(5-гIа октябрь — Хьехархочун де)
Массо а дарж ду-кх шатайпа сийлахь,
Хьехархо, хьан дарже ца кхочу цхьа,
Мел йоккха меттиг ахь дIалоцу даг чохь,
Дахарехь ца хета хьан меха цхьа!
П.Закриева

Ткъе итт шо гергга хан ю Вакаева Тумишас Беркат-Юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн меттан а, литературин а хьехархочун болх бен.
Доьзалехь йоккханиг хиларе терра дена а, нанна цуьнгара даима а гIо-накъосталла оьшура, урокашна кечамбан хан ца хуьлура. Делахь а, хьехархочун говзалле болчу боккхачу безамо ницкъ лора, къар ца луш, халонашкахула чекхйийла, шен Iалашоне кхачархьама.
1987-чу шарахь школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Гуьмсерчу хьехархойн училище юьхьанцарчу классийн хьехархочун говзалла караерзо яхара Т.Вакаева. Цкъа а юьртара араяьлла йоцчу цунна, керлачу дахарх йола а, накъосташна юкъахь дIанисъяла а хала дара. Амма, дешарехь кхиамаш хила боьлча, накъостий алсамбевлира. Школехь доьшуш йолуш дуьйна нохчийн меттан а, литературин а дарсаш дезаш хилла йолу иза даима а Цхьана цIелиг чохь латтийна, дIахецна, хIаваэхь лела олхазар санна, дешар тIехь кхиамаш бохуш, де-дийне мел дели уьш алсамбуьйлуш, дог-ойла тIома юьйлуш, дIаоьхура дешаран шераш.
1990-чу шарахь, училище цIечу дипломаца чекх а яьккхина, Беркат-Юьртарчу юккъерчу школе балха яхара Тумиша. Цхьана оьрсийн хьехархочо хIокхо дуьххьара деллачу дарсан мах хадош, аьллера: «Хьо берашна кхоьллина ю, и болх цкъа а дIа ма тасалахь! Хьо къар ца лахь, хьан баккхий кхиамаш хир бу!» Цул тIаьхьа 26 шо дIадаьллехь а, цхьана а хIуман тIехь бIокъажор доцуш, шен Iалашоне кхача цара ницкъ а, гIора а ло цунна.
«ХIора Дала мел кхоьллинчу адаман шен-шен кхоллам бу, шен-шен дахаре хьежар ду, шатайпа рицкъ лахар ду, – дуьйцура Т.Вакаевас. – Иза дерриге а кхочушхила цуьнгахь цхьа говзалла хила еза. Дукха хьолахь, шена еза корматалла адамаша бераллехь хоржу. Жимачохь дуьйна цкъа а дагадеана дац суна со кхечу новкъа хIуттур ю аьлла а я дуьненахь цуьнца юста говзалла ю аьлла а. Мел доккхачу дарже кхаьчначу стеган говзалла схьаэцча, иза цхьана хьехархочо Iамийна, кхетош-кхиийна, новкъа ваьккхина ву. Цуьнан массо а кхиам цуьнга цхьана хенахь хьехархочо кховдийначу цхьана хIу тIера бу. «Ас муха хаьржира-те хьехархочун говзалла?», – аьлла, со ойлане яьлча, сан ойла кхоллало, ас иза а ца хоржуш, оцу говзалло со хаьржича санна. ХIунда аьлча, сайн са кхеттал со хилчахьана, сан даг чохь «Со хьехархо хир ю» боху ойла чIагIъелла яьллера. Иштта школехь ткъе итт шарахь хьехархочун болх бина волчу сайн дега болчу мерзачу безамна хаьржина а яра ас иза. Цундела со ондда ког боккхуш, ден лорах яхара.»
Нохчийн меттан дарсаш тайп-тайпанчу некъашца хIиттадо Т.Вакаевас. Хьалха дешархошна хаарш довзийтаран сурт хиллехь, хIинца хаарш довзарна уьш шаьш тIекхуьуьйтуш, болх бо цо.
«Дарсан цIе билгалъяккхар а, Iалашонаш хIиттор а дешархоша шаьш кхочушдечу агIор белхаш бо, царна хьалха хаттарш хIиттош, – кхидIа а дуьйцура хьехархочо. – Цхьа хIума сиха кIордадо дешархошна, цундела белхан хатI тайп-тайпана хIотто гIерта со: ловзаран кепехь, тобанашца а, шишшаммо цхьаьна болх барехь а. Оцу белхаша дешархойн барт чIагIбо, вовшашна накъосталла дан а, вовшийн а, шайн а белхийн мах хадо а Iамабо. Сайн балха тIехь зеделла суна оцу белхаша дешархой йохье бахар а, хьогIана уьш гена бахар а.
Iедало а, дай-наноша а боккха тешам бу хьехархочунна белларг. Цара цунах тешийнарг тIекхуьу тIаьхье ю. Нохчийн меттан урокашкахь кхетош-кхиоран балхо йоккха меттиг дIалоцу. Дуьххьара шена хезначу маттахь, дуьххьара ша дош аьллачу маттахь, ша ойла ечу маттахь бен дешархочун кхетаме кхочур ду аьлла ца хета суна дайшкара вайга схьакхаьчна хаза гIиллакхаш, оьзда ламасташ довзийтар.
Хьехархо ша бечу балха тIехь веккъа шен белхан говзанча хилла ца Iа: цунах наггахь лор я актер хуьлу, иштта кхийолчу тайп-тайпанчу говзаллашка а воьрзу иза. Лоьран дарба молха-махица хилла ца Iа: цуьнан коьрта дарба хазачу, говзачу, аьхначу маттаца дархо тешор ду, иза цу цамгарх хьалхавериг хиларх. Иштта дарбане мотт хила беза хьехархочун дешархой шех тешо а, церан дешар тIехь кхиамаш хилийта а. «Хьехархо шолгIа нана ю», олуш ду вайнехан. Сайн доьзалхошна санна, сагатдо ас хIора дешархочунна. Малх санна къегаш, самукъанечу яххьашца дIахIуьтту уьш суна хьалха хIора денна. И малх церан дегнашкахь лепийтар сан декхар ду, уьш сингаттаме гича сан дог Iийжа. Уггаре а коьртаниг церан дог-ойла айъар, уьш самукъане гар хета суна.
Бехха бечу хьехархочун новкъахь тайп-тайпана киртигаш нисло. Наггахь сихаллехь тилкхаздаьлла гIалат сан далахь, иза дешархоша нисдеш меттиг а хуьлу я и гIалат ас леррина дуьтуш меттиг йогIу, церан тидам таллархьама. Царна гIалат карийча, суна боккха кхаъ хуьлу, иза сайн белхан кхиам хета суна.
Нохчийн меттан ешаран урокашкахь муьлххачу а яздархочун цхьа произведени схьаэцча, цу тIехь карадо вайна нохчийн оьзда гIиллакхаш дуьйцуш. Дикачух масал оьцуш, вуониг дIатоттуш йийцаре йо оха дешархошца хIора а произведени».
Вакаева Тумишина дукхабеза шен болх. Дешархойх кхетар, уьш ларар; долчу хаарех тоам ца беш, къ ахьегар; керла юкъадолучунна тIекхиар; шена хуучух кхечаьрга пайдаэцийтар; дешархой шаьш хаарш довза Iамор; ненан мотт дешархошна марзбар – иштта декхарш ду цо шена хьалхахIиттораш. ХIора шарахь дахаран новкъабоху цо дуккха а яхь йолу кIентий а, оьзда мехкарий а. Церан кхиамаш хилар хиъча, дагна хьаам хуьлу цунна, ша хьегна къа лар йоцуш ца дисина олий.
«Нохчийн меттан дарс хьеха йоьдуш, башха дог-ойла кхоллало сан, хIинца-м бийца аьхначу, дагна хьомечу маттахь къамел дийр дара ас, олий, – бохура Т.Вакаевас. – Айса ткъе ялх шарахь хьехархочун бинчу белхан жамI дича, со йоккхае цу новкъа суо яларна, со берийн дуьхьа ехаш хиларна, ас дерриге сайн дахар царна дIадаларна, дешархойн тешамца, дай-наной ларамца, белхан накъостийн гIоьнца болх ас беш хиларна. Делахь а, со тоам хилла яц хууш долчух, довза дезарш, хаа дезарш дукха дуй хууш, сан ойла геналле кхийда. Iожалла я цамгар хьалха ца ялахь, нохчийн мотт хьехаран кIоргене кхийдаш, генна некъаш дан ойла ю сан!»
«Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» цIе йолчу къийсадаларшкахь шина шарахь дакъалаьцна Т.Вакаевас. 2014-чу шарахь 2-гIа меттиг яьккхира цо, 2015-чу шарахь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» аьлла, билгалъяьккхира. Цу кхиамаша ницкъ-гIора ло цунна шен белхан декхарш кхочушдан а, кхидIа кхиамашка догдаха а.
Л.ИБРАГИМОВА
Суьрта тIехь: Вакаева Тумиша
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо