ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Къоман музейхь Захаров Петран 200 шо кхачарна лерина «Захаров Петран кхоллараллин тIаьхье» цIе йолу гайтам хилира. Гайтам схьабелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориалан комплексан директоран заместитела Ахматов Висанпашас, вевзаш волчу журналиста, поэта Кусаев Iадиза, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан редактора Ирисханов Iимрана, лакхахь хьахийначу музейн директоран Iилманан балхехула заместитела Гелагаева Элисас.
Цхьаьнакхетар дIахьош яра музейн белхахо Хачукаева Милана. Захаров Петран кхолламах а, кхоллараллех а доцца дийцира цо гайтаме хьовса баьхкинчаьрна. Цул тIаьхьа дош делира Кусаев Iадизе.
«Захаров Петран 200 шо кхочуш хиларца доьзна хIара гайтам вовшахтоьхна хиларх дозалла до ас. П.Захаровн кхолларалла нахана йовзийтархьама «Академик Петр Захаров» книга арахоьцуш дуккха а къахьегна Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас. П.Захаровн суьрташ дол-долчу музейшкахула чекхваьлла К.Ибрагимов. Вайна ца бевза цуьнан дуккха а белхаш карийна цунна. К.Ибрагимов бахьана долуш, вайн таро хилла П.Захаровн кхолларалла кIорггера йовза», – элира цо.
Ткъа Ирисханов Iимрана шен къамелехь билгалдаьккхира, П.Захаровн дахаран некъ боца хиллехь а, шел тIаьхьа цо кхоллараллин боккха бахам битина хилар.
Гайтамехь хьовсархойн кхиэле биллина П.Захаровн 70 болх бара. Гайтаман официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, баьхкинарш дукха лерина хьаьвсира хIора а балхе. Эсаран (октябрь) беттан 28-гIа де кхаччалц лаьттар бу гайтам.
З.ХАСИЕВА
Авторан суьрта тIехь: гайтаман дакъалацархой
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо