Нохчийн Республикин культурин министерствон кинематографин урхаллехь дахар даима а кхехкаш ду ала мегар ду. Цхьацца фильмаш, сериалаш яьхна ца Iаш, берашна лерина фильмаш, роликаш яхарехь жигара къахьоьгу цара. Хууш ма-хиллара, фильмийн, сериалийн съемкашкахь цара дакъалоцуьйту «Шаг» киношколин выпускникашка а, дешархошка а. Оцу практико дикачу агIор тIеIаткъам а бо царна кинон хьаьрма йовзийтарехь.
ХIокху деношкахь кинематографин урхаллин белхахоша берийн исбаьхьаллин «Дика доттагIий» цIе йолу фильм яккхарна лерина кечамбаран болх дIаболийна. Оцу фильман съемкашкахь дакъалоцур ду «Шаг» киношколин уггаре а кегийчу дешархоша. Кечамбаран балхаца хIора а дешархочо гайтира шен ницкъ а, хьуьнар а. Съемкийн майданахь церан боларе хьаьжча, гуш дара, кинон хьаьрмахь болх бан церан боккха лаам хилар. Фильман съемкашкахь ишттачу боларца цара болх беш хилахь, «Дика доттагIий» фильм, хье ца луш, ган таро хир ю берийн. ХIора бер – шатайпа хьажархо ву. Цара шайн кепара тIелоцу фильма чохь гойтург. Вай теша, «Дика доттагIий» фильм бераша хазахетарца тIелоцург хиларх а, цара цуьнан лаккхара мах хадориг хиларх а.
З.КУНТАЕВА
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо