(5-гIа октябрь — Хьехархочун де)
Ишттачарах цхьаъ ю Шеларчу №9 йолчу школехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш йолу Бисаева Тамара
Шена девзаш долчу адамах дош ала гуттар а хала хуьлу, ткъа шена дикка девзаш долчух – шозза хала. Цхьана декъана мел боккха кхаъ иза хилахь а, ткъа вукху агIор, и дика дош олуш, хьайгара цхьаъ даларна я уггаре а коьртаниг алаза дисарна кхоьру. 50 шо, ойла йича, дукха хан ю. Оццул хан ю Бисаева Тамарас Шеларчу №9 йолчу школехь болх бен. Цуьнан дешархой хилла хIокху махкахь а, махкал арахьа а бевзаш болу нах, царна юкъахь бу Iилманчаш, яздархой, дуккха а говзанчаш. Ткъа царна йицъеллий техьа шайн хьехархо? Иштта хаттар иккхира цкъа ларамаза сан ойланехь. Цуьнан хиллачу дешархоша шайн хилла аьтто Тамара бахьана долуш хилла-м эр дара.
И башха хьехархо, суна евза а, ас цуьнца болх бен а 40 шо гергга хан ю. Шен дог-ойла цIена хиларца, массо а хIуманна тIехь собаре хиларна, шен хааршца хьехархойн коллективехь а боккхачу сий-лараме кхаьчна иза. Цунна хаьа тахана ша ца делла хаарш берашна гуттаренна а довзаза дуьсур дуйла. Цундела, ша ца кхоош, хьалха Делан дуьхьа, шолгIа оцу берийн дуьхьа, даггара къахьоьгу цо, берашна иза ган а го. Беран даг чу кхочу дешнаш дика карадо цунна. Боккха тидам тIебохуьйту цо къона хьехархой Iаморна. Адамехь товр йолу амал ю цуьнца.
Ша хьоьхучу оцу 50 шарахь шен хилла дуккха а дешархой дагабогIу Тамарина, церан тайп-тайпана ойланаш, хьежамаш, сатийсамаш. Цо шен мел хилла дешархо тахана цхьана доккхачу хазахетарца, йоккхаерца, дозаллица хьахаво.
Хьайн дахарехь кхечу адамашна, хаза дош аьлла а гIуллакх дан аьтто нисбеллехь я хьайн гIалатех ларвала собаре хила кхиънехь, цу дерригенна а бехке хьо Iамийнарш буьсу. Юха кхечу адамийн баркаллаш а дуьсу хьуна, ткъа хьо веккъа цхьа хьайн декхарш кхочушдеш верг хуьлу я хила ма-деззара долу адам… Кху дуьнено иштта схьахьоьху вайна шен генара схьадогIу шира, амма, цхьаьнгга а хийцалур доцу, чIагIделла лаьтта Iадаташ. Оцу Iадаташа, дуьненан дахаран амалша, шен баккъал а болчу новкъа цIеначу, адамашна оьшучу амалца вогIург гутаренна а шен маьлхечу, сирлачу деношца декъал а во, юха «Марша вогIийла хIокху дуьнен чу диканца вогIург», – олий, тIе а оьцу, юха иза лара а лору, массарна веза а веза…
Тахана Шеларчу №9 йолчу школин оьрсийн меттан хьехархочуьнга Бисаева Тамаре ала лаьа цуьнан мел хиллачу дешархойн а, хьехархойн а цIарах: «Тамара, некъ шера хуьлда хьан гуттар а! Диканиг дохьуш вогIург массеран а гергара хуьлу. Дала могашалла лойла хьуна, кхин дуккха а шерашкахь ехийла хьо!»
Дерзош ала лаьа суна хIара дешнаш:
«Эзарнийн дешархойн дегнашкахь хийла,
Ехар ю хьан цIе – хьехархо сийлахь!
Ехар ю, церан дахарх ийна,
Уггаре гергара адам а хилла.
Доккхачу дуьненахь массо а нехан,
Дахарехь, доьзалехь ирс хилла, деха,
Ахь делла Iилманаш дуьненан меха,
Беркате адам – Хьехархо».
Абдырашитова Маьлх-Аьзни, Шеларчу №9 йолчу юккъерчу школин нохчийн меттан хьехархо, Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо
№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо