Маталаев Хьусайн, Берсанов ИбрахIим, Цацаев Илес ТIехьа-Мартан кIоштарчу ШаIми-Юьртара №2 йолчу школехь доьшуш ву. Церан дахарехь уггаре а хаза, самукъане мур бу карарниг, ткъа хьалха – дерриге а дахар. Теша лаьа доккхачу дахарехь а царна шайн некъ карориг хиларх. Цунна закъалт ду школехь а, хьуьжарехь а уьш дика доьшуш хилар. Иштта, дукха хан йоццуш школехь дIаяьхьначу «Къуръан дешарехь тоьлларг» конкурсехь толаман меттигаш яхарца цара доккха совгIат дира шайн дай-наношна.
Т.АЛИЕВА
Суьрта тIехь: Хьусайн, ИбрахIим, Илес шайн хьехархочуьнца Хь.Бекбулатовца
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо