдевлча, Шуьйта, Итум-Кхаьлла, кирхьа тIехьа лаьттачу хазачу нускалах тарлой, хьайн мохк а, хIара дуьне а хьуна юхадезадолуьйтуш исбаьхьчу Iаламан хазалло токхдо дог…

Бехк а ца хилла, жима Нохчийчоь, хьо нахана сел дукхаезар а олий хетало. Лаьмнаш, хьаннаш, ламаройн сиха амал шайх дIайоьлча санна, чехка хьаьдда догIу шовданаш – дерриге а шатайпа хьоме ду. Хьо кхузахь цкъа а ца хиллехь а, хIокху лаьтте болу безам хьан ворхIе дайн цIийх боьлла, хьан син кIоргенех бехаш хиларна, хьо кхузахь эзарза хилла моттало хьуна…

Даймохк… Хьан хIора лам, хьан хIора бIов тхан дайн цIийх, бIаьрхих, хьацарх йоьттина хилла дела, хетий тхуна-м хьо гергара, хьоме.

Итум-Кхаьллал а лакхарчу ЧIаьнтахь, ширачу бIаьвна уллехь ша-шаха совцу когаш. Хьо селхана бен йина а яц моттало, хьо цхьа жима бер ду, цхьа цинц ду хIокху ширачу, къеначу бIаьвнан хене хьаьжча… Ткъа кхуьнан масех бIе шо! «Хьаша беркат лерина вайн дайша! Марша догIийла шу!», – олуш дуьхьал волу хIокху меттиган да Яскин Янарсан кIант Iалбек-Хьаьжа.

Яхь йолу тIаьхье йитинарг веллла вац, цунах цхьа а шеко яц. Iалбек-Хьаьжа а, цуьнан хIусамнана Ибиева Зараъ а, церан нохчийн куьцехь йолу хIусам а дегIана, сина, бIаьргашна аьхна яра!

ГIиллакх, оьздангалла бен оцу хIусамехь товш а хир яцара.

Делахь а, уггаре а шена тIе бIаьрг хIуттург тIулгех йина керла хин хьера яра.

Цхьана XVIII-чу бIешаре хьошалгIа кхаьчча санна дара иза. ЦIеначу хьух даьллачу ялтийн, хьаьжкIийн буьртиг цхьацца оьгуш кохьаран бага бужура, къар-къар а екара хаддаза.

Ломарчу буто тIулго охучу буьртигех, хьан бIаьргашна гуш лаьтташехь гуонаха ахьаран мерза хIур биллира. Ткъа ахьар багахь дешара, унах цIена ялта ганза кийра хьостуш.

Вай махках дахале хьалха, шайн дайн хилла хьера ша хиллачу меттехь, тIулгех оганаш деш, шел хаза кхин хуьлийла доцуш юхайина Яскин Юсупан Мохьмада а, Яскин Янарсан Iалбек-Хьаьжас а 2009-чу шарахь.

Шен гIуллакх дечо нехан гIуллакх а, мехкан гIуллакх а до бохург нийса ду. Мел генара а хьеший кхочу Итум-Кхаьлла ган лууш. Иштта ца хилча а, вай вешан эзарнашкахь махкахой а бу телевизор чохь бен шайна гина боцу мохк ган лууш. Амма цхьа стаг, да, верас ваьлла хила веза, дайн орамах дисинчу ниIматах дезар дан, бIаьрг Iуналла дан. Ахьаран, цун хьожа товш яра ломахь. Хьан бIаьрго схьа ма-лоццу дIасаяьржинчу ломан аренийн дIахьедар а дара кхеташ: кхузахь, буьрсачу ломахь, хьуо вахахь стаг хилий ваха я стаг хилла ваха таро яцахь, лей дIавала. Стигаллий, латтий вовшахийначу ЧIаьнтахь кхин а дара дийца.

ЧIаьнтахь яьлла ахьаран хьожа, берриге а Даймахках йогIура хIинца.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: