Туркойн даздаршкахь дакъалецира нохчийн артисташа

IMG_7869_3_w799_h599

Нохчийн пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамблан артисташа дакъалецира Хонкарарчу Эскишехир шахьарахь дIаяьхьначу концертехь. Iуьйрана дуьйна цIей дIадолийнера шахьаран мэрин гIишлон хьалха. Ткъа делкъана, Анатолийски университетан спортан комплексан стадионехь схьайиллинчу концертехь, шайн хелхаран искусствон  гайтира дуьненан 25 пачхьалкхера коллективаша.

«Вайнах» ансамблан кIентийн тобано гайтина нохчийн къоман хелхар кхечу коллективаша  гайтинчу  хелхарел а шен сихаллица, шовкъанца къаьсташ дара. Цул сов, хелхарчийн лаккхара говзалла ца гуш, иза дагах ца кхеташ цхьа а ца висира хьовсархошна юкъахь.

Концерт дIаяьллачул тIаьхьа, кхоллараллин хIора коллективан векалша цхьацца синтар юьйгIира – дуьйцучу цIейнаш цхьа ламаст дара иза. «Новруз-Байрам» даздарш кхаа дийнахь дIадаьхьира. Билгалдаккха деза, и цIей дуьненан 30 пачхьалкхахь даздеш хилар (300 миллион сов адамо).

«Вайнах» ансамблан артисташа шайн репетицех, концертех мукъа йолу хан спортана  – футболах ловзуш дІахьора. Вайн хелхарчашна уггаре дукхаезаш йолу спортан тайп ду иза.

Даздарийн шолгIачу дийнахь хелхаран массо коллективийн артисташа, Хонкаран тоьлла хелхарчаш куьйгаллехь а болуш, туркойн къоман хелхар Iамош, репетицеш дIаяьхьира (оцу хелхарца дерзо дезаш дара цIей).  Оццу дийнахь суьйрана Нохчийчоьнан кхоллараллин делегацин векал, «Вайнах» ансамблан концерташкахула волу  директор Субботин Алексей цхьаьнакхийтира Эскишехиран мэраца Тун Іазимаца. Къаьмнийн а, кхоллараллин коллективийн а культурин декъехула болу  юкъаметтигаш ч1аг1ъяран хьокъехь мехала къамел хилира церан.

Даздарш дерзочу дийнахь Эскишехир шахьаран коьртачу проспектехула мохо лестош (цигахь дакъа мел лоцучу пачхьалкхийн) байракхаш йолуш, туркойн «Мехтер» оркестро локхуш къаьмнийн гимнаш йолуш, дуьйладалар (шествие) дIадаьхьира. Цул тІаьхьа  «Новруз»  доІа дира. Дерзоран концертехь «Вайнахан» артисташа «Лаьмнийн мукъамаш» хелхаран композици гайтира хьовсархошна.

ЦIей дерзоран концерте хьовса баьхкина Хонкарара а, даздаршкахь дакъалоцучу кхидолчу мехкашкара а официальни нах бара. Концерт къаьсттина дагахь йисира тайп-тайпанчу мехкашкара 500 артиста цхьаьна туркойн исбаьхьа хелхар дарца.

Материал кечъеш  пайдаэцна  ansambI-vaynah.com сайтах.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: