Азаллехь дуьйна нохчийн зудчо схьакхоьхьург вуно доккха дукъ ду. Халкъ махках даккхар, тIемаш, къизаллаш, мацалла… Дуккха а ду турпалчу нохчийн зударийн лан дезнарш. Вайн къоман оьзда гIиллакхаш, дайн Iадаташ, хаза ламасташ, жовхIаран бIаьрг санна, лардеш, хIокху дийне схьакхачийна вайн наноша. Уьш хьакъ ма-дду ларийна бусалба дино а, Даймахко а шайна тIедехкинчу декхаршца. Цаьргахь баккъал а онда хьуьнар, собар хиллий вайна гойту таханлерчу дийнахь нохчийн гIиллакхаш, Iадаташ халонца Iалашлуш хиларо. Халахеташ делахь а, хIинцалерчу кегийрхоша жим-жима дIатосуш, дицдеш ду вайн къоман хаза гIиллакхаш, наггахь бен ца буьйцуш, буьтуш бу ненан мотт…
Нохчийн махкахь нохчашна юкъахь Iаш долчу вайна а къоман хазна Iалашъян атта ца хилча, дозанал арахьа Iаш болчу нохчаша хIун до-те олий, ойла кхоллало. ХIинц-хIинца я иттех-ткъа шо хьалха цIера дIабаханчарна-м башха хало хир яц цу тIехь. Амма бIе шо сов хьалха шайн дай кхузахь Iар доцург, шаьш цкъа а Нохчийчохь хилла а боцчу нохчашна тахана Иорданин, Хонкаран мехкашкахь Iаьрбошна, туркошна юкъахь нохчийн Iадаташ лело, нохчийн мотт Iалашбан атта хир дац.
1901-чу шарахь Нохчийчуьра Иордане хьижрат динчарах бу Бенойн БойсагIаран тIаьхьенах болу БакиргIеран доьзал. БойсагIаран вешин кIентан кIентан доьзал хилла иза (БакиргIеран вежарий Iабдул-Маджийд, ИсмаьIал, ВацIа). Иордане дIакхелхачу хенахь зуда ялийна хилла Iабдул-Маджийд а, ИсмаьIал а. Цундела, уьш шайн доьзалшца цигахь бисина. Ткъа шен тIехьийза йоI Нохчийчохь йисина волу ВацIа Даймахка цIавирзина. Цуьнан тIаьхье тахана вай долчохь ю.
Лакхахь вай вийцинчу Iабдул-Маджийдан кIентан йоI ю вайн таханлерчу дийцаран турпалхо Бакир Надья. 1962-чу шарахь Заркъа шахьарахь Мухьмадан а, Iайшатан а доьзалехь дуьнен чу яьлла иза. Пхи йоI а, кхо кIант а хилла церан доьзалехь. Нохчийн доьзалшкахь дIахIоьттина ма-хиллара, да болх беш, напха латтош хилла, ткъа нана, нохчийн гIиллакх-оьздангаллица догIуш доьзал кхиош, цIахь Iийна. Надьян дас-нанас а, вежарша-йижарша а гуттар нохчийн мотт бийцина шайн доьзалехь.
Шен 17 шо долуш, школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, нехан цIен тIе яхара Надья. Йиъ йоI, ши кIант – ялх доьзалхо хилира цуьнан (йоккхах йолчу йоьIан хIинца 36 шо ду, жимачун – 17). Доьзалхой кегий болуш, уьш кхиорна, церан дешарна, хьашташна йоллу хан дIалуш яьхна Надья. Шен 40 шо дуьзча Къуръан Iамо йолаелла иза, цу тIехь цунна доккха гIо дина Iаьрбойн мотт дика хааро. 2010-чу шарахь Къуръан кхечарна хьеха бакъо (иджазахI) луш долу тоьшаллин кехат даьккхина цо (шен 48 шо долчу хенахь).
Иорданерчу нохчийн зударшна юкъахь кIезиг бац, цхьацца говзаллаш караерзийна, болх беш, зударийн юкъараллашкахь жигара дакъалоцуш берш. Цигахь болу вайн зударий цхьаьнакхеташ, гуллуш меттигаш (Нохчийн зударийн юкъараллаш) ю цигарчу шахьаршкахь Заркъехь а, Сувейлехь а. Лулахь-кулахь, шайн урамехь болчу зударшна таджвид (Къуръан дешаран Iилма, низам) Iамош, хьанала къахьоьгуш ю Надья. Цул сов, ненан мотт Iаморна, цуьнца доьзна долу хаарш кхиорна тIе а боккха тидам бохуьйту цо.
Нохчийн мотт Iамор, кхиор шен дахарехь уггаре а коьртачу гIуллакхех цхьаъ лоруш волчу Надьян жимах волчу вашас Iабдул-Хьамийда шен хIусамехь класс а йиллина, хьехархо а лаьцна, шен гергарчарна ненан маттахь деша а, яздан а Iамадайтина масех шо хьалха. «Нохчийн мотт жималлехь дас-нанас буьйцуш Iамийна белахь а, амма ненан маттахь деша а, яздан а ца хаьара хIинц-хIинццалц, – дуьйцу Бакир Надьяс, – атта дац кхузахь кегийчу нахана нохчийн мотт Iамо, хIунда аьлча Iаьрбойн а, ингалсан а меттанаш Iамо деза церан школехь, университетехь. Ткъа уьш дика хууш ца хилча, балха тасабала хала хуьлу».
Нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш шайн доьзалшкахь Iалашдархьама хIун до аш аьлла, хаьттича, иштта жоп ло Бакир Надьяс: «Ас сайна дас-нанас Iамийна долу гIиллакхаш, ламасташ сайн доьзална а Iамийна. Амма и гIуллакх тIаьхь-тIаьхьа хала хуьлуш ду (кхечу къомах болчу нахана юкъахь Iаш хиларе терра). Вайн къоман Iадаташ, ламасташ цхьанхьа яздина хила дезаш дара, массарна а тIекхача аьтто болуш. Иштта ца хилахь, вайн орамаш, гIиллакхаш Iалашдан хала хир ду вайна». Надья дукха бакъ а ю цу тIехь. Цхьанхьа яздина ца хилахь, жим-жима тосуш дIатесна, дицдан кхерам болуш ду вайн къоман Iадаташ. Дуьнен чохь йоккхучу хенахь Iаьрбошна юкъахь бен ца Iийначу царна-м хьовха, Даймахкахь Iаш долчу вайна а-м оьшура къоман синмехаллаш йозане яхар… ТIаккха мукъне а уьш Iалашъян ницкъ кхочур барий-те вайн?!
А.ВАХАЕВА
№105, шот, товбецан (сентябрь) беттан 17-гIа де, 2016 шо