Халкъан тешам

Нохчийн Республикин Куьйгалхо харжарехь толам баьккхина Кадыров Рамзана

Нохчийн Республикин Харжамийн комиссин хаамашца, товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь вайн республикехь дIадаьхьначу Нохчийн Республикин Куьйгалхо харжарехь толам баьккхина Кадыров Рамзана. Цуьнгахьа кхаж тесна 626 980 харжамхочо, харжамашкахь дакъалаьцначарех 97,94 процент хуьлу иза. Харжамхойн спискашна юкъавахийтинчу 675 279 стагах харжамашкахь дакъалецира 640 175 харжамхочо, аьлча а 94,80 процент харжамхоша. Республикин куьйгалхочун дарже кандидаташ хиллачу вукхарна цхьана процентана а ца тесна кхаж. 1108167124

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

«Нохчийн Республикин Куьйгалхо харжаран хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин Законаца нийса а догIуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхо харжаран жамIашна 2016-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 19-чу дийнал тIаьхьа хила йиш йоцуш официальни зорбатохар хила дезаш ду, хаам бо Нохчийн Республикин Харжамийн комиссино.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира, республикин бахархоша харжамашкахь кхаж а тосуш, шена белла тешам кхочушбан ша берриге а ницкъаш тIехьажориг хиларх.
– Коьртаниг – иза халкъ сох кхетар а, цо гIодар а ду. Бахархоша иштта лаккхара тешам луш хилча, кхидIа а республика кхиор а, цуьнан экономика чIагIъяр а суна чолхе гIуллакх дац. Бахархой кхетар а, цара гIодар а – иза хIора а куьйгалхочунна уггаре оьшург ду. И тешам кхочушбан а, халкъ шен харжамах шек ца далийта а, дерриге а дийр ду ас, – элира Кадыров Рамзана журналисташна ша еллачу интервьюхь.
«Айхьа толам баккхар муха тIелоцу ахь?», – аьлла шега хаттар делча, цо билгалдаьккхира, харжамашкахь ша толам баккхарца цхьаьна Далла а, халкъана а хьалха кхин а доккха жоьпалла го шена аьлла.
– Толам баккхархьама ца лаьцна вай харжамашкахь дакъа. Вай шек а дацара цуьнан жамIех, хIунда аьлча вайн дахар халкъан дуьхьа гIуллакхдарна лерина вай. ХIинца вайн декхар бахархойн тешам кхочушбар ду, – элира цо.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийн Республикехь харжамаш лаккхарчу тIегIанехь дIабаьхьна хилар а, кхаж таса баьхкинчу харжамхойн терахь лакхара хилла хилар а.
– Дезде хилла дIахIоьттинера Нохчийчохь харжамийн де. Шайн доьзалшца цхьаьна богIура нах кхаж таса. Цара хаьржинарг шайн хиндерг ду. Со суо хилла тайп-тайпанчу харжамийн каппашкахь, иштта ас бахийтина сан векалш а хилира харжамийн каппашкахь харжамаш дIа муха боьлху хьовсуш. Цара даре дира, харжамаш законаца нийса дIабоьлхуш хиларх а, харжамийн каппашкахь цхьа а талхораш хилла цахиларх а, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Цо иштта билгалдаьккхира регион кхиорна юкъа шайн дакъа дилла луучарна массарна а республика йиллина хилар.
– Массарна а дика хууш ду, оха мел деш дерг дерриге а бахархойн дуьхьа лелош хилар. Оха кхидIа а дIахьур бу вайн хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас болийна а, вайн бахархойн дахар тодарна а лерина болу некъ. Тхо долчахь болх бан а, къахьега а луурш массо а тIеэца кийча ду тхо, – элира республикин Куьйгалхочо.
Харжамашкахь толам баккхарца доьзна Кадыров Рамзан декъалвира Россерчу губернаторша а, регионийн куьйгалхоша а, федеральни министерствийн, ведомствийн, хаамийн агентствийн куьйгалхоша а, динан векалша а, иштта кхечара а. Шайн декъалдаршкахь цара билгалдоккху Нохчийн Республикин халкъан дуьхьа дуккха а шерашкахь къахьегар бахьанехь, Нохчийн Республикин бахархоша а, Россин куьйгалло а Р.Кадыровна иза хьакъ воллу лаккхара тешам белла хилар. Иштта цара шаьш тешна хилар хоуьйту, Кадыров Рамзанан корматаллин зеделлачо а, вовшахтохараллин хьуьнарша а, Даймахкана муьтIахь гIуллакхдаро а, оцу жоьпаллечу даржехь, кхидIа а маьIне кхиамаш баха цуьнан хьуьнар кхочориг хиларх.

I.МУРТАЗОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: