Россин Федерацин сий-ларам лакхабаккхаран а, цуьнан туристашна бегIийла хилар довзийтаран а, туристийн хьашташ кхочушдаран дуьненан рынкехь иза ша дикачу агIор гайта аьтто болуш хилар дIахаийтаран а Iалашонашкахь Туризмехула йолчу федеральни агентствос дIахьош ю схьайиллина йолу «Россин туристически бренд» цIе йолу Ерригроссин конкурс.
Таханлерчу денна Россин туристически бренд яц, дуьненарчу 195 пачхьалкхах 146 пачхьалкх и йолуш елахь а. Массарна а евзаш йолу бренд хилар – туризман декъехь мехкан ца хилча ца долу хIума ду.
Туризмехула йолчу федеральни агентствон дIадолорца, Россин культурин министерствос гIо а лоцуш, 2015-чу шеран чиллин (февралан) баттахь «Россин туристически бренд» Ерригроссин конкурсан хьалхара мур дIабаьхьира. Иза лерина бара къоман туристически бренд кечъярна юкъараллин тидам тIебахийтарна.
ХIокху шарахь Ростуризмо Россин брендингови компанийн Ассоциацица цхьаьна дIахьош бу конкурсан шолгIа мур. Конкурсан жамIашца кхоьллинчу брендах пайдаоьцур бу реклама еш, сувенираш еш, полиграфин продукци тIехь, туристийн хьашташ Россехь а, дозанал арахьа а кхочушдарехь. Конкурсан керла мур – халкъан конкурс товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де тIекхаччалц бен лаьттар бац. Цигахь дакъалаца аьтто бу муьлххачун а. Тоьллачу белхашна мехалчу хIуманашца совгIат дийр ду.
Конкурсехь дакъалацаран бакъонаш йовза таро хир ю хIокху сайтехь www.турбрендроссии.рф. Белхаш схьаэцар дIахьо хIокху электронни почтехула konkurs@russia – tonrism.ru.
№ 99, шинара, хьаьттан (август) беттан 30-гIа де, 2016 шо