Кегийрхойн кхане сирла хилийта

Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь дIаяьхьначу семинарехь дийцаре дира терроризмана а, экстремизмана а, шуьйрачу хаамийн гIирсашца дуьхьало яран гIуллакх.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров РамзанантIедиллар кхочушдаран гурашкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос вовшахтоьхнера и гIуллакх.IMG_5350

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, министран заместитела Гудаев Лоьмас, республикин муфтин заместитела Хабзиев Iаьрби-Хьаьжас, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас, Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н экстремизмаца къийсам латторан туьшан куьйгалхочун заместитела Эльмурзаев Шемала, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Гуманитарни талламийн институтан экономикин а, бакъонан а отделан белхахочо Сайдумов Джамбулата, иштта электронни а, зорбанан а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалша.

И гIуллакх дIахьош хиллачу С.-С.Абдулмуслимовс семинаран коьрта Iалашо йовзийтира гулбеллачарна: шуьйрачу хаамийн гIирсаша маьршачу нахана зуламе йолчу экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яр массо а агIор дIадахьа дезаш хилар.

Дийцаре дан леринчу гIуллакхехула доклад йира Д.Сайдумовс. Цо билгалдаьккхира шуьйрачу хаамийн гIирсаш пачхьалкхан уггаре а коьрта политикин герз хилар: «Нохчийн Республика бен яц терроризмана тIехь толлам баьккхинарг. ДIадаханчу шерашкахь вайн республика иштта, кхечу пачхьалкхашкара лакхарчу даржашкара хьеший тIе а оьцуш, маьрша хир ю аьлча, тешар а дацара вай. Ткъа, таханлерчу дийнахь вайна гуш ду вайн республикехь долу хьал, вайн махка мел оьху туристаш а. ХIокху цхьана шарахь 70 сов эзар турист веана Нохчийчу, цо гойту вайн регион уггаре а кхерамазаллин хилар».

Цул тIаьхьа вистхиллачу Л.Гудаевс Нохчийн Республикехь экстремизмана а, терроризмана а дуьхьало яран хьокъехь зорбане йийлинчу материалийн статистика ялийра: «Вайн республикехь экстремизмана, терроризмана дуьхьало яран хьокъехь газеташкахь, интернетехула, социальни сеташкахула (Twitter, Фейсбук, Вконтакте, Instagram) зорбане яьлла 120 эзар материал ю.

Хаамийн гIирсийн сайташ тIехь Нохчийн Республиках лаьцна харц хаамаш баржочу материалашна дуьхьал язъеш аналитикин статьяш ю зорбане юьйлуш. Уьш 26 аккаунт тIехь ю. ХIора дийнахь дIахьош мониторинг ю социальни сеташ чохь, Нохчийн Республикех лаьцна яздечунна тIехь терго латтош (2016-чу шарахь 700 хаамийн материал теллина). Экстремизмана, терроризмана дуьхьало латторан декъехь шуьйрачу хаамийн гIирсаша цхьана шарахь зорбане яьккхина 600 материал.

Нохчийн пачхьалкхан «Грозный» телерадиокомпанис а, «Путь» телерадиокомпанис а кест-кеста кечъеш передачаш, ток-шоуш ю терроризмана а, экстремизмана а дуьхьало яран темина лерина. Иштта, республикерчу Iеламнаха беш болу хьехамаш а гойту кест-кеста. Кегийрхой харцхьехамчех ларбалийта йолчу Iалашонца роликаш а гойту».

I.Хабзиевс дийцира, шена ца девзаш долчу хIуманна тIаьхьахIоттаран ирчачу жамIех лаьцна.

– Шена ца девзачу хIуманна тIаьхьахIотта мегар дац. Вайна дукхавезачу Делан Элчанан (I.с.в.с.) дуккха а хьадисаш ду оцу хьокъехь далийна. Вайн кегийрхой АллахIан цIена дин довзарна тIехь кхиа беза, интернета чохь мел дуьйцучаьрга ла а ца доьгIуш. Кегийрхойн кхане сирла хилийтархьама вай къахьега деза оцу декъехь, – элира Iеламстага.

Болх берзош, шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалийн хаттаршна жоьпаш делира семинар вовшахтоьхначара.

Хь.ДАУДОВА

№111, шинара, эсаран (октябрь) беттан 4-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “Кегийрхойн кхане сирла хилийта” йаздарна бухахь

    1. Хьава, вайн массеран а бойла Дала аьтто! Дела реза хуьлда хьуна хаза дош яздарна!

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: