шен иллеш а, дахаран масал а дуьненахь дуьтуш
Хетарехь, Дагаев Валида шен оьмарехь – вайна юкъара дIавахарца – дуьххьара цхьа халахетар ди вайна массарна а. Къоман сий а, дозалла а, дика верас а вара иза.
Дагаев Валид санна къонах, и тайпа илланча шех схьаваьлла вайн къам къен а, пекъар а дац. Ерриге Кавказехь, Юккъерчу Азехь, Казахстанехь, царал генна арахьа а сий-ларам болуш ваьхна иза. Ша баккъал а охIла волу хIума дIалелий цо кхузткъе ялхитта шарахь. Нохчийн классикин поэзин тIум ларалуш долу иллеш говза дIакховдий цо халкъе. Оцу байтийн авторш бара МамакаевгIар Мохьмаддий, Iаьрбий, Гадаев Мохьмад-Салахь, Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар, Арсанукаев Шайхи, Сулаев Мохьмад, Дикаев Мохьмад, Сатуев Хьусайн, Рашидов ШахIид, Мамакаев Эдуард, Кагерманов Докка, и. дI. кх. а.
Со хаъал хилчахьана хезаш ду суна Дагаев Валидан аз. Сайн 5–6 шо долчу хенахь хезна суна «Даймехкан косташ». Мамакаев Мохьмадан дешнийн маьIнех со кхетийла дацара, амма илланчас уьш дIааларан хотIо говза хьоьхура суна, кхечарах тера а я могIарера а доцчу оцу иллино цхьа деза хIума кхайкхадой. И цхьа илли бен цо дIааьлла дацахьара а, тоьар дара илланчин лаккхара мах хадо. Цхьана хIуман тидам бинерий аш: оцу иллин дешнаш Мамакаев Мохьмада 1940-чу шарахь яздина, оццу шарахь дуьнен чу ваьлла Дагаев Валид а.
Юха а чIагIдеш ала лаьа суна:
«Даймехкан косташа» а, ткъа иштта Дагаевн кхечу башхачу иллеша а беркате хIу тосуш, шатайпа эхира XX-чу бIешеран 60-чу а, 70-чу а шерийн къоначийн чкъор кхуьу латта. Эхира диканна дог ир-кара хIитторца, гIиллакх-оьздангаллехь лакха а, сов а бахарца. Иштта дарба дара оцу иллешца хIетахь а, кхин дайна а, лахделла а доцуш ду хIинца а.
Дагаев Валидна вай гуш ца хиллехь а, деган бIаьрса дара цуьнгахь лаккхарчу барамехь. Цунна хаьара мехалниг хIун ду а, хьалхарчу могIарехь хIун ду а. Шен мах боцуш, еза ю цо йитина хазна, иза цкъа а евзар йоцург а, ца гург а ву-кх къен а, пекъар а, шатайпа «бIаьрзе» а.
Карладаха лаьа, «Дагаевн кхолларалло нохчийн къоман культурехь дIалоцучу меттигах лаьцна хIун эр дара ахь доцца?» – аьлла, ас масех шо хьалха динчу хаттаршна вайн махкахоша (Валид дийна волуш) делла хилла жоьпаш.
М.А.: «Хетарехь, дуьххьара Валид суна гина (вай махках даьхначу муьрехь) Карагандахь, хIетахь дIахьош хиллачу корматаллин йоцчу тобанийн къовсамехь. Хазахетар, цецвалар, дозалла дар цхьаьнаийра соьгахь. Оццул боккха барам болчу хиламехь нохчичо дакъалоцуш дуьххьара гуш дара суна.
Цул тIаьхьа ас мел ладийгIина цуьнан иллешка. Дала шена делла башха похIма долу Валид шен халкъаца цхьаьна цуьнан дика а, вуон а ловш схьавогIуш ву. Къоман культура, цуьнан синъоьздангалла, сий-ларам хьалаайбарехь уггаре а жигарчех цхьаъ хилла веха иза. Иза а, и санна болу нах а вайн бацахьара, гIийла хир дара вайн хьал.
