Пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамбль

koncert_drujbi_narodov_vaynaha-Alan-Nalmes_31_w799_h599

Гергарчу хенахь Казахстане гастролашка яха кечлуш ю. Оцу республикин цхьаалин денна леринчу даздаршка кхайкхина ю г1араяьлла коллектив. 1-чу майхь «Вайнахан» солисташа концерт лур ю Казахстанан коьртачу шахьарахь Актаухь. Хууш ма-хиллара, Казахстанехь бехаш дукха нохчий бу. Шайн халкъан хелхаран концерте хьовса сатесна хуьлу уьш хIоразза а. Цул сов «Вайнах» коллективан концерт кхечу гIаланашкахь ян лерина а ду.

Кхазахийн, нохчийн доттагIаллин уьйраш, вовшашка болу лерам, къаьмнийн культурех долу хаарш совдахаран Iалашонца вовшахтухуш ду и гIуллакх.

Р.МЕРЖОЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: