Ильясов Адам дуьнен чу ваьлла ГIиргIизойн АССР-н Сулюкта гIалахь 1951-чу шеран 26-чу октябрехь. ИльясовгIеран доьзал 1957-чу шарахь Даймахка цIа а бирзина, Шоьна юьртахь баха сецира. Оцу юьртарчу юккъерчу школе 1-чу классе деша вахара Адам. Амма дешар юкъахдита дийзира. Шо даьллачул тIаьхьа, дан долийна цIенош чекхдахале, уьш такхар бахьана долуш, Ойсхара охьакхелхира церан доьзал (1959-чу шарахь ду иза). Цигарчу №1 йолчу юккъерчу школехь исс класс чекх а яьккхина, ХIинжа-ГIаларчу Джамалан цIарахчу Дегестанан исбаьхьаллин училище оформительски (ландшафтный дизайнер) отделени деша вахара.
1975-чу шарахь, кхиамца училище чекх а яьккхина, цIа веара И.Адам.
Цкъа хьалха цо болх бира Ойсхарарчу школехь «Къона художник» кружокехь хьоьхуш, цул тIаьхьа – Гуьмсерчу хьехархойн училищехь рисованин хьехархо волуш а. Искусствехула вайн халкъан амалш, хилларг дуьйцуш къахьоьгура цо.
Оцу хенахь Соьлжа-ГIалахь бен яцара исбаьхьаллин школа. А.Ильясовс шена хьалха Iалашо хIоттийра исбаьхьаллин болх кегийрхошна марзбан а, иза царна юкъахь баржо а.
1977-чу шарахь А.Ильясовс, А.Асухановс гIо а деш, Гуьмсехь берийн исбаьхьаллин школа схьайиллира. Цул тIаьхьа масех шо даьлча Ойсхарахь – цуьнан филиал. Луларчу ярташкара бераш догIура цига деша, исбаьхьаллин школа чекхъяьккхича, шайн ярташкахь бан белхаш хуьлура царна. Кхин а хан яьлча Нойбоьрахь, Хошкалдахь, Ишхой-Эвлахь, Гезлой-Эвлахь, Къеди-Юьртахь, Керлачу-Энганахь оцу школин филиалаш схьайиллира.
А.Ильясовн коьрта Iалашо яра оцу исбаьхьаллин дешаран учрежденешкахь кхидIа а исбаьхьаллин декъехь деша лууш болу кегийрхой кечбар.
«Исбаьхьаллин школин Iалашо яра хьовсархой кхиор, – дуьйцу Ильясов Адама. – Иштта, похIме бераш билгал а даьхна, лаккхарчу дешаран учрежденешка деша дахийта кечдар. Сан хилла дешархой, кхидIа а и говзалла караерзош, лаккхарчу дешаран заведенешка деша эха буьйлабелира. Цул тIаьхьа тхан кхиамаш а хилира».
Кхечу исбаьхьаллин школийн директорша шегара масал эца хьакъ долуш, беркате болх бора Ильясов Адама. Цунна ша лелориг дош хетара, цундела цуьнан кхиамаш хуьлура. Иза доггах къахьоьгуш хилар билгалдаьккхира цуьнан куьйгалхоша «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо» сийлаллин цIе яларца.
«Цу хенахь массо хIума дика дара баьхча нийса хир дацара, – кхидIа а дуьйцура А.Ильясовс. – хIора заманан шен-шен хIуманаш хуьлу. ХIетахь а дара цхьацца кхачамбацарш. Масала, тхан куьйгалло атеистически агIор белхаш бе бохуш, хьийзадора тхо.
«И ца деш, хIун дича Iадвуьтур вара те хIокхара?» аьлла, ойла ян вуьйлира. ТIаккха Дагестане вахана, кузаш дан Iамийна, уьш дан гIирс а эцна, куз а, бухка а бира оха. И шиъ Ерригроссин гайтамехь гайтира. ХIинца а Москварчу Декоративно-прикладни а, халкъан а искусствон музейхь ю уьш. Соьга атеистически агIор белхаш бе баьхначарна иза дицделлера, хIунда аьлча кхиам боккха бара. Цул тIаьхьа тхайн исбаьхьаллин школашкахь доьшучу мехкаршна кузаш дар хьеха дуьйладелира тхо, жимма хан яьллачул тIаьхьа – кхийра пхьегIаш ян а.
Юха ювелирни болх бан дуьйладелира, цу тIехь дIоггара кхиамаш ца хиллехь а.
Оцу хенахь, тхуна генахь елахь а (Дуби-Эвлахь) фабрика болх бан йолаеллера, церан шайн художникаш бацара. ТIаккха оха тхайн школехь кеч а бина, говзанчаш бахийтира цига практике. Цара балха дIаийцира уьш. Иштта цаьрца гергарлонаш тасаделира тхан. Оха йинчу цхьайолчу эскизаш тIехь пхьегIаш ян йолийра оцу фабрикехь.
Нехан дерг вайн къоман а хила деза, оха ца дича хьан дийр ду иза, цхьамма дан ма деза иза бохуш, къахьоьгура оха. Айса дарс лучу хенахь берашна хьалхахIуттий, ас ма-дарра де бохуш, бина ас болх. Иза атта гIуллакх дац. ПелхIо вала санна хала ду иза…
Цул тIаьхьа вайна хала хан тIехIоьттира. Пайда хуьлуш ца хилча исбаьхьаллин агIор и болх бан ца лаьара цхьанна а. Ас а, сан накъосташа а – Аббасов Шарипа, Дибиров Джабраила, Эдисултанов Мусас – барт а бина, 1997-чу шарахь Ойсхарахь Соьлжа-ГIаларчу культурин, искусствийн колледжанфилиал схьайиллира. Оха цигахь тайп-тайпанчу говзаллашна Iамабо. Иза болх беш йолу 17-гIа шо ду.
Тахана а, сайн хиллачу дешархойх дага а вуьйлуш, болх беш ву со. Тхан юьртара кхоъ исбаьхьаллин академи чекхъяьккхина ву. Уьш цIа баьхкинчу хенахь, ала мегар ду, хьехархойн кхеташо ца хилахь а, исбаьхьаллин кхеташо хуьлу тхан
Ас Iамийна масех йоI исбаьхьаллин школашкахь болх беш ю. Царах цхьаъ – Гуьмсехь. ШолгIаниг соьца цхьаьна балхахь ю. Цара Iамош болу дешархой «Одаренные дети – будущее России» цIе йолчу энциклопеди юкъабахана. Хошкалдерчу исбаьхьаллин школехь ю тхан уггаре а «кхиаме» ерг. Иза тхуна генахь елахь а, ша йолчохь цуьнан а кхиамаш бу. Делан къинхетам хилла, тхан берийн хеннара бен йоцуш йолу Магомадова Малкан сан дика накъост, белхахо ю. Иза директор хIоьттичхьана, сан чIогIа аьтто бу ваха-ван, сайн кхоллараллехь къахьега.»
Ильясов Адамна Россин Юкъараллин палато «Общественное признание» дашочу сийлаллин знакаца совгIат дина, Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо а ву иза. Россин Федерацин художникийн союзан декъашхо а ву А.Ильясов.
М.Магомадовас къа а хьегна, цо болх бинчу Ойсхарарчу исбаьхьаллин школина цуьнан цIе тиллийтина.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан суьрташ
№110, еара, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо