«Ма хаза бека нохчийн мотт»

(5-гIа октябрь — Хьехархочун де)

Республикин эзарнаш хьехархошна юкъахь кIезиг бац шайх дика дош ала хьакъберш. Царах цхьаъ шуна йовзийта лаьа тхуна.

Иза ю Хьалха-Мартанарчу №5 йолчу гимназин хьехархо  Хачукаева Киса. Казахстанерчу Семипалатинск гIалахь 1956-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 31-чу дийнахь  дуьнен чу яьлла иза. Мартан-Чуьрчу юккъерчу школехь дешна цо. «ХIинца дуьйцуш беламе хетахь а, нохчийн меттан предмет йоцург, кхин а масех предмет а яра суна хазахеташ. Истори а, оьрсийн литература а хазахетарца Iамайора ас. Делахь а, со цхьана хIуманах кхетта, шен даго къобалвинчу хьехархочун предмет къаьсттина дукхаезаш хилла», – елакъажарца дуьйцура Кисас.IMG-20160930-WA0036

«Хьехархо хила маца дагадеара хьуна?», – аьлла, шега хаттар дича, чIогIа хаза жоп делира Кисас: «Ма дукха хан ю-кх суна и дагадеана… Со хьалхарчу классе деша йолаелла цхьа-ши де даьллехь, кхин дукха хан яцара, тхан хьехархочо тхоьга хаьттича, даккхий хилча муьлш хила лаьа шуна, аьлла. Суна дагадогIу, ас куьг а айбина, «Суна хьехархо, хила лаьа» аьлла. Ма генахь хета-кх суна айса и дешнаш аьлла зама».

Баккъал а, ларамаза ца хиллера цо хIетахь иштта жоп далар. Цуьнан жимах йолу дейиша, хьехархочун говзалла кара а ерзийна, школе балха яхара хIетахь. Иза хьехархо хилча, Кисина кхин а чIогIа марзъелира и говзалла.

Царна нохчийн мотт хьоьхуш хилла Жаналаев Мусас шен дарсашкахь берийн ненан матте марзо, безам кхолла йолчу Iалашонца дуккха а туьйранаш, дийцарш дуьйцуш, дустарш, масалш далош болх бора. Кисас дийцарехь, баккъал а цо тIеIаткъам  беш хилла дешархошна.

1976-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша яхара Киса. Цо дийцарехь, цигахь доьшучу хенахь, цуьнан хиллачу хьехархоша Тимаев Вахас, Овхадов Мусас, Вагапова Тамарас  нохчийн матте болу безам а, марзо а кхин а кIаргйира, дуккха а хаарш а делира. 1981-чу шарахь университет чекх а яьккхина, ша дешначу, шайн юьртарчу юккъерчу школе балха яхара иза. «Суна дика дагадогIу, дIаса а хьоьжуш, хIара дерриге а дуьне сайн дуьхьа лаьтта моьттуш, дагах гилгаш дуьйлуш, сайга доккха ирс кхаьчна хеташ,  дIаса а хьоьжуш, со дуьххьара балха яхана де. Оцу школин хьехархошна юкъахь дукхахберш сайн хилла хьехархой хиларна чIогIа сапаргIат яра со. Суна хаьара цара сайна юьхьанца гIо дийр дуйла. Цхьана агIор, суна дозалла хетара сайн хиллачу хьехархошца болх бан сан йиш  хилар, делахь а, вукху агIор, царна хьалха суо бехке а хетара», – дуьйцура Кисас.

10-чу классан дешархошна  дарс дала яхийтира йоI дуьххьара. Оцу классехь вуон доьшуш ши кIант хиллера, дешарца бала а боцуш. Цхьана-шина дарсехь цаьрга хIума ца олуш а Iийна, кхоалгIачу дарсехь уьш кийча цахилар хиъначу Кисас «шиннаш» дехкира цу шинне а. ХIетахь дуьйна, шайна Iамо елларг ца Iамош, цкъа а дарсе ца вогIура и ши кIант. Къоначу хьехархочунна иза хIетахь боккха кхиам хетара. Къона елахь а, дешархоша дика тIелецира хIара. Кисина цаьрца юкъаметтиг а, бийца мотт а карийра. 20 шарахь гергга болх бира цо шайн юьртарчу школехь.

2000-чу шарахь йоккхах йолу йоI Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университете деша хIоттар бахьана долуш, Соьлжа-ГIала охьакхелхира Хачукаева Кисин доьзал. 20 шарахь берашна хьеха Iемина йолу хьехархо школа а, бераш а дIатасалур долуш  яцара. Иштта, Соьлжа-ГIалин №48 йолчу школе балха яхара иза. Цигахь, бакъдерг аьлча, нохчийн а, оьрсийн а,  ший а предмет хьеха дийзира. Соьлжа-ГIалахь 17 шо даьккхира Кисас, доьзалшка доьшуьйтуш. ХIокху шарахь юха а шайн юьрта цIабирзина уьш. Хьалха-Мартанарчу №5 йолчу гимназе балха а яхана.

«Муьлха амалш оьшу дика хьехархо хила?» аьлла, шега деллачу хаттарна Кисас иштта жоп делира:

«Хьехархо, ша хьоьхург муьлхха предмет елахь а, уггаре а хьалха шен белхан говзанча хила веза. ШолгIаниг – бераш дезаш хила а веза. Иза бераш дезаш вацахь, хила ма-везза хьехархо  хир вац цунах цкъа а. ДIадуьйцучух ца кхеташ долу бер къахко мегар дац. Иза кхето некъ лаха хьажа веза. Дешар берана коча таса а мегар дац, иза цунна марздан деза. Хьехархо хилла а ца Iаш, психолог а хила везаш ву, оцу берашца юкъаметтиг каро лаахь. Шех тешийначу хIора а беран сих кхеташ дерг а, цуьнан лазам а хаа безаш ву хьехархо. Мел вуон ду боху бер а, шеца цхьа похIма доцуш ца хуьлу. Бер гIийла, ойлане хилча, цуьнгахь хIун сингаттам бу хьажа а веза».

Кисас хьехархочун болх бен 42 шо ду. Иза кIезиг зама яц. Тахана а самукъадаларца, марзонца дуьйцу цо шен балхах лаьцна.

Ша болх бечу юкъана гIалин а, республикин а конкурсашкахь дакъалаьцна цо. 2009-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу Ерригроссин ненан меттан  хьехархочун конкурсехь дакъа а лаьцна, цигахь кхоалгIа меттиг яьккхира цо. Цул тIаьхьа, 2010-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарчу дешаран сийлаллин белхахо» цIе елира Кисина. Ткъа грамоташ, дипломаш, Баркаллин кехаташ, дагар дина ца валлал, дукха ду цуьнан.

Нохчийн матте шен болчу безамах лаьцна дуьйцуш, кест-кеста цо олура: «Ма хаза бека нохчийн мотт». Хеталора, цуьнга ладогIа цкъа а кIордор дацара олий. «Нохчийн мотт соьга цкъа а дIатасалур бац. Оцу маттаца марзо ерш –  Вагапова Асет, Айдамирова Машар, Эльмурзаева Роза, Исраилова Сацита,  Газиева Аза, Саралиева Табарик, Эльдерханова Зайнап – кест-кеста цхьаьнакхета. Суна уьш берриге а хьоме хета. Нохчийн маттаца йолу уьйр бахьана долуш, тасаделла тхан гергарлонаш», – боху цо.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: Хачукаева Киса

№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: