Даймахкал арахьа деха вайн къоман доккха цхьа дакъа. Цхьаберш ши бIе шо хьалха арабевлла, вуьш бIе шо, эххар, масех шо хьалха а.
Вайн къам дуьне ма-дду дIасадаржаран бахьанаш дукха дуьйцур ду арахьарчу нохчаша. Уьш-м мел дукха дийцарх дари хир дац царах. Ишта-м дукха къаьмнаш деха шайн-шайн махкал арахьа. Коьрта дерг, Даймахкаца йолу зIенаш латтор ду, яцахь уьш тийсар ду, нагахь санна шайн нохчалла а, ненан мотт а, вайн ламасташ а шайгара дIадовла ца лаахь. Цунна бIостане дерг хилахь – церан бераша «со нохчи ву» бахарал сов, кхин хIума дуьсур дац пана мехкашкахь бехачу вайн къоман векалшкахь.
«Цхьа дика доцуш вуон дац», – аьлла вайн дайша. Вайн Даймахкарчу дахарх а, политиках а лаьцна кхечу нехан зурманаш ца лоькхуш, вовшашца мерза а, бертахь а даха вайга хIун далур дара хьовса а деза вай, Даймахкана дика мел йолу жигаралла лелон а еза. Тахана хийрачу нехан махкахь мел токхе бахам белахь а, оцу махкахоша цкъа а шайца нийса вахархо лорур вац нохчи. БIе пхийтта шо даьлча а ца лерина.
Арахь вехачу нохчичун коьрта лаам шен тIаьхьенна вайн гIиллакх а, мотт а Iамор хила беза. И зурманаш лоькхуш йойъу хан а, харж а юкъараллин гIуллакхна ерзийча, лакхахь хьахийна Iалашо кхочуш хир яра, вайн мехкан хьакъ доллу векалш хир дара вай.
Кхечу къаьмнех масал эца деза вай. Ткъа, муха масал? Иза билгалдоккхуш, ши хилам бийца лаьа суна.
– Вайн цIахь дуьххьарлера тIом иккхича, Нохчийчохь Iаш волу шайн къомах мел верг, хан юкъа ца йолуьйтуш, Израиле дIавигира жуьгташа, сихдина кеманаш оьхуьйтуш. И Нохчийчуьра жуьгтий даима шайн Израилна муьтIахь бара, юкъаметтиг лелош а бара, цуьнан политика емалъеш, шайн гIуллакх доцучу юкъагIерташ бацара. И бахьанехь, израилхоша уьш дIа ца тесира.
Цунна бIостане дерг. 1880-чу шарахь Иракъе кхаьчна болу нохчий, Диала кIоштахь, нохчийн Зиндан олу юрт йиллина баха хевшира. ТIаьххьалц дика бехаш бара уьш, амма, Даймахкана хьовха, Урдунехь болчу нохчашна а, уьш буй-баций хууш дацара. ТIаьхьуо, цу юьртара масех нохчи Иракъехь кегабеллачу гIуртана юкъа а гIоьртина, ДаIаш олучу тобанан террористаш юьрта а битина, шайн юьртара массо цIа дагадайтира. ХIун гIуллакх дара шайн боцчу къийсамашна юкъагIерта? «Миска хьал долуш бара, дан амал ца хилла церан, ДаIашера гIо оьшура», олу цхьаболчара… Дан амал дера хир дара, шайна гIо оьшур дуйла хууш, шайн нахаца зIенаш лаьттийнехьара!
Вайна оьшург хIун ду? Вовшийн дезар а, муьтIахь хилар а, вовшашна диканиг лаар а. Даймохк… ЦIа… Вайн дай баьхна латта… Сан нохчий… «ЦIерачаьргара суна хIун пайда хир бара», – алий ма хилийта Даймахкаца йолу ойла. «Соьга хIун далур дара сайн нахана», – бохуш хилийта. Уггаре халачу муьрашкахь, цIера ца уьдуш, халонаш лайначу церан могIаршка хIотта, цаьрца суо нисван суна-м эхь ма хета…
Бакир Iабдул-Хьамийд
№107, еара, товбецан (сентябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо