ВИЧ/СПИД инфекцех ларбала Iамийра

Соьлжа-ГIаларчу №18 йолчу школехь ВИЧ/СПИД инфекцешна профилактика яран Iалашонца семинар хилира.

maxresdefault_w1200_h800

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а туьшо а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а.

Школин лакхарчу классийн дешархошца цхьаьнакхетаре еана яра лакхахь хьахийначу туьшан психолог Абдулкадырова Алина.

Дукха хан ю цо СПИД-на профилактика яран а, цуьнца къийсам латторан а туьшахь болх бен. ВИЧ/СПИД инфекцеша хIаллакбина нах, церан кхолламаш дика бевза цунна.

Цо дийцира и тайпа кхераме, дарба доцу инфекцеш тIеяларан некъех дерг лаьцна а, царах муха ларвала веза а. Шена инфекцеш хир яц аьлла тешна волчуьнгахь а хийла уьш карийна меттигаш ю. Масалш далош, бераш кхетар долчу агIор дика дийцира А.Абдулкадыровас. Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон арахьарчу зIенийн отделан говзанчас Айдамиров Бекхана элира: «Цхьаболчу кегийрхошна хууш ца хила тарло оцу инфекцин зен-зуламах дерг. Вайн республикехь кхоьллина дика хьелаш ду ВИЧ/СПИД инфекцеш ю-яц таллархьама. Цхьаболу кегийрхой кхеташ ца хуьлу шайга анализаш дIаялийтаран Iалашонех. Оцу гIуллакхан мах кхоччуш хууш а хилча, инфекцийн зуламах ларбала хуур дац».

Дешархоша жигара дакъалецира оцу къамелехь. Хаттарш а кIезиг дацара церан. Баьхкинчу эксперташа ВИЧ/СПИД-на профилактика яран чулацамца кечйина буклеташ йийкъира дешархошна.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№104, шот, товбецан (сентябрь) беттан 10-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: