Иза вайн къоман дозалла дара

getImageМалх хьаьжначу дийнахь, цIеххьана тоьхна ткъес санна, вайх хIораннан дог Iовжош, ойла яржош, бIаьргаш чу  хи доссош, син кIоргенехь гIайгIа хьекъош кхечира  шийла кхаъ! РСФСР-н халкъан артист  Дагаев Валид  баланаша дукха Iийшинчу нохчийн къоман  экамечу синан нуьцкъала гIортор яра. Цуьнан син бIаьвнех   цхьаъ  вара  массарна дукхавеза  иллиалархо! Иза вайн къоман дозалла дара, токхе юьхькIам  бара, халкъан а, мехкан а синкъерам бара! Дагаев Валид  нохчийн къоман баккъал а халкъан артист вара, нохчаллех къилба дина вехаш, Нохчийчуьра хIора  стаг а  уллора  верас хеташ, шен йиша-ваша санна дукхавезаш. Цуьнан иллеш а дара шатайпанчу башхаллица къаьсташ. Шен санна нуьцкъала амал а, синъондалла а йолчу нохчиийн  къоман поэтийн дешнаш хуьлура цуьнан зевнечу иллийн бухе дохкий. Мамакаев  Мохьмадан, Мамакаев Iаьрбин, Сулейманов Ахьмадан, Гадаев Мохьмад-Салахьан, Сулаев Мохьмадан, Дикаев Мохьмадан,  Арсанукаев  Шайхин, Рашидов ШахIидан,  иштта дуккха а кхиболчу авторийн дешнаш тIехь дохура Дагаев Валида шен мукъаме башха иллеш. Цхьана денна дохуш иллеш дацара уьш.  Шен сирлачу синан цхьацца цинц хIора илли юккъе буьллуш, мукъаме дерзадора иллиалархочо дагах кхетта поэтически могIанаш. ТIаккха халкъалахь даха а дуьсура и иллеш, заманан йохалла нур ца довш, хено тIе Iеха ца лаца болуьйтуш, мел дукха ладегIарх махкахошна  ца кIордош. Хастам хиларо АллахI-Дала ца кхоош къегина похIма, хьеннан а син кIоргене кховда ницкъ кхочу зевне аз делла артист вара Дагаев Валид. Цхьанна а, цкъа  а осала илли ца хааделлера цуьнан йоккхачу репертуарехь. Ткъа иллеш цо оьрсийн а, гуьржийн а, казахийн а меттанашкахь дIаолура. Муьлххачу маттахь иллеш цо алахь а, даима хазахеташ тIелоцура цуьнан сирла  иллеш, артистан зевне  кхолларалла дукхаезаш болчу ладогIархоша.  Даима машаре,   къинхетаме, адамалле, Даймохк безаре кхойкхуш а дара  уьш. Цара дахаре безам чIагIбора, къоман беркатечу  кханенах тешавора, керлачу анайисте  кхойкхура. 50 шарахь къеггинчу похIмица, хьаналчу къинхьегамца,  хаддаза нохчийн къоман культура серлайохуш, махкахойн  лерса хьоьстуш, дог-ойла гIиттош, дайша лийринчу оьздачу гIиллакхийн хазалла иллешца юьйцуш,  шен атта ца хиллачу дахарехула яхь дIа ца луш, доьналлех  ца вухуш, чекхваьлла  ву  РСФСР-н халкъан артист Дагаев Валид. Иза дийнна цхьа мур бу халкъан культура кхиоран исторехь.  Цхьана  кепара шеко йоцу,  мехкан илланча вара!  Вайн  коьртачу син бIаьвнех  цхьаъ  вара  иллиалархо. Вайнехан культурехь  мах  боцчу  беркате  йирзинера  артистан башха кхолларалла. Дагаев Валид санна волу похIме артист, бакъволу къонах  дIавалар  нохчийн къоман культурина иэшам хилла Iаш бац. Иза ерриге а Нохчийчоьнна иэшам бу. Вайх хIораннан иэшам  а бу  иза.  Цунах кхета Дала хьекъал, доьналла лойла вайна!

А.ГАЗИЕВА

№110, еара, товбецан (сентябрь) беттан 29-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: