«Культурийн къамел»

Иштта яра товбецан (сентябрь) беттан 26-чу дийнахь дуьйна эсаран (октябрь) беттан 2-гIа де кхаччалц Калужски областехь «Этномир» культурин-дешаран туристически туьшахь дIаяьхьначу кегийрхойн II-чу этнокультурни лагеран цIе. Иза вовшахтоьхнера «Россин къоман цхьаалла чIагIъяр а, Россин къаьмнийн этнокультурни кхиар а» Федеральни программийн гурашкахь къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу Федеральни агентствос.

Лагерехь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу регионашкара этнокультурни проектийн менеджерш, пачхьалкхан Iедалан органийн векалш, студенташ, юкъараллин гIуллакххой. Иштта цигахь дакъалецира  вайн махкахочо, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон проектийн а, программийн а гIуллакхашкахула йолчу отделан хьаькаман заместитела Индербиев Альберта. Цо дийцарехь, лагеран программа боккха чулацам болуш яра: мастер-классаш, тренингаш, консультацеш, этнокульнирни проекташ кхиарх а, кхоллаяларах а лаьцна дуьйцуш семинараш, иштта кхидIа а.

Калужски областехь даьккхинчу кIиранах  кегийрхойн аьтто хилира вовшийн проекташ йовза а, гергарлонаш тийса а.

З.ЛЕЧИЕВА

№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: