Олуш ма-хиллара, кегийрхой къоман тIаьхье ю. Цундела коьрта лоруш ду кегийрхой ийманехь кхетош-кхиор.
Муьлххачу а стагана ша хьегна къа эрна ца хилийта лаьа. Ткъа доьзал кхион ондда ницкъ оьшу. ТIеюха бедарш, мерза кхача латтор дац доьзал кхиор. Иза ийманехь, Даймахкана пайдехь, дена-нанна муьтIахь, гергарчарна юьхькIам болуш кхио атта дац. Халахеташ делахь а, цхьадолчу ден-ненан къинхьегам эрна хуьлуш а нисло.
Герасиева Аминат дуьнен чу яьлла 1994-чу шеран бекарг (март) беттан 21-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь. Нохчийчохь хиллачу тIеман кампанеш бахьана долуш, АминатгIеран доьзал Ростовн областерчу Зиманиковски районе цхьана ханна дIабоьлху. Цигахь юьхьанцарчу классашкахь дешар нисло йоьIан. Цхьа хан яьлча АминатгIеран доьзал Даймахка цIабоьрзу, Амината юккъера дешар Соьлжа-ГIаларчу №106 йолчу школехь чекхдоккху.
Жимачохь дуьйна а дешарна тIера хилла йоI, кхин хан ца йойъуш, Соьлжа-ГIаларчу юридически техникуме деша хIутту. Цул тIаьхьа Кхузаманан гуманитарни Академехь а доьшу.
Массо а хIуманна духе кхиа лууш ю йоI. Карарчу хенахь кегийрхойн шина организацин жигархо ю иза. 2012-чу шарахь дуьйна Кегийрхойн парламентехь а (хIинца хаамийн-аналитикин комитетан председатель), «Ийман» клубехь (Къуръан дешаран хьехархо) а ю иза.
Аминат дика ларош ю шена тIедехкина декхарш кхочушдан. Кегийрхойн хьаьрмахь къаьхьега йоьлчахьана дуккха а адамаш девзина, гергарлонаш тийсаделла, кегийрхойн политика евзина цунна. Цо дийцарехь, церан белхан Iалашо вайн республикин кегийрхойн жигаралла лакхаяккхар, уьш хуьлучу хиламашна юкъаозор ю.
– Суна айса юьхьарлаьцна некъ дукхабеза, цу декъехь доггах къахьега а лаьа. Къаьсттина со йоккхае нахана Сийлахь Къуръан деша Iамо аьтто хиларх. Иза дахарехь АллахIа дина совгIат ду аьлла хета суна, – дуьйцу Амината.
Дан а ду иза иштта. Ханна къона елахь а, ийман-ислам долуш, нийса некъ лело хууш, оьзда, гIиллакхе йоI ю Аминат. Иштта къона чкъор хIусамехь кхиар гергарчарна хилла а ца Iаш, дийнна махкана а юьхькIам бу.
З.ЧИНХОЕВА
Суьрта тIехь: Герасиева Аминат
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо