Журналистан тептаршна юккъера
(Юьхь – 82-чу номерехь)
Ингалсан мохк дуьненах дIакъаьстина, йоккха гIайре хилар а, со Нохчийчоьнна генахь хилар а дицдойтуш дара, сан доттагIий вуно аьхна, гIиллакхе адамаш хилар. Ашмор Фредан а, Джиллианан а 2 кIант а, 2 йоI а дара. Царах хIора а дешна, кхечу къаьмнийн меттанаш хууш а. Шайн къоман ингалсан маттал а сов, оцу доьзалехь дика хаьара испанхойн, французийн, чинахойн, оьрсийн меттанаш.

Спорт а, книгаш ешар а дукхаезаш бара и доьзал. Ткъа церан хIусамехь книгех дерг – иза шатайпа къамел дан хьакъдолуш ламаст дара. Книгаш а, газеташ а дешарца йолалуш яра церан Iуьйре. Шкафашна чохь, ламийн йохалла йолчу терхешна тIехь, сени чохь, зала чохь, массо а меттехь книгаш яра церан. Уьш ерриге а ешна а яра.
Дуьненан бахамашна саготта бацара уьш. Могашалла, Iилма, дика кхача – царна хIумма а кхоош а бацара. Нохчийн зудчо санна, хIора суьйранна керла, бовха кхача кечбора Джиллиана. Сурсатийн кхоам бар а дика гIиллакх дара цуьнан. Берашка хоттура царна хIун езар ю яа. Уьш суьйранна чохь хир бу я бац къастадой, оьшшучул йора яахIума.
Ингалсхошкахь хан йоккхуш Iийча, дуккха а хIуманна тидам бало. Шена тIе тидам бохуьйтуш дара цара шайн хIусам, еш лаьтташехь, пайда-беркат хиндолчу агIор, говза яр. Масала, чоьнаш хуттуш долу юккъера пенаш стомма дутту, хIора гIат тIехь царах пайда а оьцу. ХIора гIат тIехь оцу пена юккъехь «камин» олу пеш хуьлу, ткъа цунна дехьа-сехьа пена чохь йина пхьегIийн а, бедарийн шкаф я шифонер хуьлу. Пен буттуш, оцу шкафана лерина меттиг юьту. ТIаккха оцу чохь терхеш йо бедарш охьаяхка, я, терхеш йоцуш, лаккха пурхалла тоьхна чIу хуьлу, шен дехьа-сехьа йолу чаккхенаш пенах чу, кибарчигашна юккъе нисйой. Мел еза бедарш дIаоьхкича а, каглур йоцуш, ондда шифонер хуьлу цунах. Пена чохь хиларна чуьра меттиг дIа а ца лоцу. Ши неI тIейиллича кийча йийбар а ю.
Кухни чохь, каминна уллохь, иштта пена чохь шкаф яра церан, цуьнан неIарна тIе дIаоьллина пластикин жима у а, маркер а яра. Цу тIехь, ара-чу бовлуш, йоза дуьтура бераша шайн дега-нене, шайна ала луург, дан луург тIе яздой.
Суьйранна пхьор даа стоьлана гуонаха хевшича, Iаьнарехь кхехкийна хасстоьмаш цахиларна бехк ма билла олура цара соьга. (Стоьла тIехь охьахIоттийна еттина котам я москал йоллушехь).
Ма хаза а ду! Вайна хьешана хIора дийнахь даош жижиг ца хилча ду моьтту эхь, нахана – хасстом ца хилча. Диканиг: юург кхерзана, еттина яар ца деза царна, доIахна ницкъ беш хиларна. «steamboiIer» (пароварка-яй) бара цара дукха хьолахь лелош.
Ингалсхойн стоьла тIе яахIума охьайиллар а, иза яар а ду цхьа ламаст. Ас хьалха ма-аллара, пхьегIаш (бошхепаш, хи чохь охьахIоттайо кхаба, кхиерш) кхийра яра, уьш церан хьалх-хьалха дIабаханчу баккхийчу наха шайн куьйга йина яра. Бошхепаш деза, буто, баьццарчу басахь дара. Кхача схьабала герга йоьдучу хенахь и бошхепаш микроволновки чохь дохдора цара. Шел ца луш, ехха лаьттара цу чохь юург. Iаьнарехь баттара яхаза кхехкийна кхоьш, горох я жIонкаш хуьлура, духовки чохь, шайн чкъура тIехь еттина картолаш а хуьлура. Йовхачу юургана тIе кхийрачу кхаби чуьра шийла хи молу. Мел деза а магний долуш, мелча чомана дика, хьогалла йойъуш дика дара хи. (Москвахь чохь охьадогIу хи мала магош а дац).
