(5-гIа октябрь — Нохчийн кегийрхойн де)
Нохчийн пачхьалкхан университетехь программистан болх беш ву Батукаев Руслан.
И говзалла цо харжар ларамаза нисделла дац. Школехь доьшучу хенахь дуьйна а вара Руслан математика хазахеташ. И предмет хазахетарал сов, цунах дика кхеташ а, кIорггера хууш а вара иза. ГIиргIизойн махкахь бехаш бара церан доьзал. Цигахь дуьнен чу ваьлла Руслан. Циггарчу №70 йолчу гимназе деша дIавелира иза. Кхечу къоман берашна юкъахь кхуьуш хиллехь а, нохчийн гIиллакх, оьздангалла шеца йолуш кхиъна ву. Шен нийсархошна юкъахь дешарна тIаьхьавуьсуш вацара. Вай лакхахь хьахийна ма-хиллара, къаьсттина математикица уьйр йолуш вара кIант.
2006-чу шарахь дара церан доьзал Нохчийчу цIабирзича. 11-гIа класс Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу гимназехь чекхъяьккхира цо. 2007-чу шарахь Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университете «Гражданское и промышленное строительство» корматалла караерзо деша вахара Руслан. Цул тIаьхьа ши шо даьлча, университетера дика доьшуш болу студенташ лерринчу программица Ингалс пачхьалкхе деша хьовсийра. Царна юкъахь Руслан а вара. Цунах гIадвахнера кIант. Ингалсан университетехь (University of East Anglia) «менеджмент и математика» говзалла хаьржира цо. Деша ваханчу хьалхарчу шарахь хала дара цунна, хIунда аьлча ингалсан мотт дика ца хаьара. Цхьа шо и мотт караберзош дIаделира. Цул тIаьхьа-м мелла а атта хуьлура. Хийрачу махка дешар бахьанехь ша вахана хиларна, цигахь ша доккху цхьа де а эрна ца даккха хьожура иза. ХIора а дийнахь шена керла цхьа хIума Iамадора, ингалсан меттан керла дош бен иза дацахь а. Иштта 6 шарахь дийшира цо цигахь. Дешна а ваьлла цIавеанчул тIаьхьа вахара иза Нохчийн пачхьалкхан университете программистан балха. Студенташна дешарехь цхьацца аьттонаш бархьама къахьоьгу цо а, цуьнан белхан накъосташа а. Студентийн занятийн хенийн калькулятор вовшахтесна цара.
«Программистан балхахь уггаре а коьртаниг – иза хIора а дийнахь керланиг довзар а, Iамор а ду. Сан ирс хилла, зеделларг долчу белхахошна юкъахь суо нисвалар. Царах масал эца а, сайна пайдехь дерг цаьргара схьаэца а хьожу со», – бохура цо.
Ша Iамийначунна тIехь саца дагахь вац Руслан. Карарчу хенахь шен авторски «Сервис рекомендаций и статей» проекта тIехь болх беш ву къона говзанча. ТIейогIучу хенахь иза кхочушъян дагахь а ву.
З.МЕРЗОЕВА
Суьрта тIехь: Батукаев Руслан
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо