ХIара гуьйренан суьйре шатайпа шийла еа сан лаьмнаш кхин ца хьаста хьан аз дIатийча!
Хьуьнаршна кIентий гIиттош, нанойн дегнаш оьцуш, мехкарийн оьздангалла язъеш кхин цкъа а хьийзар дац хьан аз ламанан хIуо сирла дохуш…
Дайша лайнарг, хьан санна, синмерзах лаза илланча хир вац-кх кхин сан Нана-Нохчийчохь, я, ахь санна, Даймехкан даьIнаш сел зевне декош цIийца хьанйина лам-аре ело хууш кIант а кхуьур вуй техьа…
Хьан мерза маршо а, хьан маьрша марзо а лезна Къонахий декъала, хуьлда-кх хьан сан хьоме Даймохк!
Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.