Вайн къомо махках даьккхинчу хенахь а, цул тIаьхьа хиллачу тIемашкахь а мел лайна халонаш дика хаьа вайна массарна. Тахана мел хаза, токхе дахар хиларх, хIора а нохчичун дагахь юьсур ю хIетахьлера заманаш. Уьш-м йицйойла а дац вайн, нагахь санна таханлерчу паргIатонан, машаран хама бан вай лууш делахь.
Бакъду, мел яккхийчу халонаша а гора ца дахийтина вайн къам, къар а ца далийтина. ТIом болчу хенахь а, мухIажарш хилла, дуьне ма-дду дIасабевлла, четарш чохь а, цIерпоштан вагонаш чохь а Iаш болчу хенахь а доьзалш кхуллуш, дебаш схьадеана къам. Мел чIогIа къоьлла, мискалла, мацалла хIоттарх, яхь дIа а ца елла, Делан къинхетамах дог а ца диллина. Оццул халачу хьелашкахь Iаш боллушехь, доьзал кхаба дан амал карадора вайнахана – кхин дан хIума ца хилча, хIуш духкий а.
Муьлххачу а заманахьлерчу нохчичун васт хьаналчу къинхьегамца доьзний бен ца хIоттало соьга. Иштта хилла а дара, хила дезаш а дара. Оццул халачу хенашкахь цкъа а сагIа доьхуш нохчи ца гора. Доккха эхь лорура иза. Вайн Iадаташца данне а догIуш хIума дац иза.
Нохчийн Iадаташца догIуш цахиларал сов, бусалба динехь а магийна дац сагIа дехар. Абу Хурайрата дийцина, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьллера аьлла: «Ас Делаца чIагIо йо, Iуьйрана хьалххе ара а девлла, шайн гехь дечиган (чIийш) мор а беана, иза дохкар гIоле хир ма ду шуна, нахе сагIа доьхучул а (цара сагIа лур ду-дац а ца хууш)…». (И хьадис Муслим имаман сахьихехь яздина ду 1042-1 номерца). Ойла ечуьнга ойла яйттал чулацам бу оцу хьадисан. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сагIа доьхучул муьлхха а кхин (хьанал) гIуллакх дина, ахча даккхар вайна гIоле хилар хаийтина.
КIелвисинарг Дала дан амал доцуш витина меттиг яц – Цуьнан къинхетам а, Шен лайшка болу безам а доза доцуш бу. Къоьлла а, мискалла а Дала адамаш зуьйш йоуьйтуш ю царна тIе – цара муха са туху хьажа. Хьайна тIе хало еача, къоьлла еача, хьо собаре а хилла, Деле хьайна гIодар доьхуш, рицкъ, аьтто лаха бахьанаш лелош (муьлхха а хьанал болх бина) хилахь, хьуна гур ду-кх хьайн Дала аьтто беш. Сийлахьчу Къуръана чохь Дала вайга ма-аьлла: «Баккъал а, массо халонна тIаьхьа – аьтто. Массо а халонна тIаьхьа – аьтто» (94-гIа сурат, 5-6-гIий аяташ). Цундела, Делан диканах, къинхетамах дог ца дуьллуш, шена тIехIоьттина йолу хало собарца, ийманца лан еза. Кхин хIумма а ца хилча, вайн дайн сий лардархьама а, яхь дIаяла мегар дац.
Халахеташ делахь а, вайн заманахь хаадала доладелла нохчаша сагIа дехар (урамашкахь, базарахь, интернет чухула, кхидIа а). Таханлерчу дийнахь (берриге а аьттонаш адамашна кхоьллинчу заманахь) ара а ваьлла, ша санна долчу адамашкара сагIа муха доьхур ду стага?! Царна санна, ког-куьг ца делла хьуна Дала, царна санна корта а ца белла?! Яхь, сий, доьналла долуш баьхначу хьайн дайн сий ца дахь а, айхьа хьайн сий мукъане а де! Хьайна Дала деллачунна хастам а беш, Цуьнгара гIо а доьхуш, Цунна тIе болх а биллий, ваха хIокху дуьненахь, дохко вер вац хьо!
А.МУСАЕВА
№108, шот, товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де, 2016 шо