ХIара статья язъян дагахь а вацара со. Цкъа маццах со цуьнца возуш хилла гергарло дицдан шортта хан яра сан. Амма дагахь а доцуш, оцу кIоштахь цхьаьнакхетаро карладаьккхира шадерриг.
Iусманний, сой вевза дуккха шераш дара. ДIадаханчу бIешеран кхузткъалгIа шераш чекхдовлуш со Соьлжа-ГIала веара, ткъа иза шен кIоштахь висира.
Хьалхарчу шерашкахь иза со волчу вогIура, чу мох хьоькхуш кисанаш а долуш, цхьана агIор ваха новкъана нахарташ вовшах а тухий. (Иза ас билгалдоккху оцо тхойшиннан юкъаметтигашкахь шатайпа маьIна лелийна хиларна). Амма цуьнга хьаьжна доцуш, сан-м хьовха, тхан берриге доьзалан а самукъадолура иза, шен доьзалций, цIеххьана гучуваьлча. Даима самукъане, забарех воьттина волчу цо шена тIеийзавора массо. Царна тхо а, иштта, гергара ду моьттура.
Бакъдерг аьлча, хала бохкуш бара уьш. Жима алапа, шайн хьашт-дезаршца тIекхуьуш доьзал…
Цкъа юьрта вахча, соьга кхаъ баьккхира цо:
– Ас хьоьгу къа-баланаш кестта чекхбевр бу моьтту суна. Цхьа болх бу. Нагахь санна цига дIанислахь, иза сан дахарехь Iаламат доккха ниIмат хир ду.
– ХIун болх бу иза? – хаьттира ас.
– Иза къайле ю, доттагI. Цхьа йист яьлла яц хIинца а. БIаьрг хиларна кхоьру со.
Со баккъал а воккхавевора сайн доттагIчух. Иза суна а боккха кхаъ бара. Дуьхе кхиа со а ца гIиртира: шена дика хуур ду-кха цунна.
ШолгIачу Iуьйранна, цхьа беза мохь даг тIера дIа а баьлла, къаьстира тхойшиъ.
Цхьа кIира долуш, гIалахь со цхьаьнакхийтира цуьнан юьртахочуьнца Израилца.
Сан а, Iусманан а юкъаметтигаш хууш волчу цо элира:
– Вукху кIиранах хьан доттагI Iусман дIаволалур шен балха. Оха листина-дерина чекхдаьккхина и гIуллакх.
– Иза хIун болх бу? – хаа гIоьртира со.
– Со кхечу балха волуш ву. Хьан доттагI сан метта дIахIуттур ву. Бакъдерг аьлча, хIинца а цунна хууш дац ша дIаоьцуш омри тIе куьг яздиний.
Суна дагадеара – ша дIаволуш, шен метта Израила иза хьалхатеттина.
– Дела реза хуьлда хьуна, Израил, вайшиннан доттагI гIо-накъосталла оьшуш вара.
Дерриге а дика дIадоьдуш дара. Амма цхьаннах ца кхетара со: ша дIахIотта кечлуш волу болх сох къайла хIунда баьккхира цо? Цунна-х шера хаьара со а, Израил а дика вевзаш, ши накъост вуй.
Сайн чу а кхаьчна, тIера бедарш хийца а кхиале, сан неI туьйхира. Цигахь лаьтташ Iусман вара. Вовшашка маршалла а хаттале, цо схьахазийра:
– Израил кхузахь вуй?
– Шуьшиъ морзах ваьлла. Со хIинцца, иза новкъа а ваьккхина, автостанцера чу кхочуш ву.
Цуьнан дог дуьйхира.
– Израила хIумма дийцирий хьоьга? – хаьттира цо тхойшиъ чай молуш Iаш.
– Ас декъалво хьо! – ма-хуьллу сиха иза паргIатваккха лаьара суна. – Хьо балха дIаоьцуш омра, тIе куьг а яздина, Iуьллуш ду. Оршотт дийнахь балха ара вер ву хьо…
ЦIехьа юм эца сихвелира иза. Ас башха сеца а ца вира.
ХIинца, дуккха а шераш девллачул тIаьхьа, ойла йо ас: цо сихха сан Iодика яро тхойшиннан гергарлонна юккъе дуьххьара доза туьйхира.
Суо церан кIоштахь моссазза нисло, иза волчу кхача сихлора со. Цкъацкъа цIахь а каравора. Амма Iусман, бехк ма билла а олий, цхьанхьа сихлора, буьйса-де ца хьехош. Со кхетара, хIинца Iусманан керла хьеший бу. Цаьрца, соьцачул, дуккха а самукъане ду цунна.
ХIинца иза цхьана организацин хьаькам вара. Цигахь, тIахъаьлла хилчахьана, шай-кай яккха а аьтто бара. Сан доттагI ишттачех хиллера. Бухгалтер а карийнера ша саннарг.
Цхьана шарахь доккха цIа а эцна, иза йийбарца кхелира цо. Цул тIаьхьа машен ийцира. ХIан-хIа, шена ца ийцира, шен кIантана. Иза ша-м Iедалан машено дIасалелавора. Кхин а цхьажимма хан яьлча, шолгIа машен ийцира, иштта дIа, эцархьама, кхача ма ца боьху цо.
Шопарна юххехь, гуонаха цавашаре бIаьрг а бетташ, аркъал а керчина, иза вогIуш гича, кхин дан вуон дацара соьга. Оццу хенахь ас иза хIуманна а бехке а ца вора. Суна коьрта дара, хIинца цуьнан доьзал хене баккха таро хилар.
Тхойшиъ шерашна дIасакъаьстира.
Амма цкъа, дагахь а доцуш, цхьаьнакхийтира. Дахаро бодвина, гIелвина вара Iусман. Цхьана мурстехь хьолахо хилла дIахIоьттина волу иза, хIинца цхьа миска пекъар вара. Ирсо букъ тоьхначух тера дара цунна.
– ХIун хилла, Iусман? – ларамаза делира сан багара.
Цо белшаш саттийра. ТIаккха сихха:
– ХIинца дуьйцур дац вайшимма…
ХIинца сан рагI яра белшаш сатто.
Со балха воьдуш вара.
– Iусман, бехк ма биллалахь, соьга хьоьжуш нах бу.
Тхойшиъ дIасакъаьстира.
Воьдуш, цхьанхьа айса дешна дешнаш дагадаьхкира суна: «Цабезамо герга озийнера и шиъ, тIаккха, вовшийн ца гуш ехха хан яьллачул тIаьхьа цхьаьнакхетча, безамо юха а къастийра и шиъ». Хьанах ду и дешнаш? Тхойшиннах-м дац-те?
Ас мах ца хадабо сайн хиллачу доттагIчун бохаман. Дешархоша шаьш хадор бу аьлла хета.
ХIаъ, вицлуш лаьттара со. ХIокху деношкахь, геннара юха а гира суна Iусман. Дика тIедуьйхина, маж-мекх даьшна, ондачу боларца цхьанхьа сихвелла воьдура иза. «Гарехь, керла болх карийначух тера ду, – коьрте иккхира суна. – Стенга кхачор ву техьа иза оцу ирсо а?»
Оцу хаттарна жоп цхьана стеган кхолламах хьакхаделла ца Iа. Иза вайн ерриге а юкъаралло дала дезаш ду.
ШАЙХИЕВ Iалвади
№107, еара, товбецан (сентябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо