Нохчийн зудчунна – доьзалан кхерч ларбархочунна – лерина

Нохчийн зудчунна – доьзалан кхерч ларбархочунна – лерина скульптурин композици схьайиллина Бенахь. Оцу гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

kadyrov_benoy_09_2016

Нохчийн зудчунна лерина хIоллам схьабеллар республикин Куьйгалхочун хIусамнана Кадырова Медни йинчу денца доьзна дара.

Композици схьайоьллуш хIоттийначу театрализованни концертехь дакъалецира дукха хан йоццуш доьзалш кхоьллинчу исс нускало. Цара дIадаьхьира нохчийн шира Iадат – нускал хи тIе даккхар.

ДIадаьхьначу гIуллакхах лаьцна инстаграмерчу шен агIонехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

«Тахана Бенойн лаьмнашкахь хаза гIуллакх дIадаьхьира оха. Исбаьхьчу шовданийн хин йистехь дара иза. Бердан йистехь нохчийн йоьIан, зудчун, несан васт гойтуш йолу скульптурин композици йина. Зудчунна лерина шаьш бина болу и хIоллам схьабелларан гIуллакх Медни йинчу денца доьзна вайн доттагIаша. Ас даггара баркалла боху царна и болх барна. Амма суна лаьа, хIинца дуьйна, Нохчийчуьрчу хIора йоIана а, зудчунна а шайн сийнна лерина мехала компози- ци кхузахь юйла хаийта!» – яздо Р.Кадыровс.

Цо билгалдаьккхира доьзал чIагIбар мехала гIуллакх хилар, хIунда аьлча иза къоман а, пачхьалкхан а бух бу. Доьзал бахьанехь къоман синмехаллаш тIаьхьенашкара тIаьхьенашка кхочу.

«Доьзал! Цхьа дош бен дац иза… Амма доьзалал доккха хIума дац. Иза – къоман а, пачхьалкхан а бух бу, тайпанан а, халкъан а синмехаллаш ларъяран кхерч бу. Дукха хенахь дуьйна а мостагI доьзал бохо гIертара, цунна тIаьххье юкъаралла йохор дIадолалуш долун дела. Цундела хIора сахьтехь, дийнахь лерринчу тергонехь латтадо ас доьзал чIагIбаран гIуллакх. Безам, вовшашка болу ларам, баккхий нах а, да-нана а ларар, кегийчеран доладар – иза ду доьзалан мехаллаш чIагIъеш дерг.

Шатайпа маьIна долуш ду, вайн гIиллакхашца доьзна долу, шайн дуьххьарлера хи тIе довлар керла доьзалш кхоьллинчу исс нускало, билггал, хIокху шовданан йистехь дина хилар. Церан вовшашка ларам, барт болуш доьзалш а, могаш бераш а хила лаар а дIахаийтира ас. ГIуллакх дерзош, къоначу доьзалшна лерина шун а хIоттадайтира», – дерзадо Кадыров Рамзана инстаграмера шен яздар.

М.АРСАНУКАЕВ

№104, шот, товбецан (сентябрь) беттан 10-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: