Билггал иза масалгIачу шарахь дара дага ца догIу суна, тхо ГIиргIизойчуьра цIадирзина дукха хан ца яьллий хаар бен. Халуо зама яра. Тхан бешахь оцу шарахь дуккха а хьорматаш (кхораш) хиллера. Уьш эцна Хасавюьрта базара яхара тхан нана. Цо шеца со а вигира. Хьорматаш дIайоьхкича нанас суна ахча делира, хьайна еза хIума эца, аьлла. Со базарахула дIавоьдуш, суна дуьххьара Дагаев Валида дIаолуш «Шовда» цIе йолу илли хезира. Илли декара. Валида шовданца къамел дора. Цо цуьнга юьйцура шен ойланаш, балхабора шен безам. Со Iадийча санна лаьттара. ХIинцалера кегий нах кхетар бац соьгарчу хьолах. Оцу хенахь нохчийн концерташ наггахь бен ца хуьлура. Цигахь дIаала иллеш дацара кхин дукха. ХIора керла илли юкъадаьлча, цхьа жимма а яхь йолчунна, иза доккха хIума хетара, иза иштта дан а дара. Оццу хенахь юкъаволуш вара цIена нохчийн мукъамца, нохчийн амалца Дагаев Валид, Магомедов Султан, Эдисултанов ШитIа, иштта кхиберш. Уьш а, цаьрца кхин масех стаг а ву-кха уггаре а халачу хенахь нохчийн культура денйинарш а, кхиийнарш а. Схьакхайкхош дацахь а, массо а хIуманна тIехь, шун-м цхьа а культура ца хиллера, шуна-м Советийн Iедало Ленинан серло ялийна, дукха хан йоццуш ламчуьра охьадиссина дуй, бохучу идеологица кхио хан яра иза. Кийрахь яхь йолчунна оцу халачу заманчохь чIогIа хазахетара керла илли, эшар хезча. Оьрсийн мукъамашца нохчийн дешнаш а доцуш, цIеначу нохчийн мукъамехь дагах кхеташ, дIо деган кIоргенера цIеначу нохчийн мукъамо бен декор доцу мерзаш хьадеш, нохчичун дог делхош долу иллеш. Цул тIаьхьа мел дара уьш!!! Хийла дог делхийна, хийла дог Iовжийна, хийла цуьнан иллеша гIаттийначу дог-ойлано, дозалло кийрахь цIе летийна. Сан чкъор церан иллеш тIехь хьалакхиьна ду… Со тIевахча, экъанаш хиллера дIаязъеш ерш. Сетта а сетташ, хьуна луъу йиш дIаязлора царна тIехь. Соьгара ахча и экъа эццал хиллера. Ас, ойла ца еш, ийцира иза. Дуккха а хенахь, безам хеташ, ларъеш, лела а йира.
Валид суна вевзичахьана кхин хийца ца луш, «Замане ша ловза ца войтуш» чекхвели, атта хIума дац иза. Цо шен иллешкахь даима а хестийнарг нохчийн гIиллакх-оьздангалла, яхь, собар, къинхетам, Даймахке безам, «цуьнан дуьхьа къахьегар, Iожалла тIеэцар» дара. Эрна ма дац цуьнан иллеш вайн къоман яхь, юьхь хилла лаьттачу къонахийн М.Мамакаевн, М.-С. Гадаевн, А.Айдамировн, М.Дикаевн, А.Сулеймановн, Ш.Рашидовн дешнаш тIехь хилар. Тхан чкъура тIера волавелла, цул тIаьхьа мел кхиъначу кегийрхойн синкхетамна боккха тIеIаткъам бира цуьнан кхолларалло. Цунна хаьара шен иллешца хIора стеган даг тIе кхача. Цо стаг велхавора, велавора. Дала и похIма делла, «Илли ала векал вина», хIокху дуьнен чу ваийтина вара Валид. Шеко йоццуш ала мегар ду, нохчийн культурина а, дийнна къомана а боккха иэшам хилла цуьнан кхалхарх. Дала декъалвойла иза. Дала Шен веза хьаша войла цунах.
ДАДАШЕВ Райком, Iилманча
№110, еара, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо