Султанова Мадина, Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарара яхархо:
– ХIора а стеган ву дуьххьарлера хьехархо, иза цкъа виц а ца ло. Хууш ма-хиллара, доккха жоьпалла долуш, сийлахь болх бу хьехархочун болх. Хьалхарчу классехь дуьххьара дагардан Iамош ерг а, элпаш довзуьйтуш ерг а хьехархо ю.
Суна дика дагадогIу сайн ворхI шо долуш, 1-чу сентябрехь сайн урамерчу берашца цхьаьна суо школе яхана, тхан нанас куьг лаьцна сайн дуьххьарлерчу хьехархочунна, Зарема Рамзановнина тIейигна де. Тахана а лерехь лаьтта цуьнан кIеда, мерза аз. Тхуна, шен дешархошна, дахарехь оьшурдолу дуккха а пайдехь дерг Iамийра цо. Дела реза хуьлда хьуна, Зарема Рамзановна! Ирс-аьтто хуьлуш, балха тIехь кхиамаш бохуш, могаш-маьрша дуккха а шерашкахь ехийла хьо!
Абдулкадыров Адам, Гуьмсан кIоштарчу Энгал-Эвлара вахархо:
– Даггара баркалла ала лаьа Энгал-Эвларчу юккъерчу школехь сайн хиллачу нохчийн меттан хьехархочунна Аболханов Хьаькимна. Доккха баркалла ду хьуна жимачохь дуьйна нохчийн матте а, литературе а безам кхолларна, оцу меттан хазалла суна йовзийтарна! Ирс-аьтто хуьлуш, гергарчийн вуон ца гуш, могаш-маьрша, дуккха а шерашкахь вехийла хьо! Хьо санна оьзда, хьекъале хьехархой ма эшабойла вайна!
Магомадова Мадина, Соьлжа-ГIалин №29 йолчу юккъерчу школин хилла дешархо:
– Айса школехь дешна хIора а де безамца дагалоьцу ас. Сирла, цIена сатийсамаш бисина сайн хиллачу хьехархойх а.
Сайн хиллачу хьехархойх, хIораннах ала дика дош долуш, дика хьехархой а, оьзда адамаш а ду уьш. Цундела, Соьлжа-ГIалин №29 йолчу юккъерчу школин берриге а хьехархой декъалбо ас. Балха тIехь кхиамаш бохуш, доьзалшкахь барт болуш, ирс, аьтто, могашалла йолуш, дуккха а шерашкахь дехийла шу!
Сулейманова ПетIамат, Соьлжа-ГIалин яхархо:
– Шайдаева Лиза Соьлжа-ГIаларчу №18 йолчу юккъерчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархо ю (вайн чуьрчу йоьIан хьехархо а ю иза). ТIедогIучу шайн дезачу денца декъалъян лаьара суна иза.
Хьехархочун болх атта боций хаьа, къаьсттина кегий бераш кхетон хала ду. Ахь дуккха а къахьоьгу тхан бераш кхетош-кхиорехь. Дела реза хуьлда хьуна! Дала декъалйойла хьо, Лиза! Ирсе хуьлда хьан дахар.
Турлаев Турпал, Шелковски кIоштарчу Шелкозаводски станицин вахархо:
– Дешархойн хаарш лаккхарчу тIегIанехь хиларан цхьа дакъа дикачу хьехархочух доьзна ду. Хьехархоша ондда къахьоьгу шайн дешархой кхеторна, хIуманна духе кхиорна тIехь. Хууш ма-хиллара, церан болх ондда собар оьшуш бу.
ТIедогIучу Хьехархочун денца сайн хилла йолу оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо Хатуева Тоита декъалъян лаьара суна.
Дала декъалйойла хьо, Тоита, тIедогIучу шайн дезачу денца! Ондда могашалла хуьлийла хьан! Денна а хьайн дахарх йоккхаеш, дуккха а шерашкахь ехийла хьо!
Магомадова Айза, Грозненски кIоштарчу Iалхан-Юьртарчу №1 йолчу юккъерчу школин хилла дешархо:
– Хьехархочун де тIекхочуш хIоразза а айса дешна школа, сайн хилла хьехархой дагабогIу суна. Уггаре а хаза хан, бераллин хан школехь дIайоьду, цундела берриге а аьлча санна, сирла дагалецамаш хуьлу дешначу школица, хиллачу хьехархошца.
ТIедогIучу Хьехархочун денца даггара декъалбан лаьара Iалхан-Юьртарчу №1 йолчу юккъерчу школин берриге а хьехархой, къаьсттина баркалла ала лаьа школин директоран дешаран декъехула заместительна Бацагова Липина а, оццу школин директор лаьттина йолчу Сагаева Маликина а.
Дала декъалдойла шу! Ирсе, могаш, хуьлда шун дахар! Даима а лаьттийла шун хIусамашкахь ийман-беркат!
Зорбане кечйинарг – З.САГАЕВА
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо