(Дагаев Валид кхалхарца доьзна)
Чекхбели вайн сийлахьчу махкахочун, Кадыровн орденан кавалеран, Россин Федерацин а, Нохч-ГIалгIайн АССР-н а халкъан артистан, башхачу иллиалархочун дахаран некъ. Делан лаамца, тахана бакъдуьнена верзар хилла цуьнан. Дерриге а халкъан тезет хIоьттина Нохчийчохь. Иттаннаш шерашкахь, диканна дог-ойла гIиттош, собаре, доьналле кхойкхуш, тIехIиттина халонаш, тIеман хиламийн баланаш лан эзарнаш вайн адамашна ницкъ луш, Даймахке, халкъе безам хестош, дийкира цуьнан башха иллеш. Кхоччуш бIаьрзе воллушехь, цуьнца дацара шен кхолламна леткъамаш бар, шен хьашташ айъина лелар. Вайх хIоранна а доьналлин масал хилла дахаран некъах чекхвели Валид. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, хьекъале къано а, шен мехкан воккха патриот а санна, чIогIа лорура Валид. Республикин куьйгалле ша хIоьттинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна В.Дагаевн кхолламан бала болуш а, цуьнан хьашташ тидаме эцна а вара иза, нохчийн къоман культурин таханенах а, хиндолчух а цуьнца къамелаш деш, дагавийлина а вара. Дерриге а халкъо чIогIа лоруш, цунна веза хеташ, баккъал а халкъан илланча вара Валид. Ша везаш, вевзаш хиллачу эзарнаш адамийн дегнашкахь даиманна яха юьсур ю Дагаев Валидан цIе.
Дала гечдойла цунна! Дала ийман долу собар лойла цуьнан доьзална а,
№108, шот, товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де, 2016 шо