Республикехь харжамаш дика чекхбевлла

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин председательца Байханов Iумарца цхьаьнакхийтира.

Цара дийцира регионехь Харжамийн юкъарчу дийнахь (товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь) дуккха а тIегIанашкахь дIабаьхьначу харжамийн жамIех лаьцна.

I.Байхановс билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарж дIакхехьа хьакъ доллу толам баьккхина Кадыров Рамзана.

– Харжамашкахь дакъалаца бакъо йолуш, харжамхойн спискашна юкъавахийтинарг 675 279 стаг вара. Царах 94,80 процент харжамхочо тесна шайн кхаж. Хьан кандидатурина 626 980 харжамхочо кхаж тесна.  Вайн халкъо шен лаамца, шен сирлачу кханене сатийсарца хаьржина ву шен лидер.

Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ас даггара декъалво хьо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарж кхидIа а дIакхехьа халкъо тешам баларца! Аьтто болуш, баккхийчу кхиамашца хуьлда хьан куьйгалла, – элира цо.

Иштта, республикин Харжамийн комиссин председатела билгалдаьккхира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин Нохчийн Республикехула йолчу цхьанамандатан федеральни округан харжамашкахь «Единая Россия» партин кандидата Делимханов Адама толам баьккхина хилар.

– 640 173 харжамхойх Делимханов Адамна шайн кхаж белларг 596 915 стаг ву (93,24 процент хуьлу иза). Ткъа, «Единая Россия» партина 635 729 харжамхочо дIабелла шайн кхаж (96,29 процент), – хаийтира I.Байхановс.

Цо дийцарехь, Харжамийн юкъарчу дийнахь цхьа а къепе йохийна аьлла арз ца кхаьчна цаьрга.

– Харжамаш кхаа тIегIанехь дIахьош хиллехь а, и гIуллакх Iаламат дика  дIадаьхьна республикехь. Харжаман 468 куп яра вайн регионехь йиллина. Каппийн комиссийн председательш дика лара а бина шайна тIедехкинчу декхаршца. Цаьргара а я царна а цхьа а арз ца кхаьчна тхоьга. Коьртачу харжамийн комиссин декъашхоша билгалдаьккхина Харжамийн юкъарчу денна лерина дика кечамаш бина хилар а, харжамаш бакъо ларъеш дIабаьхьна хилар а, – элира цо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена коьрта хетарг – иза Харжамийн дийнахь юкъараллин къепе ца йохор а, хIора вахархочун шена луучу кандидатурина кхаж таса аьтто хилар а ду элира.

– Суна мехала хета Харжамийн юкъарчу денна кечамаш беш а, оцу дийнахь а, цул тIаьхьа кхаьжнаш дагардеш а, къепе ларйина хилар. Цхьа а арз ца кхаьчна тхоьга оцу хьокъехь.

Сан цIарах баркалла ала массо а харжаман комиссин декъашхочунна. Иштта, суна билгалдаккха лаьа, харжамашка оццул нах бахкар – иза халкъан вайх тешам хилар ду. Сайх тешийнарг хьакъ долчу тIегIанехь дIакхоьхьур ду ас. Нохчийн Республикин бахархоша Харжамийн юкъарчу дийнахь схьагайтина шаьш жигара граждански позици йолуш хилар, – элира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикехь кхидIа а куьйгалла дар шех тешорна баркалла элира Р.Кадыровс: «Сийлахьчу АллахIана хьалха а доккха жоьпалла ду суна тIехь дерг. Иштта, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе, ца йожош, дIаяхьаран жоьпалла а ду. Ас баркалла олу Россин Федерацин Президентана, вайн къаьмнийн лидерна Путин Владимирна, иза сох тешарна а, Ахьмад-Хьаьжин некъ дIакхоьхьуш накъосталла дарна а».

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира кхидIа кхочушдан дезаш Iаламат чолхе декхарш хилар.

– АллахIана бу хастам, уьш кхерамазаллица доьзна цахилар. Вайна массарна а тIехь ду герггарчу хенахь экономика, социальни дакъа, дешар, могашалла Iалашъяр, культура кхиор. Цу тIехь вайн дуккха а къахьега деза.

Ас дош ло, Нохчийн Республикин халкъана, ницкъ кхочучу барамехь сайга далуш дерг дийр ду ас, хIора а вахархочунна сийлахьчу Россин маьрша вахархо ша хетийтаран дуьхьа. Муьлхха а нохчи законаца ларвеш а, шена луъучохь деша а, болх бан а, доьзалш кхолла а йиш йолуш хир ву. Шайн а, шайн берийн а кханенна сагатдан дезар дац церан», – элира Р.Кадыровс.

 Хь.БАХТАЕВА

№107, еара, товбецан (сентябрь) беттан 22-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: