«Цуьнан сица ду иза» олуш ду нохчийн халкъалахь. Цунна тIе а тийжаш, ца-кхоьрруш ала мегар ду, Саидов Шемалан (Шамиль Арбини псевдонимаца вевзаш ву иза) поэзига болу безам сица бу аьлла… Аьлча а, цуьнан сих поэзи йоьлла аьлла. Иштта бен иза хуьлийла а дац.
1976-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вина Шемал. Да-нана хьехархой хилар бахьанехь, диъ шо долуш еша а, язъян а Iемира кIантана. Цуьнан да, Саидов Iарби, Йоккхачу АтагIарчу цхьана школехь 50 шарахь директор лаьттина ву. Нанас, Эсенбаева Бэллас, оцу юьртарчу №1 йолчу школехь хьехархочун болх бина.
Шемала 1991-чу шарахь чекхъяьккхина школа. Цул тIаьхьа, ши шо даьлча, Соьлжа-ГIалин коммерцин колледже деша хIоьттина. Цигахь дукха ца Iаш, 1994-чу шарахь, Нохчийн пачхьалкхан университетан финансово-экономикин факультете дехьаваьлла. Иза 1999-чу шарахь бен чекхйоккхийла ца хилла цуьнан. Ткъа 2000-чу шарахь Москва Iен а, ваха а дIавахна.
Карарчу хенахь цигахь Iаш а, гIишлошъяран декъехь къахьоьгуш а ву иза. Мукъа волчу хенахь оьрсийн классика а, дуьненаюкъара литература а йоьшуш самукъадолуш ву. Нохчийн поэтийн кхоллараллех Шемална уггаре а юххера хета Хатуев Iабдул-Хьамидан кхолларалла. Цуьнан говзарех цо къастийнарг ю «Бусалба сан Нохчийчоь» цIе йолу байт. Иза иштта хиларх цецдовлийла яц – муьлххачу нохчичунна а, хазахеташ ю и стихотворени … аьлча а, цуьнан буха тIехь Димаев Iелас даьккхина долу илли.
Шен дуьххьарлера байт 14 шо долуш язйина Шемала. Шен кхоллараллина Высоцкий Владимира а, Цой Виктора а тIеIаткъам бина хеташ а ву иза.
Дуьххьарлера байташ дахарх, Iожаллах лаьцна хиллехь а, жим-жима седарчех а, шен юьртах а, адамийн дахаран Iалашонех а лаьцна язйо цо. 1999-чу шарахь, республикехь шолгIа тIом балар бахьана долуш, цуьнан байтех дуьззина долу тептар дегира. Цул тIаьхьа цо чIагIо йира кхин ца язъян. Амма поэзи сих йоьлла волу Шемал ца язъеш ца Iало. Иштта дIаволало иза юха а язъян.
Тахана, Шемала ша билгал ма-даккхара, цо байташ де-буьйса а, волу меттиг а ца къестош язйо.
– Билггалчу хенахь сайн сица долу хьал дIадовзуьйту ас байташкахь, – бохура Шемала.
Де-буьйса, дахар чаккхене дерзар я керла дахар кхолладалар, бIаьсте, аьхке, Ислам-дин – и дерриге а Шемалан дог ир-кара хIотто ницкъ болуш ду.
– Со бусалба стаг хиларе терра, ас сайн байташкахь нийсо а, дегнийн цIеналла а, Ислам-динан башхаллаш а хестайо, – билгалдоккху цо.
Шемала, хIинцале ши книга араяьккхина: «Проходит все» – 2007-чу шарахь, 2015-чу шарахь – «Мне в сердце сто».
Таханлерчу дийнахь Шемалан ерриге а говзарш инстаграмерчу @shamil_stihi цIе йолчу цуьнан агIонехь йовза йиш йолуш ю.
Ешархоша чIагIдарехь, Шема лан байтийн хатI гIажарийн поэташа XVII-чу бIешарахь лелийначух тера догIуш ду. Амма, автора билгалдоккху ша цкъа а кхечу авторийн хотIе верза ца гIиртина хилар.
И.АДАМОВ
№104, шот, товбецан (сентябрь) беттан 10-гIа де, 2016 шо