Премьер-лигин командаша юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан рогIерчу туран матчаш чекхъевлира дIадаханчу мукъаденошкахь. Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира махачкаларчу «Анжи» командица.
Майдан дай: М.Кержаков, К.Агаларов, Г.Григалав, А.Гаджибеков (Эвертон, 65), А.Епуряну, В.Быстров, Д.Билялетдинов, Ф.Смолов, А.Бухаров (С.Сердеров, 79), О.Ахмедов, И.Максимов (К.Мкртчян, 54).
СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, Ю.Ояла. М.Коморовски, А.Семенов, Р.Уциев, И.Айсатти (М.Рыбус, 61), И.Лебеденко, Р.Кану (А.Аилтон, 46), Ж.Бокила (О.Иванов, 64), Ж.Маурисио, Ф.Пириз.
Коьрта суьдхо Иванов Сергей (Дона-тIера-Ростов).
Соьлжа-ГIалара «Терек» Махачкаларчу «Анжи» командица Россин хьалхеяккхаран чемпионатехь ворхIазза левзина. Кхузза вайн лулахоша толам баьккхина, шозза соьлжагIалахой тоьлла. Иштта, ши матч толамхо билгал ца волуш а йирзина. 2013–2014-чуй шерийн премьер-лигехь Соьлжа-ГIалахь «Ахмат- Аренехь» хиллачу цхьаьнакхетарехь вайн республикин коьртачу командо халла цхьа очко яьккхира, ловзар чекхдала цхьа кIеззиг хан йисинчу хенахь коьрта суьдхочо елла пенальти бахьана долуш. ( пенальти кхочушйинарг Аилтон Алмейда вара). Иштта. оцу статистике хьаьжча гуш дара соьлжагIалахошна хьошалгIахь «Анжи» командица ловза хала хирг хилар.
Цхьаьнакхетар дIадоладаларца шайн тIелатарш долийра Махачкаларчу футболисташа. Хьалхарчу итт минотехь Соьлжа-ГIаларчу «Тереке» буьрка кхочуьйтуш а яцара. ТIах-аьлла ловзура дукха хан йоцуш Россин вовшахтоьхначу командин декъашхой хилла волу Бухаров Александр а, Быстров Владимир а, Билялетдинов Динияр а. Иштта, 6-чу минотехь счет схьайиллира В.Быстровс. Цул тIаьхьа жим-жима меттадан доладелира соьлжагIалахойн ловзар. ТIелатарш а дора, бакъду, шаьш гол тохарна кхоьруш санна-м ловзура. Ткъа хьалхара тайм чекхъялале счет йоккха йира майдан дайша. Гол тохарца билгалваьлларг вара Григалава Гия. Иштта серлонан табло тIехь догуш 2:0 долуш садаIа яхара командаш. СадаьIначул тIаьхьа соьлжагIалахой массо а хIумана тIехь гIолехь ловзура меттигерчу футболистел. Бакъду, Кержаков Михаила лардечу кевна буьрка ца тохалора. Майдан дайша шаьш шолгIачу таймехь дина хилла долчу цхьана тIелатарх пайда ийцира Биллялетдинов Динияра кхоалгIа буьрка туьйхира «Терекан» кевна. Чемпионатехь ша мел ловзу гIалат ца даьккхина волчу Годзюра ши буьрка тохийтира шен бехк болуш. ТIелатархой а шаьш буьрка тохарна коьруш санна ловзура. Иштта а хуьлу-кх, ткъа цу кепара нисделлачу хьелашкахь толаман кхо очко шен чоьте язйира «Анжис».
29-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» цхьаьнакхетар ю Нижни Новгородерчу «Волгина» дуьхьал.
Довзуьйту 28-чу туран кхидолу жамIаш: «Рубин» (Казань) – «Урал» (Екатеринбург) – 1:0; «Локомотив» (Москва) – «Зенит» (Санкт-Петербург» – 1:1; «Амкар» (Пермь) – ЦСКА (Москва) – 1:3; «Кубань» (Краснодар) – «Крылья Советов» (Самара) – 4:0; «Томь» (Томск) – «Спартак» (Москва) – 2:1; «Ростов» (Дона-тIера-Ростов) – «Динамо» (Москва) – 2:3; «Волга» (Нижни Новгород) – «Краснодар» (Краснодар) – 0:1.
А. АБДУЛАЕВ