Нохчийн хелхарчаш — ГIезалойчохь

image_6_w799_h599

Культурин шо схьаделларна лерина йоккха концерт хилира Татарстанан пачхьенехь Казанехь. Оперин а, балетан а М.Джалилян цIарахчу пачхьалкхан академически театрехь гулъеллера Россин тоьлла кхоллараллин коллективаш. Нохчийн Республикин векалалла деш яра хелхаран «Вайнах» ансамбль.

Шайн репертуарашкара тоьлла номерш гайтира Россин массо регионашкара схьабаьхкинчу артисташа. Балетан спектаклийн кийсагаш, халкъан хелхарш  гайтира сцени тIехь, оперин иллеш, тайп-тайпанчу меттанашкахь эшарш а хазийтира.

Концертан хьешашна, хьовсархошна доккха совгIат хилира дерриге дуьненахь бевзачу оперин иллиалархоша Казаков Михаила, Гимадеева Венерас, Тихомиров Алексейс, Татарстанехь гоьваьллачу йишлакхархочо Фатхутдинов Салавата а концертехь дакъалацарх.

Иштта, массара хазахетарца тIеийцира  Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» хелхаран ансамбло гайтина  «Вайнехан хелхар».

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: