Тхан рузма

Эсаран (октябрь) беттан 1-ра де, 1908 шо. Хьалха-МартантIехь вина Димаев Iумар, гоьваьлла халкъан пондарча, Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист.

Дукха хьалхе караберзийнера Iумара нохчийн кехат-пондар. Ялхитта шо бен дацара цуьнан, Хьалха-Мартан кIоштан радиоузлехь пондарча волуш, болх бан волавелча. ХIетахь дуьйна цуьнан дахар нохчийн музыкальни искусствоца дозаделла дара.

1939-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу халкъан пондарчийн Ерригсоюзни конкурсехь шолгIа меттиг яьккхира Iумара.

1957-чу шарахь цунна ло «Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу артист» сийлаллин цIе. 1961-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист хуьлу цунах. Кавказан эшарийн профессор аьлла, цIе еллера Iумарна гоьваьллачу композитора Мурадели Ванос. Цунах Iемаш дукха пондарчаш кхиъна Нохчийчохь. Кхелхина 1972-чу шарахь.

 

Эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де, 1889 шо. Жимачу АтагIахь вина Арсанов СаьIид-Бей, яздархо, юкъараллин  гIуллакххо. Атта ца хилла яздархочун  дахаран некъ. Буру-ГIалара 4 классан  училище  чекхъяьккхинчул  тIаьхьа, Одессерчу  электротехникин  училище  воьду, цигара  ваьлча, Петербургерчу  политехникин  институте  деша  хIутту. Бакъду, паччахьан  Iедална дуьхьал  студентийн боламехь дакъалацарна Вятски  губерне ссылке  хьажор бахьанехь, дешар  юкъахдуьсу. Жигара дакъалоцу  Советийн  Iедалехьа  къийсамехь. С.Арсанов редактор  волуш, арадала  долало нохчийн маттахь  дуьххьарлера «Серло» газет. ХХ-чу бIешеран  25–37-чуй шерашкахь белхаш бо партийни а,  советийн  а  органашкахь. 1937-чу шарахь, боцу  бехк  кхуллий, чувуллу. Лаьцначуьра  мукъаваьлча а, цIаверзар ца хуьлу. Дерриге нохчийн халкъаца  кхалхийначу шен доьзална  тIевоьду  1945-чу  шарахь. 1957–1959-чуй шерашкахь  Нохч-ГIалгIайн  Яздархойн  союзан  правленин  председатель  лаьтта.

1930-чу шерашкахь  дуьйна  зорбане  юьйлу  яздархочун  исбаьхьаллин, публицистикин  говзарш: статьяш, очеркаш, романан дакъош. 1956-чу шарахь Алма-Атахь арайолу С.Арсановн «Маца  девза доттагIалла» роман.

Кхалхар хилла 1968-чу шарахь.

 

Эсаран (октябрь) беттан 3-гIа де, 1949 шо. Казахстанан Семипалатински областехь вина Ахмадов Явус, историн Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик.

Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультетехь, цул тIаьхьа СССР-н Iилманийн академин Дагестанан филиалан Историн, археологин, меттан институтан аспирантурехь. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн мохкбовзаран музейхь, Историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь, 1990-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийчоьнан халкъийн историн кафедрин профессор.

1978-чу шарахь чIагIйира историн Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1990-чу шарахь «Къилбаседа Кавказан къаьмнаш ХVI-чуй–ХVIII-чу бIешеран хьалхарчу чийрикеххьий Россин, Иранан, Османски империйн арахьарчу политикехь» темина йолу историн Iилманийн докторан диссертаци а.

1995-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент, 2000-чу шарахь дуьйна – академик.

Iилманан 100 сов белхан автор, шайна юкъахь 10 монографи а, дешаран пособи а йолуш. Къаьсттина билгалъяккха йогIу царах шиъ: «Ширачу заманашкара ХVIII-гIа бIешо кхаччалц Нохчийчоьнан истори», «Ширачу заманашкара дуьйна вайн деношка кхаччалц Нохчийчоьнан истори» (М., 2004). Жигара дакъалоцу Нохчийчоьнан Iилманан, юкъараллин-политикин дахарехь.

№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: