Боккха иэшам хилла нохчийн культурина а, дерриге а нохчийн къомана а – бакъдуьнена вирзина Дагаев Валид, халкъан илланча, Кадыровн орденан кавалер, Россин Федерацин халкъан артист.
Дагаев Валид вина БухIан-Юьртахь 1940-чу шеран июнь беттан 30-чу дийнахь.
Бераллин а, кхиаран а шераш Казахстанехь чекхдевлла (дерриге а халкъаца цхьаьна кхалхийначохь). 1957-чу шарахь, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначул тIаьхьа, Алма-Атахь дIаяьхьира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хелхарийн, эшарийн ансамбле похIме кегийрхой дIаэцаран конкурс. Оцу конкурсах кхиамца чекхваьлча, ансамблан хоре дIаоьцу хинволу илланча. Ансамблаца цхьаьна Даймахка цIа а вирзира иза. ХIетахь дуьйна Валидан дахар, хада йиш йоцуш, дозаделла ду къоман музыкальни искусствоца.
Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iарбин, Сулейманов Ахьмадан, Сулаев Мохьмадан, Дикаев Мохьмадан, Рашидов ШахIидан, Сатуев Хьусайнан, дуккха а кхечу нохчийн поэтийн дешнаш тIехь цо даьхна «Даймехкан косташ», «ТIулгаша дуьйцу», «ЧIегIардиг», «ГIан», «Дог дохден цIе», «Батто сагатдо», «Нана», «Шуьнехь дош», «Нохчо ву со», иштта дуккха кхидолу а иллеш халкъан иллеш хилла дIахIиттина. 1972-чу шарахь Ростовехь дIаяьхьначу халкъан илланчийн Ерригсоюзан фестивалехь хьалхара меттиг йоккху Валида. Вайн къоман масех чкъор кхиъна цуьнан иллеш тIехь. Мах хадийна ца валлал, йоккха хазна йитина цо къоман культура ларъярехь а, кхиорехь а. 60 шо гергга заманахь нохчийн къоман культурин шатайпа билгало хилла лаьттина Дагаев Валид.
Цуьнан кхоллараллин белхан лаккхара мах хадийна «Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист» (1972 шо), «РСФСР-н хьакъволу артист» (1973 шо), тIаьххьара «Россин Федерацин халкъан артист» сийлаллин цIерш яларца. Халкъан иллиалархочунна къаьсттина а деза хеташ дара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указаца Кадыровн цIарахчу орденца совгIат дар а, «Нохчийн Республикин сийлахь гражданин» сийлаллин цIе ялар а.
Делан кхиэл лелла, Валид бакъдуьнена вирзинехь а, халкъалахь даха дисина цуьнан иллеш.
Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла цуьнан доьзална а, гергарчарна а, халахетаран дакъа мел кхаьчначарна а.
Кадамаш
Нохч-ГIалгIайн доттагIаллин юкъараллин хьаькаман Бено Самахьан а, цуьнан урхаллин декъашхойн а цIарах Дагаев Валид кхалхарца доьзна цуьнан доьзале кадам беш доуьйту Урдунерчу нохчаша хIара кехат. Дала гечдойла цунна, Дала вирзина меттиг декъалйойла цуьнан.
Дагаев Валид ца вевзаш цхьа а нохчи хир вац Урдунехь. Муха вевзар вац, Урдунерчу нохчашна уггаре оьшу, уггаре ладаме зIе цо царна латтийна хилча!? Нохчийн ламасташна юкъадогIу нохчийн илли а, эшар а, мотт а. Валида, массарал хьалха, и ламаст а, Даймахкаца йолу уьйр а, деган йовхо а кийрахь латтийна Урдунерчу нохчашна. Цуьнан иллешка ладугIуш, хийла ненан маттаца болу безам совбалаза цхьа а нохчи хир вац Урдунехь. Дала меле дойла цо шен халкъан дуьхьа мел хьегна къа.
Нохч-ГIалгIайн доттагIаллин юкъаралла
Нохчийн Республикин Iилманийн академин президиумо халахетарца кадам бо Россин Федерацин халкъан артист, Нохчийн Республикин сийлахь гражданин, халкъан илланча Дагаев Валид кхалхарца доьзна цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а.
Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла шуна а, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а.
Нохчийн Республикин Iилманийн
академин президиум
Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, «Даймохк» газетан редакцин коллективо а халахетаран дакъа кхачарца кадам бо Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а халкъан артист, халкъан илланча Дагаев Валид кхалхарца доьзна цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а.
Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла шуна а, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а.
Нохчийн Республикин Яздархойн союз
«Даймохк» газетан редакцин коллектив
№108, шот, товбецан (сентябрь) беттан 24-гIа де, 2016 шо