Пхьор диъна бевлча, цIена цIан йо стол, еса хуьлу иза. Цул тIаьхьа, цхьана эха сахьтехь садоIий, чай мала ховшу.
Политикехь хилларг-лелларг а, дийнахь шаьш балхахь а, институташкахь а лелийнарг дуьйцура. Немцошца дуьстича, ингалсхошна стоьлана гуонаха йоккху хан эрна ца хета. Забаршна а тIера бу уьш, шайн къоман ламастех дозалла деш а. Дуьненахь а евзаш цIе тиллина ду цара молу чай «Английский завтрак», олий. Ас хьийзабора уьш: «Шун маца хилла чай лелош йолу аренаш? Шуна мичара даьлла цейлонан чай?» – бохуш.
Кухни чохь гIуллакх деш хазАхетара суна. ПхьегIаш уьш юьлучу машена чу яхка ца лаьара суна цара. Самукъадолура уьш кегош. Доьзалан да Фред самукъане а, хьекъале а стаг вара. Шен доьзалан дика да а вара иза.
«ДIаяхахьа и пхьегIаш! Дуьло, вайн гIалане хьовса арадовлу!» – олий, мохь тухура Фреда.
Лондон къаьсттина буьйсанна хаза хуьлура, эзарнаш чиркхаш лепаш. Машен чу дотталой, арадовлура тхо. Фредан чоь церан цIийнан шолгIачу гIат тIехь яра. Книгаш йоьшуш самукъадолура цуьнан. Лахахь кухни чохь долчу тхуна хезаш хуьлура иза книги тIехь шена хазделлачух даггара воьлуш. Тхо цуьнан веларх доьлура.
Сох «баккъал а йолу бусалба» олура цара. «Тхан хIусамехь бусалба нах хилла, амма цара пиво а, коньяк а молура. Хьо дукха чIогIа лерина лелаш ю. Хьо баккъал а а нийса бусалба ю!» – олий боьлура уьш. «Званный ужин» олуш, суьйранна тойне хьеший кхойкхуш самукъадолура церан. Цара а суна шаьш моллуш долу чагIар доьттича, «ХIан-хIа, мегар дац. Тхан хьаша бусалба ю», забар йой, совцабора, хьеший.
Фредан а, Джиллианан а шен-шен машен яра. Фреде лан ца лора шен машен ледара ю аьлча, ткъа тхо цхьанхьа, кхечу гIала даха новкъадовлуш, Джиллиана къайлах соьга дехар дора ша машенаш юьйцур ю, ахь хьайна сан машен дика хета ала, олий. Тхуна дехьара урам битича дара Лондонна юккъехула охьадогIу Темза хи. Цуьнан бердан йистехула дуьйлалой, 1–2 сахьтехь гIаш некъ бора оха. Сан доттагIий бехачу меттигана уллохь 10–15 минотехь гIаш некъ бича яра Kingston Palace олу Дворец, цигахь сайш хуьлура шайн кIорнешца лелаш, иштта паччахьан говраш а яра кхобуш.
Цхьана суьйранна бешара чуеанчу Джиллиана хаьттира соьга: «Хьуна Джейн Остинан хIусамехь хила лаьий?» – аьлла. Оцу яздархочун романаш, (шайн сценарешна тIехь дуьненахь а евзаш йолу исбаьхьаллин фильмаш яьхна йолу) суна дукха еза дукха хан яра. Ткъа Джиллиана бохург а цхьа «Ленин ган лаьий хьуна?» бохург санна, хила йиш йоцург а хетара. Бага якъаеллачу ас, халла жоп делира: «Дера лаьар-кх…». Лондонера дIа машенахь цхьана сахьтехь некъ бина дIакхечира тхо Челтон олучу юьрта. Иза XV-чу бIешарера шира юрт яра. Дуьненахь а гIараяьлла евзачу «Гордость и предубеждение», иштта кхин иттех романан автор хиллачу яздархочун-классикан Остин Джейнан хIусам-музей дIакхечира тхо.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
(ТIаьхье – рогIерчу номершкахь)
№107, еара, товбецан (сентябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо