ХIара бIаьсте ша иштта, ярхьама йогIу моьтту шуна? Ца йогIу дера! Иза зударийн дуьхьа бен йогIуш ма яц.
Дуьне хаздеш ерг, хIусам йохъеш ерг, дахар тодеш ерг мила ю? Адамийн дуьненахь лар юьтург, цIе кхобург, дуьне дендеш ша лешъерг мила ю? Иза бен яц-кх и, бIе, эзара, масех миллиард бен йоцу зуда…
Цуьнан цIарах Дала аьлларг а тоьаш ду…
Зуда – гуттар а бер ду. Елар – беран, елхар а, иштта, шена – эшам, нахана гIолий яр – беран. Бер ду иза, шена хьекъал доцуш, ткъа доллучу дуьненна беркат а долуш.
Хилча, хир а ма-дацара, къонахаша, хIора гурахь, хIора шарахь, хаза а дуьйцуш иза Iехаяр. БIаьстей, зударий – синонимаш ю. Зуда муха хуьлу гуонаха зазий, зезагий, бIаьрхишший доцуш?
Ломахь я аренца хуьлийла иза, зуда даима а хIордан йистехь ехаш ю… Царна, оцу «дуьненан даккхийчу бIаьрхишна» уллохь ду цуьнан экама дог. Зудчо латтабо хIорд, шена хазахетча а йоьлхуш, ша гIелъелча а йоьлхуш.
Тидам биний аш, ша йоцург даима а цхьаъ лоьхуш ю зуда? Цунна бацалахь тхи карадо, стиглара стелаIад хазло, чIегIардиган дахар дазло.
Цо пенаш гIиттадо, доьзалш кхиабо, бIаьста кхечеран кхолламера ша башабо. Цуьнан оьздангалло дуьне а, «нуй хьоккхий», цIандо. ТIаккха бен вайна дуьне деза а ца ло. Ненан бIаьрхиш, маьлхан зIаьнарша кхолош хилча, зудаберан бIаьрхих башлам хьоьгуш гича, хIунда бу-техьа вайн хIинца а боьлхурш?..
ЙоI – довзаза туьйра, яздаза хIайкал. Нохчийн йоI – баьллийн заза, экама додам, зудабер, зуда-къонах…
Зударша зударшна зезагаш духкуш мел ду, зударий зударий бац… Зуда йицлуш ю бер санна.
Цунна хIора дийнахь дагадаийта дезара ша зуда хилар. ХIун ду цигахь хала? ХIумма а дац.
Стаг волчу стагана уллохь зудчунна дуьсуш дерг хIун ду – зуда хилар. Зудчуьнца дерг Дала къастийна даьлла дукха хан ма ю – зуда ю-кх иза. Вайна ша зуда юй хиъча, ша зуда бен йоций хиъча тоьаш йолу зуда. ТIаккха цо гIаланаш гIиттош, аганаш техкош, ялташ хьекъош, ша йоцург массо а ирсе ван гIерташ некъаш идор ду… Шен дуьхьа цкъа а ца еха. Иза ца хьаьжна, ца яьхьна шен дуьхьа яха, шенна цхьаъ, ша ирсе хила.
Мел ирсечу зудчунна а оьшу хаза дош. Цуьнан лерса беран санна ду, шена декъаза, вайна ирсе. Иза Iехош, хьоьстуш, шаьш хIоккхара тIулг дIога боккхур бацахь а, моттийта цунна, шаьш хIара лам дIогарчу лома тIетатта дохку. Цунна Iехаяла лаьа, йицъяла лаьа, дуьненан къахьо наггахь мерза яа лаьа… Зудчунна зуда ирсе, йоьлуш, декъал хилла бен ган а ца лаьа…
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап
№105, шот, товбецан (сентябрь) беттан 17-гIа де, 2016 шо