Ас дозалла до сайн цуьнца масийттазза цхьаьнакхетар, къамелаш а хилла хиларх. Цунна со-м дага ца ван а тарло. Иза дац коьртаниг. Коьртаниг ду – Дагаев дийна а волуш, вайца хилар, цуьнан шатайпа нуьцкъала аз тахана а декаш хилар».
З.А.: «Ша Дала дуьнен чу кхуллуш елла оьздангалла ю Дагаев Валидан сица ерг. БIаьрса доцуш висинехь а, тайп-тайпанчу басаршца го цунна дуьненан дахар. Йистйоцчу мукъамийн аьзнашца хIораннан дог-ойла хьостуш, йовзаза мерза къайле гойтуш, деган дика ойла Даймехкан лаьмнашкахь, аренашкахь, даккъашкахь, шовданийн цIеналлехь, стигларчу седарчийн лепарехь гойтуш, турпалалле, дикалле, собаре… – дерриге дикачуьнга кхойкхуш ю цуьнан кхолларалла. Иза иштта вайна веза а веза».
З.Х.: «Со студент волчу хенахь дуьйна йовза йолаелла суна Дагаевн кхолларалла. Нохчийн къоман бакъйолу синмехаллаш гучуяхар Iедало дика ца лоручу хенахь а Валида а, дуккха а кхечу кхоллараллин наха а вайнехан дог-ойла айбина, синкхача белла, мотт кхиийна. Вайн культурехь (иллин жанр кхиорехь, мукъамийн хазна дIаелларехь…) Дагаев Валида динарг доккха гIуллакх ду, цундела оцу декъехь (Димаев Iумара, Паскаев Рамзана, Шахбулатов Iаднана, и.дI.кх. а. санна) цо дIалоцург хьокъала йоллу меттиг ю».
З.Б.: «Со хаъал хилчахьана, Дагаев Валид вовза а вевза, веза а веза суна. Суна а, сан чкъурах болчу нахана а иза ган ма-гиннехь (телевизор чохь хуьлда иза я дахарехь) хила ма-везза волу нохчи дага а вогIу, иштта хила веза вайн къомах волу стаг, олий а хета. Нохчичун сурт-сибат хьалхахIуттуш ду Валид гинчу стагана. Цо, дечиг-пондар кара а эцна, илли ала долийча-м, суо нохчи хиларх воккхавер совдолу соьгахь. Дозалла до ас цунах».
Сайна гуонах болчу наха а изза олуш хезна суна цунах лаьцна. Цуьнан иллешна юкъара цхьаъ къасто хала долуш, дерриге маьIне а, мехала а ду.
…Леррина тидам бора ас Валидан тезета оьхучу адамийн а, цигахь дечу тоьшаллийн а. Ма-дарра аьлча, иза дерриге а халкъан барамехь тезет дара. Гергарчийн верасо, баьхкинчаьрга ша тезетахь диллина доьшуьйтуш къулхIанаш делахь а, луучунна дош ала пурба лора. Цара моссазза а билгалдохура, Дагаев Валид – Дела а, Делан Элча а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаш, ша эвлаяаш лоруш, Делан дика лай хилла ваьхна хилар а, динан маршо йоцчу хенахь а нах собаре, стогалле, мохк безаре, да-нана, йиша-ваша, тIевеана хьаша лараре, машаре, дика гIуллакхаш даре кхойкхуш ваьхна хилар. Цхьана Iеламстага къаьсттина хьахийра кхелхинчуьнгахь хилла хаза гIиллакх.
Оцу тезета даьхкина адамаш – дукхахдерш – цIенна Делан дуьхьа даьхкинера аьлла чIагIдан мегар дара. Кхечанхьа санна, шу муьлхачу юьртара ду, шуна мила ган лаьара, цаьрга цхьаммо а ца хоьттура. Кхелхинарг массеран вара, муьлххачо а муьлххачуьнга а кадам бан мегар долуш хьал дара, дан а ду тахана а.
Дагаев Валидна АллахI-Дала гечдойла, къинхетам бойла цунах, ялсаманин охIланех войла иза. Цо шен цамгарца хьегна бала а Дала йоле-меле буьллийла цунна! Дала ийман а, собар а лойла халахетаран дакъа мел кхаьчначунна!
ГАЙТУКАЕВ Асламбек
№110, еара, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо